Къилбаседа Кавказан кегийрхойн «Машук-2018» форум вовшахтохаран а, дIаяхьаран а хьокъехь Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан Федеральни округехь волчу векалан заместитела Галактионов Андрейс Пятигорск гIалахь кхеташо дIаяьхьира Къилбаседа Кавказан регионийн векалшца.

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитель Шаршуев Джабраил вара оцу кхеташонехь дакъалоцуш.
Юьхьанца Къилбаседа Кавказан регионийн кегийрхой бен бацара оцу форумехь дакъалоцуш, ткъа дIадаханчу шарахь дуьйна Россин Федерацин кхечу регионашкара а, кхечу пачхьалкхашкара а кегийрхой бу цигахь дакъалоцуш.
Цхьаьнакхетар дIадолош А.Галактионовс билгалдаьккхира «Машук» форум кегийрхошна оьшуш хилар а, кху шарахь иза лаккхарчу тIегIанехь дIаяхьа езаш хилар а.
– «Машук» санна йолу форумаш вайн кегийрхошна оьшуш ю. Цара цхьаьнатуху Россин а, кхечу пачхьалкхийн а кегийрхой. Вовшашца доттагIалла тосу, ишттачу цхьаьнакхетаршкахь кхечу халкъийн культурин ларам бан Iема.
Форуман Iалашо ю кегийрхошкахь политикин, экономикин, искусствон, туризман, кхоллараллин дакъошкахь хьуьнарш гучу а дохуш, царна шаьш хаьржинчу бизнесехула проекташ кхочушъян аьтто бар а, гIо дар а. Йисинарг дукха хан яц, цундела ерриге а регионийн векалша форумна кечам барна тIехь само латто еза, – элира А.Галактионовс.
ХIора шарахь алсамбовлуш бу «Машук» форумехь дакъалаца луучеран барам. Гранташ а яккхий ю. Форуман тIедахкарш а ду хьалхачул чолхе а, дукха а.
«Машук» форум дIахьур ю хьаьттан (август) беттан 10–24-чуй деношкахь Пятигорск гIалахь.
ВЕГИЕВА Макка
№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо