2018-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Соьлжа-ГIала йиллина 200 шо кхочуш хиларна кечамаш баран гурашкахь республикин Iилманийн академехь «Соьлжа-ГIала: истори а, вайн зама а» цIе йолу гулар кечъярна тIехь болх дIаболийна. Цу юкъа гIур ю историко-архиографин статьяш.
Статьяш хIокху дакъошка екъна хир ю:
• «Соьлжа-ГIалин а, цунна гуонахарчу аренийн а археологин а, историко-культурин а хIолламаш»;
• «Юккъерчу оьмарехь Соьлжа хица нохчийн ярташ кхоллаялар а, кхиар а»;
• «Соьлжа-ГIала: 1870–1917-чуй шерашкахь экономикин кхиар, социальни кеп, культура, архитектура, дахар»;
• «Соьлжа-ГIала 1917–1920-чуй шерашкарчу революцехь а, граждански тIамехь а»;
• «1920–1941-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIалин социально-экономикин кхиар а, культурин дахар а»;
• «1941–1945-чуй шерашкахь Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь толам баккхарехь Соьлжа-ГIалано дакъалацар»;
• «Нохч-ГIалгIайчоьнан халкъийн культурин а, Iилманан а, промышленни а кхиаран туш санна 1957–1991-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIала кхиар»;
• «2000–2017-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIала меттахIотторехь а, кхиорехь а Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана а лаьцна дакъа».
Лакхахь билгалъяьхначу теманашца йогIуш йолуш, 16 агIоне кхаччалц барам болу материалаш схьаоьцу («Сборник статей к 200-летию г.Грозного» цIарца къастийна хила еза) электронни sbornik.200.grozny@mail.ru адреса тIехь.
Статьяш мангалан (июль) беттан 15-гIа де кхаччалц схьаоьцур ю.
№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо