ДIахьур ю «Тешаман гуо» онлайн-марафон

Дахаран халачу хьелашкахь долчу берашна гIо-накъосталла даран фондан (кхидIа – Фонд) дIадолорца, Россин Федерацин субъекташа гIолацар бахьана долуш, 2010-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь дуьйна болх беш ю Берийн тешаман Ерригроссин цхьааллин телефон – 8(800)200-01-22.

Оцу номера тIе телефон тоьхча, берашна а, кхиазхошна а, церан дай-наношна а психологин сихаллин маьхза гIо до Берийн тешаман Ерригроссин цхьааллин телефонна «тIетесначу» субъекташкарчу говзанчаша. Иштта, и номер болх беш йолуш, дIадаьллачу 7,5 шарахь 8 млн. сов телефон тоьхна цу тIе.

ХIутосург (май) беттан 17-чу дийнахь билгалдоккху Берийн тешаман телефонан дуьненаюкъара де. Оцу дийнахь, оцу денна лерина «Тешаман гуо» цIе йолу онлайн-марафон дIаяхьа дагахь ю Фонд.

2016–2017-чуй шерашкахь онлайн-марафон дIаяхьар бахьана долуш, цуьнан дуьххьалдIа йолчу эфире хьаьжира 300 эзар сов стаг.

Марафонан оператор доза долчу жоьпаллин «Консалтиговая группа Лекич и Ко» юкъаралла ю, ткъа зIе латтош ерг – Колесова Алиса: kolesova@lekich.ru, +7(495)223-00-52, +7(925)857-27-27.

«Тешаман гуо» онлайн-марафон хIутосург (май) беттан 17-чу дийнахь 10 сахьт даьлча дIайолаелла 2 сахьт даллалц хир ю Дуьненаюкъарчу хаамийн «Россия сегодня» агентствехь, дуьххьалдIа йолу эфир интернета чохь а еш.

Мероприяти ток-шоун кепара дIахьур ю. Студехь хир бу гIарабевлла говзанчаш-психологаш, артисташ, видеоблогерш, спортсменаш. Цара жоьпаш лур ду берийн а, кхиазхойн а, церан дай-нанойн а хаттаршна.

Онлайн-марафонан дуьххьалдIа йолчу эфирана тIетасавалархьама дан дезарг:
www.8-800-2000-122.ru сайта тIе а ваьлла, цу чохь оьшуш долу «гайтаран» кор харжар;
• «Берийн тешаман телефон» (www.telefon-doveria.ru) сайта тIехь трансляцига хьажар.

Трансляцин ма-ярра йолу тайминг а, йийцаре ян лерина коьрта теманаш а «Тешаман гуо» сайта (www.8 800-2000-122.ru) тIехь йовза йиш хир ю хIутосург (май) беттан 10-чу дийнахь дуьйна.

Цул сов, берашка а, церан дай-наношка а кхайкхам бо студехь йийцаре ян хьакъйолу теманаш къасторехь дакъалацар доьхуш.

www.8-800-2000-122.ru – «Тешаман гуо» марафон дIаяхьарна лерина сайт.
www.telefon-doveria.ru – Гуттар а болх беш йолу «Берийн тешаман телефон» сайт.
krugdoveria@telefon-doveria.ru – Марафон вовшахтохархойн леррина долу e-mail адрес.
vk.com/krugdoveria2018 – «Тешаман гуо» марафонан ВКонтакте социальни сета чуьра агIо.

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: