ХIокху деношкахь ГIалгIайчуьрчу Несара гIалахь дIаяьхьира божаршна юкъахь дзюдохула, дуьненаюкъарчу классан спортан мастерна, СССР-н шозза чемпионна, Европин чемпионна Парчиев Мохьмадана лерина йолу Ерригроссин XVIII-гIа турнир.
Цигахь дакъалоцуш вара Россин 9 регионера 200 гергга спортсмен.
Вежараллин республикехь дIадаьхьначу оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикера 53 спортсмен. 1 хьалхарий, 4 шолгIий, 4 кхоалгIий меттигаш ехира цигахь вайн республикин векалша.
60 кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь къовсалуш, финале велира нохчийн ши спортсмен. Къар ца луш тасавеллачул тIаьхьа турниран толамхо хилира Харданов Адам, ткъа Мишаев Рамдис шолгIа меттиг яьккхира.
66 кийлане кхаччалц йозалла йолчаьрца хиллачу латаршкахь тоьллачул тIаьхьа, иштта финале велира Мухтаров Тамирлан.
Къастаман латарехь ГIебартойн-Балкхаройн Республикерчу Кардангушев ИбраьхIимна хьалхара меттиг а йитина, сийлаллин пьедесталан шолгIачу метте велира иза. 81 кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь финале велира Ахмадов Iаьрби.
Къастаман латарехь ГIалгIайчоьнан векалца Вышегуров Сулейманца леташ, цуьнца лара а ца вина, даточу совгIатах тоам бан дийзира цуьнан.
2010-чу шеран кегийрхойн Олимпийски ловзарийн совгIатхочуьнца Халмурзаев Хьасанца къовсалуш, финалехь эша а эшна, кхин цхьана нохчийн спортсмена Абдулкадиров Iилмана шолгIа меттиг яьккхира.
Йоьзан совгIаташ даьхначарна юкъахь ву Мусаев Шемал, Ешуркаев Шамхан, Сагаипов Исраил, Эльдиев Iела.
I.САЛАМОВ
№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо