Башкирера – кхиамашца

Башкартостанерчу Октябрьское гIалахь дIаяьхьира кегийрхошна юкъахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула Россехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш вара Россин регионашкара 400 сов спортсмен.

Вайн республикера тунирехь дакъалоцуш вара РДЮСШ-ра 5 спортсмен. Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.

Финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь, толамхой а хуьлуш, хьалхара меттиг яьккхира Нохчийчуьрчу Сулейманов Шамила (57 кг.), Битимирзаев Денислама (65 кг.).

ШолгIачу меттехь вара Хамзатов Мовсар (79 кг.).

КхоалгIа меттиг яьккхира: Хамзатов МасIуда (74 кг.).

Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу уьш Iамийна церан тренерш: Х.Эскерханов, А.Магомадов, А.Гусигов, М.Таипов.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: