Тхэквондохула турниран толамхой

Грозненски кIоштарчу Iалхан-ГIалахь дIаяьхьира кIоштан тхэквондохула йолу йиллина турнир. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 73 шо кхачарна сийнна дIахьош яра иза.

Цигахь дакъалоцуш вара республикин тайп-тайпанчу кIошташкара а, гIаланашкара а 100 сов спортсмен. Йозаллин 11 категорехь къовсалуш бара уьш.

Къийсадаларийн жамIашкахула шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира: Тахаев ХIарон (25 кг.) – Грозненски кIошт, Шамадаев Тамерлан (28 кг.) – Грозненски кIошт, Шамадаев СаьIид (32 кг.) – Грозненски кIошт, Саидов ИбраьхIим (36 кг.) – Хьалха-Мартан кIошт, Пасиев Iийса (40 кг.) – Грозненски кIошт, Тахаев Мансур (45 кг.) – Грозненски кIошт, Ибрагимов Iимран (50 кг.) – Соьлжа-ГIала, Гунашев Сайд-Мохьмад (55 кг.) – Грозненски кIошт, Ясаев Мансур (60 кг.) – Грозненски кIошт, Мунгашев Сайд-Селим (65 кг.) – Грозненски кIошт, Тепсуркаев Адам (70 кг.) – Грозненски кIошт.

Командашна юкъахь зачетаца толамхо хилира Грозненски кIошт. ШолгIачу меттехь яра Соьлжа-ГIалара команда. КхоалгIа меттиг йийкъира Хьалха-Мартан а, Гуьмсан а кIошташа.

Турниран толамхошна а, совгIатхошна а кубкаш а, мидалш а, дипломаш а, мехала совгIаташ а делира.

I.АДЛАНОВ

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: