Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан а, ГIалгIайн пачхьалкхан университетан а студенташа дакъалоцуш «Къоман – культурин тIаьхьало дешаран хьаьрмахь» аьллачу региональни конкурсан гурашкахь этно-педагогикин Олимпиада дIаяьхьира.

Цигахь дакъалаца ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факультетан доцент Саутиева Фатима яра студентийн тобана куьйгалла деш еана.
Этнопедагогикин олимпиада ГIалгIайчоьнан халкъан яздархочун Базоркин Идрисан «БIешерийн боданашкара» романна лерина яра.
Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан филологин факультетан 4 отделенин–юьхьанцарчу дешаран, школал хьалхарчу дешаран, логопедин, социальни педагогикин-тобанаш а, гIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан юьхьанцарчу дешаран методикин отделенин тоба а яра шайн хаарш зуьйш.
Тобанийн белхан мах хадочу жюрин декъашхо яра яздархо Айдамирова Машар а, «Орга» журналан коьрта редактор Алиева Зарина а, «Даймохк» газетан культурин отделан редактор Эльдерханова Зайнап а.
Базоркин Идрисан кхоллараллах, дахарх лаьцна долу студентийн хаарш «Визитка», «Литературин викторина», «Инсценировка», «ПохIме суртдиллархо» еа номинацехула теллира.
Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан юьхьанцарчу дешаран методикин отделенин доцент, педагогикин Iилманийн кандидат Мукаева Асет яра, олимпиадин болх бовзуьйтуш, цхьаьнакхетар дIахьош.
Студенташа кечам дика бина хиларан цхьа а шеко яцара. Базоркин Идрисан дахар а, кхолларалла а кхачам боллуш теллинера цара. Олимпиадин хIора номинацин къовсамехь иза гуш а дара.
Хаттарш а, жоьпаш а дуьззина, кхачаме хуьлура.
ГIалгIайн классикан роман дика евзаш хилар дара студентийн тобанаша «Литературин викторина», «Инсценировка», «ПохIме суртдиллархо» номинацешкахь хьовсархойн а, жюрин декъашхойн а шайн жигараллица самукъадаккхар.
Жюрин сацамца, хьалхара меттиг ГIалгIайн пачхьалкхан университетан «Эгин гIала» тобано яьккхира, шолгIа меттиг Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан логопедин отделенин студентийн «Дайн кхайкхам» тобано яьккхира, иштта, кхоалгIа меттиг, оццу университетан школал хьалха долчу дешаран отделенин «Дайн сий» тобано яьккхира. Царна Дипломаш а, сертификаташ а, совгIаташ а делира.
«Къоман-культурин тIаьхьало дешаран хьаьрмахь» региональни конкурсан шолгIа тур фольклор темина лерина хирг хиларх лаьцна хаам бира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан доцента Мукаева Асета.
ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан юьхьанцарчу дешаран методика отделенин доцента Саутиева Фатимас хаийтина хIокху тайпа олимпиада шайн университетехь дIаяхьа шаьш дагахь хилар.
Беркате хуьлу иштта долу цхьаьнакхетарш. Кегийрхой вовшашна бевза, республкийн яздархойн кхолларалла евза, доттагIаллин уьйраш чIагIло.
З.ХИЗИРОВА
Авторан суьрта тIехь: Олимпиадин дакъалацархой
№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо