«БIе эзар дика гIуллакх»

Вевзаш волчу нохчийн яздархочо Ахмадов Мусас дукха хан йоццуш зорбане яьккхина «БIе эзар дика гIуллакх» берашна лерина книга.

Цу тIехь туьйранаш, байташ ю. Берашна кхета аттачу, говзачу, цIеначу нохчийн маттахь язйина ю иза. Ахмадов Муса кхоллараллин новкъа ваьлчхьана дуьйна цуьнан исбаьхьаллин говзарш евзаш, езаш волчу суна, и башха йоккха йоцу книга каракхаьчча, доккха хазахетар, боккха кхаъ хилла, иштта берашна хетарг хиларх тешна ву. И книга Ахмадов Мусан дуьххьара я, Дала мукъ лахь, тIаьххьара яц!

Бераллин хенара ваьлла юха бераллин хене вирзина со, и книга йоьшучу юкъана сайн генахь дисинчу бералле кхаьчна, дийцалур доцу зовкх-ирс хьоьгуш Iийра. Бералла – иза массо а адаман юкъара цIийн цIеран Даймохк ма бу, велла дIаваллалц, мах боцу жовхIар санна, даг чохь кхобуш.

Цундела, Мусана даггара Дела реза хуьлда, Дала дукхавахавойла ала лаьа. Ткъа берашна оцу жимачу книги тIерачу туьйранех, байтех боккха пайда, беркат дер ду.

Уггаре а коьртаниг – шайн къоман оьзда, хаза, дика гIиллакхаш девзар ду, нахана юкъахь юьхьIаьржа воцуш, юьхькIай дIачекхвала хуур ду. Масала, болх беш волчунна тIекхаьчча, садоIуш хиъна Iачуьнга, хIума кхоллуш волчуьнга, иштта кхечу хьелашкахь хIун ала деза хуур ду.

Кхин, кхин масане хуьлу стагана дахарехь, новкъахь тIеIиттало хIуманаш. Оцу дерригенах, олуш ма-хиллара, хих-цIарах майрра, бIоцакъажош, чекхвалархьама оьшу-кх хаа, довза и тIехьаьжна кега-мерса хета, амма Iаламат доккхачу маьIне хIуманаш.

И дерриге берашна кегий доллушехь Iемича, хиъча, девзича, уьш диц ца луш, гуттаренна цаьргахь дуьсур ду, тIулга тIе дIаяздина йоза санна. Дика хIу дIадийча, дика стом кхуьу. Мусас дIатесначу дикачу хIуьно дика стом лург хиларх вайн шеко яц.

БУГАЕВ Ваха

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: