1858-чу шарахь Россин империн Литван мехкан Вильнюсан кIоштарчу Лужки цIе йолчу шахьарахь дуьнен чу ваьлла Перлман Исхьакъан кIант ИлиIезар (карарчу хенахь Белоруссин Витебскан областан юкъахь юрт ю иза).
Шен да-нана шайн дин чIогIа тIелаьцна хиларна, пхи шо долчу хенахь да велла байлахь висича, нанас жуьгтийн дин Iамош йолчу Ешивас школе деша вахийтина хилла ИлиIезар.
Нанна а, девешина а ИлиIезар мозгIар хила лаьара, ткъа шен ткъа шо кхаьчча Паранцерчу (ред.: Франци) Париже лоьралла Iамо вахана хилла иза.
ИлиIезара шен жуьгтийн мотт (жуьгташа шаьш Iиврит олу, цунах схьа ду иврит алар) боцург, шена немцойн, паранцихойн, оьрсийн меттанаш Iамийна.
Ша Парижехь волуш шена Къудсера (Еруселимера) жуьгти дуьхьал а кхетта, шаьшшиннан жуьгтийн маттахь къамел хилча, шайн и мотт дуьненаюкъара хила хьакъ бу аьлла, ойла кхоллаелла цуьнан.
1881-чу шарахь, ИлиIезар Хункаран (Iусманан) пачхьалкхана чохь йолчу Палестине дIакхелхина. Цигахь шена ца девзаш долу жуьгтийн дешнаш Iама а деш, доцурш кхуллуш, гIуллакх дина цо. Цул сов, шен нахана а Iамийна.
Иза Палестине дIакхелхина цхьа хан яьлча, хIусамнана а схьакхелхина цуьнан. Кхин дукха хан ялале и яла а елла, ялх бутт баьлча цуьнан йиша йигна цо.
ИлиIезар шен дешан да хилла. Нахе и мотт Iамабе бохуш а ца Iаш, шен чохь долчу божаберашка и мотт бен ца Iамабайтина цо.
ИлиIезар ша оьрсийн, немцойн, паранцихойн, цул тIаьхьа Iамийна болу Iаьрбийн а меттанаш бийца хууш хиллехь а, шен мотт боцург, кхин мотт шен цIахь буьйцуьйтуш ца хилла цо.
Хийла, шен хIусамнанас кхин мотт буьйцуш шена хааделча, дов оьккхуьйтуш хилла бохуш дуьйцу цуьнан тIаьхьено.
ИлиIезарна шен нахах дуьхьалбевлла дуккха нах а хилла. И мотт шира бу, вовшашца арахь а, чохь а бийца хала бу, карарчу хенан хьашташна кхачаме бац, цхьамма а ца буьйцу и мотт, цо хьоьгург эрна къа ду бохуш, хьийзош а, сийсазвеш а хилла ИлиIезар. Ткъа наха ша иштта мел вуьйцу а, жуьгтийн меттан суй, цуьнан кийрахь цIе латайой, марса болуш хилла.
Масех газетехь болх беш журналист а хилла ИлиIезар, цхьадерш цо арахеца долийна а хилла.
«ХIазви», «ХIашкава», «ХIаур» хилла оцу газеташна юкъахь. Ша газет ара моссазза хоьцу, газетан тIаьххьарчу агIон тIехь, карарчу хенахь ша яздина долу керла дешнаш яздой, церан гочдар дуьллуш хилла цо.
Дукха чIогIа шен мотт безарна – мотт безар цкъа а совдолуш дацахь а – ИлиIезара шен кара мел кхочу дошамаш гул а дина, уьш цхьана а тоьхна, шен маттахь доцу дешнаш толлуш, оцу дешнийн бух хIоттош, дош кхуллуш, шен дошам хIоттийна. Иштта, и керла дешнаш, газет тIе а тухуш, нахана довзийтина.
Хьекъална ира а хилла ИлиIезар, цунна хууш хилла шен мотт юкъаралле бийцийтархьама а, лелабайтархьама а иза нахана гуттар а гучохь хила безий. Цундела, оцу хенахьлерчу хаамийн берриге а гIирсашкахь язбеш хилла цо и мотт. Къаьсттина газеташна а, журналашна а тIехь.
Жуьгтийн меттан юкъараллин бухбиллархойх цхьаъ ву ИлиIезар, коьрта декъашхо а ву. Ша сатийсинчу хIокху заманахь вехаш вацахь а, ткъа хIинца жуьгтийн мотт дуьненнаюкъара бу, гоьбаьлла университеташкахь хьоьхуш бу, ИлиIезара хIоттийна бух бахьанехь.
Иза вехаш хиллачу муьрехь жуьгтийн мотт берриге а жуьгташна бицбелла, ца буьйцуш бисина, байбелла хиллехь а, къахьегарца а, дукхабезарца а шен банне а боцу мотт денбина цо. Кханалерчу шен тIаьхьенашка дIа а кховдийна.
Вай цIена буьйцуш болу, эзарнаш шерашкахь меттах ца хьовш лаьтташ долчу вайн лаьмнийн чхераш а, тархаш а тIехь моьнашца язбина болу, Iаьннашкахь, чIожашкахь ломара охьадогIучу шовданашца дика ладоьгIча, йилбаз-махьарца ДегIастанарчу Iаламехь хIинццалц зевнечу эшарехь бекаш болу вайн ненан мотт а, оцу ИлиIезара шениг санна, иштта ларам беш Iалашбай вай?..
БИЙТРО МахIир
Урдун, Сувеле
№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо