Чекхдала гергадахана 2014-г1а шо 1аламат беркате деара Нохчийн Республикин яздархойн союзана. Ткъе итт сов авторан говзарш зорбатоьхна кху цхьана шарахь. Араяьккхина литература тайп-тайпана ю. Вайн махкахь г1арабевлла бевзачу яздархойн къоначу а яздархойн гуларш ю уьш. Уггаре а хьалха къоначеран говзаршна юккъехь билгалъяккха луур дара Халикова Асетан «Дахаран жайна» а, Тапалаева Амнатан «Деза дукъ» а ц1ерш йолу книгаш. Халикова Асета арахецнарг шеен сирлачу поэзин гулар елахь, Тапалаева Амната вайн самукъадаьккхина шен чулацамечу прозица. Дийца даьккхинчуьра ала лаьа и ши йо1 къонаелахь а, нохчийн мот хууш а, шатайпаллица къаьста дустарш дало хууш хилар. Иза доккха совг1ат ду, б1аьстенан зазанах таръелла, кхуьуш йог1учу нохчийн литературина. Дагахь доцу хазахетар хилира махкахошна Нохчийн Республикин яздархойн союзо Гацаев Саь1идан «Со-м хьан варий, Нохчийчоь» зорбан книга тохарх. Ма-дарра дийцича, Гацаев Саь1идан кхолларалла, нохчийн литературин исбаьхьчу хьаьттахь, шатайпанчу башхаллица къаьсташ, цхьа тамехь майда ю. Цуьнан цхьамог1а байташ вайн махкарчу иллиалархоша мукъаме ерзийна, шолг1а дахарделла, т1ома яьхна ю. Уьш кест-кеста хеза вайна радиохь а, телевиденехь а. Таханлера нохчийн литература хьахийначохь, нохчийн поэзин ирхенаш евзачара, ларамца ц1е йоккхучеран хьалхарчу мог1арехь ву Нохчийн Республикин халкъан поэт Абдулаев Леча. Цуьнан башхачу поэзех марзо эца аьтто хир бу кху шарахь Нохчийн Республикин яздархойн союзо зорба тоьхна Абдулаев Лечин «Хаьржинарш» ешча. Бух боцу х1орд санна к1орга а, чулацаме а ю поэтан ойланаш. Говза рифме ерзийна, сирлачу кханенах дегайовхо йолуш, тешайо Абдулаев Лечас уьш вайх. Мукъа 1аш вац Россин Паччаллкхан премин лауреат, Нохчийн Республикин яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта. Вахар-вар алссам нисло иштачу даржехь волчу стеган: литературни цхьаьнакхетарш, фестивалаш, конференцеш, вайн махкахь а, генна дозанал арахьа а. Амма Ибрагимов Кантас цкъа а юьстах ца тотту шен коьрта декхар. Иза даима яздеш ву. 2014-чу шарахь араяьлла Ибрагимов Кантас язйина «Петр Захаров» ц1е йолу книга. Вайна массарна ма хаъара, Захаров Петр вайн махкахо ву. Кхо шо кхаьчна бер хила иза 1819-чу шарахь инарла Сысоевс къинхетамза Дадин-Юрт ягош, ларамаза дийна висина. Оьрсийн эпсарша Россе д1авуьгий, хьалакхиаво к1ант. Цунах воккха художник хилла. Амма к1ентан цкъа а дагара ца долу, ша нохчи хилар а, Дади-Юрт ягийна ирча сурт а. И дерригге а карладоккху Ибрагимов Кантас шеен чулацамечу книшца. Иза ешаро синкхача лур бара аьлла хета х1ора нохчичунна. 2014-чу шарахь сийлахь-воккхачу оьрсийн поэтан Михаил Юрьевич Лермонтовн 200 шо кхачар тидамза ца дитира Нохчийн Республикин яздархойн союзо. Яздархо, журналист, «Орга» журналан коьрта редактор волчу Минкаилов Эльбруса, Нохчийн Республикин хьакъ волчу журналиста Сумбулатов Денис г1о-накъосталла деш, араяьккхира М.Ю. Лермонтовн «Хаьржинарш» ц1е йолу книга. Къоналлехь кхелхинчу оьрсийн поэтан тоьллачарех говзарш яра ненан метан говзанчаша нохчийн матте яьхна, цу книги юккъехь араевлларш. Иштта мехалчех яра Нохчийн Республикин яздархойн союзо зорбатоьхна Исмаилов Абун «Йозанаш». Яздархочун 65 шо кхачарна лерина совг1ат дара иза яздархойн союзо Исмаилов Абуна а, цуьнан кхолларалла езачарна а дина. Нохчийн мотт к1орггера хаарца, дагахь доцу дустарш далорца, маь1нечу мог1анашца книга ешархойн тидам хаддаза йийсарехь латторца билгалъелира «Нохчийчоь цхьаъ бен яц» ц1е йолу Аболханов Хьаькима язйина книга. Автор Нохчийн Республикин хьакъволу журналист ву, дукха хан ю иза «Даймохк» газетехь болх беш волу. Делахь а, Нохчийн Республикин яздархойн союзо 2014-чу шарахь араяьккхина «Нохчийчоь цхьаъ бен яц» цуьнан дуьххьарлера книга ю. Нохчийн Республикин яздархойн союз ненан маттахь книгаш араяьхна 1аш яц. К1езиг яц оьрсийн маттахь зорбане юьйлу книгаш а. Царех цхьаъ ю журналист, яздархо, литературни критик волчу Бурчаев Хьалима вовшахтоьхна «Слушать совесть…» ц1е йолу книга. Цунна юккъех дукхахьолахь, вайн махкахь а, дозанал арахьа а вевзачу яздархочун Нунуев Сайд-Хьамзатан интервьюш ю. Вайнехан къоман лазамаш, дозаллаш дуьйцу Нунуев Сайд-Хьамзата шеен къамелашкахь. Цунна хетарехь, дахарехь уггаре а коьртаниг, стаг эхь-бехк долуш, Делах кхоьруш хилар ду… Иштта жигара болх беш ю Нохчийн Республикин яздархойн союз. Вай хьахийнарг масех книга бен яц. Ткъа зорбатоьхна араяьллара, юьххьехь билгал ма-адаккхара ткъе итт сов ю. Уьш еша а, церан маь1нех, чулацамах кхета а, Дала хьекъал, собар лойла вайна.
А.Дачаева
