Вай шех лардала деза цамгар

XXI-чу бIешеран уггаре а хала а, кхераме а лоручу цамгарех цхьаъ ю СПИД. Оцу цамгарх дуьнен чохь миллионаш адамаш кхелхина. Имама шайха Ибн Маджас далийначу хьадисехь боху: «Вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Хьалх-хьалха дIадаханчу Умматашна ца евзина, дарба доцу, цамгарш, лазарш гучдевр ду нахана тIаьхьарчу заманахь. Адамаша зина дарца, къинош дукха эгорца, хьарам гергарлонаш деборца, оьзда цалеларца шаьш-шайна тIейоьхур ю и цамгарш».

1991-чу шарахь, Албани йоцчохь, дуьненан массо а маьIIехь хааеллера СПИД. И цамгар ерш дуьххьара 1981-чу шарахь гучубевлла.

Цул тIаьхьа, 1992-чу шарахь, шолгIа тулгIе хьаьдира дуьнен чу и цамгар дукха яьржаш. Лоьрийн маттахь «мандемия» олу дуккха а адамашна цамгар яржар совдаларх.

Вайн жима мохк, жима халкъ а ца дисира и цамгарца хьакхалуш. ТIаьхьарчу шерашкахь къаьсттина алсамдаьлла СПИД яржар.

И гIуллакх пачхьалкхан лаккхарчу тIегIане даьккхина, боккха болх дIахьош ю Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон СПИД-ца къийсам латторан а, цунна профилактика яран а Республикин туьшан коллектив.

Туьшан коьртачу лоьраца Муртозалиев Хьамзатаца цхьаьнакхетар хилира тхан. СПИД-х а, карарчу хенахь вайн республикехь оцу цамгарца доьзна хIоьттинчу хьолах а лаьцна дуьйцуш тхан хаттаршна жоьпаш делира цо.

– Хьамзат, СПИД вайн махка кхаьчна мел хан ю? ТIаьхьарчу шина-кхаа шарахь хIун хьал ду вайн республикехь ВИЧ-инфекци яржарца?

– СПИД цамгар гучуяьлла 30 шо гергга хан ю. СПИД – (Синдрома Приобретенного Иммунодефицита) иза ВИЧ-инфекцин тIаьххьара, дерзоран дакъа ду. Медицинин агIор цунна кхоччуш дарба карийна а дац, дархошна цхьана юкъанна молханашца гIо дар доцург.

Ша гIелйина гIорасиз йина ен дагахь, шена дуьхьал йоккху вакцина тIе ца лоцуш, инфекцин вирус даима а хийцалуш хиларна юкъа ца даккхало лоьрашка СПИД-х товеш долу молха.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, оцу цамгарца къийсам латторехь вайн республикехь кхочушъеш йоккха программа ю. Цуьнан омрица цIийна таллам баран мехала лаборатореш а, дархошна оьшу молханаш а маьхза латтош ду.

Нохчийн Республикин бусалбанийн урхаллина а, МогашаллаIалашъяран министерствона юкъайогIучу СПИД-н туьшана а юкъахь бинчу бартаца, доьзал кхуллуш (зуда ялочу стага а, маре йоьдучу йоIа а) цIийн анализан справка яккха езар тIедожийна, и гIуллакх ламасте дирзина дуккха а хан ю вайн республикехь.

Цхьаболу нах юьхьанца реза боцуш хиллехь а, хIинца верриге а бохург санна, кхетта иза оьшуш гIуллакх хиларх. ЦIийна анализаш, ца девллачу денна дIаяла дезна, луш ю, хIунда аьлча, кхин некъ бац ВИЧ-инфекци дIасаяржор сацон.

ЦIийн анализ дIаялар, валар-висаран зила тIехIоттар санна жоьпалле, мехала гIуллакх дуй хууш хила а беза вайн кегийрхой. Цкъа делахь, шегара хьал хаар а хуьлу цIий таллийтича, шолгIа делахь, ша ялош йолчунна я юьгуш волчунна ВИЧ-инфекци ю-яц хаа аьтто хилар а хуьлу.

Массо а ву шена и цамгар яц я хила йиш яц бохучу ойланца вехаш. Дала ма хуьлийтийла иза цхьанна а. Амма хуьлуш, схьадогIуш дерш ирча хIуманаш ду.Цундела шайн цIийца ВИЧ-инфекцию-яц таллам байтар тIодожийна ду доьзалхочух болчу зударшна а, хирургин операцина кечбечу дархошна а, парикмахерске я кафе балха боьлхучу нахана а.

1989-чу шарахь дуьйна ВИЧ-инфекци хиларцаСПИД туьшахь хьесапе эцнарг 3 эзар гергга стаг ву.

2017-чу шеран кхолламан (январь) баттера оханан (апрель) батте кхаччалц йолчу юкъанна 2 781 стаг вара хьесапехь, царах 916 зуда а, 120 бер а ду.

2018-чу шарахь оццу хена чохь (кхолламан (январь) баттера оханан (апрель) батте кхаччалц) 2 671 стаг ву хьесапе эцнарг. Царна юкъахь 875 зуда а ю, 119 бер а ду (1989-чу шарера 2018-чу шаре кхачалц йолчу юкъанна туьшахь ВИЧ-инфекцина анализаш луш чекхваьлларг 37 118 стаг ву, цомгаш карийнарг – 2 671).

ВИЧ-инфекци йолуш 3 эзар гергга стаг ву бохург вайн жимачу халкъана кIезиг хIума дац. И цамгар дIаса ца яржийта вай само, терго ца яхь, иза вайн тIаьхьарчу тIаьхьенашка дIакхочур ю. Ма-дарра аьлча, и цамгар хала, дарба ца карош юй хууш ду дуьненна а.

Муьлххачу а хенахь ша-шаха эккха тарлуш долу кхераме герз санна ю СПИД. Ца хаьа цуьнан зулам хьенан кертахь‚ кхолламехь гучу дер ду. Дуьненан лазам бу иза, ерриге а пачхьалкхаша, дерриге а халкъаша мохьорца ала дезаш.

– Маса стаг кхелхина вайн республикехь оцу цамгарх? ВИЧ-инфекци яржар лахделла я алсамдаьлла тIаьхьарчу шерашкахь?

– 1989-чу шарахь дуьйна оцу цамгарх 831 стаг кхелхина вайн республикехь.

2018-гIа шо доладелчахьана, хIокху беа баттахь, ВИЧ-инфекци 41 стагана хилар гучудаьлла. Царна юкъахь 14 зуда а, 27 жима стаг а ву, цхьадика, бераш дац.

Вай лакхахь ма-аллара, 1989-чу шарахь дуьйна хьесапе эцнарг 2 781 стаг ву, царна юкъара цхьаберш кхелхина, вуьш кхечу меттигашка дIабахана, хIинца республикехь ВИЧ-инфекци йолуш 1 896 стаг ву, царна юкъахь 739 зуда а, 94 бер а, 1 063 боьрша стаг а ву. ВИЧ-инфекци 2013-чу шарахь дуьйна лахъелла йогIуш ю.

– Цамгар тIеяларан а, дIасаяржаран а некъаш, бахьанаш хийцаделлий хьалха аш хьесап дина хуьлуш хиллачаьрца дуьстича?

– Масала, ВИЧ-инфекци йолу 92,4 процент стаг теллича, хIун ду хиънарг? Хьалха и цамгар кхетар,дукха хьолахь, наркоманашна юкъахь болчарна нислора.

1999-чу шарахь къаьсттина дукха бара наркоманаш. Вуьшта аьлча, и инфекци дIасаяржар хьалха мехашца нислора, дукха хьолахь,порентальни некъ олу оцу кепара ун даржарх.

Ткъа хIинца ВИЧ-инфекци дIасаяржарехь кест-кестта хаалуш дерг зудчун а, стеган а юкъаметтигца тIеяьлла хилар ду. Иштта цомгаш хилларш 75 процент бу.

Йисина 25 процентана и цамгар цIий дуттучу хенахь я больницашкахь маха тухуш, я зудабераша маникюр, педикюр йойтучу хенахь, я чов хиллачу меттиге ВИЧ- инфекци йолчун цIий кхетарца тIеяьлла хуьлу.

– И инфекци дIасаяржар гIаланашкахь нисло дукха я ярташкахь?

– ГIаланашкахь а, ярташкахь а адамийн Iер-дахар, социальни тIегIа мелла а къаьсташ хуьлу. ВИЧ-инфекци ерш схьаэцча, царах 48,9 процент гIалин бахархой хуьлу 51,1 процент ярташкара бахархой хуьлу.

Карарчу шеран оханан (апрель) баттахь динчу жамIашца, республикехь 487 конкордантни паранаш ю (зуда а, цIийнда а цомгаш долуш), 174 дискорданни паранаш ю (зуда я цIийнда цомгаш волуш), 84 ВИЧ-позитивни паранаш ю (наний-берий цомгаш долуш).

Республикерчу 23 юьртахь бу ВИЧ-инфекци ерш: Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштахь – 271, Грозненски кIоштахь – 202, Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштахь – 197, Соьлжа-ГIалин Октябрьски кIоштахь – 161, Соьлжа-ГIалин Заводской кIоштахь – 115, Невран кIоштахь – 144, ТIехьа-Мартан кIоштахь – 118, Теркан кIоштахь –109, Гуьмсан кIоштахь – 95, Хьалха-Мартан кIоштахь – 149, Шелан кIоштахь – 110, Шелковски кIоштахь – 49, Соьлжан кIоштахь – 46, Курчалойн кIоштахь – 43, Устрада-ГIалахь – 40, Веданан кIоштахь – 20, Нажи-Юьртан кIоштахь – 13, Шуьйтан кIоштахь – 11, Шаройн кIоштахь – 2, Итон-Кхаьллан кIоштахь –1. Верриге а 1 896 стаг ву.

Нохчийн Республикин Бусалбанийн динан урхаллин 2011-чу шеран 11-чу кхолламан (январь) баттахьлерчу №31-йолчу сацамца 2018-чу шарахь а, таллам бина чекхваьлларг 37 эзар стаг ву.

– Масала, шена цамгар хилар лачкъон лууш хуьлу. ВИЧ-СПИД шена хилар къайладахьар зулам дар санна лоруш ду я дац?

– Шена цамгар хилар шен нахах а, юкъараллах а лачкъон лаар шен гIиллакх ду муьлххачун а. Амма лоьрех лачкъо йиш а яц, бакъо а яц!

Россин Федерацин Уголовни кодексан 122-чу статьяца нийса а догIуш, шена и цамгар юй а ца хоуьйтуш, кхечунна и тIеялийтинчунна таIзар дан догIу, набахтехь яккха 1–5 шаре кхаччалц хан а тухуш.

1988-чу шарахь Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацис дIахьедар дина, СПИД цамгар дерриге а дуьненан кхерам бу аьлла.

И цамгар адамашна юкъахь чехка яьржаш, кхераме хиларна, ООН-н 43/15 резолюцица дерриге а, халкъийн, пачхьалкхийн тидам тIебахийтар Iалашо йолуш, хIора шарахь гIуран (декабрь) беттан 1-чу дийнахь СПИД-ца къийсам латторан дуьненаюкъара де дIакхайкхийна.

2011-чу шарахь 2,5 млн. стагана кхетта ВИЧ-инфекци‚ 2,1 млн. стаг цунах кхалха а кхелхина. Дуьненахь дош лелачу 8 пачхьалкхан (большая восьмерка) хиллачу сацамца оцу пачхьалкхийн Iедалийн лаккхарчу тIегIанехь сацам хилла СПИД цамгарца къийсам латторан балхана еш йолу харжаш (шеран бюджет) алсамъяха еза аьлла.

Царах цхьайолчу пачхьалкхаша бен шайн дош ца лардина. Оцу проблемина тIех само ечарех ю Росси. Къаьсттина Нохчийн Республика ю СПИД-н туьшана яккхий харжаш еш. Республикин бюджетера хилла ца Iаш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тидамехь латтор бахьана долуш, Туьшан балхана кхитIе а харжаш ян а аьтто бу туьшан. И уьне цамгарш мичара, маца йогIу вайна ца хаьа.

АллахI Дала хьарамдинчух, ца магочух ларлушверг – массо а вочу хIуманах ларвелла ву. Уггаре а доккха дарба – ийман ду. Иза ду-кха цамгарш, къинош чу ца дуьту ондда ков-керт ду.

Шех нахана бала ца беш, оьзда, цIена вехаш волчо нахана вониг дийр дац.

Амма, хуьлург хилла даьлча, юха а собар, ийман оьшу. Бусалба нахана мегаш дац лазар, цамгар яра аьлла, шайна тIе куьг дахьа. Ша-шен вер я кхиверг вер Дала магийна дац.

– ХIутосург (май) баттахь СПИД цамгархкхелхинарш дагалоцучу дуьненаюкъарчу денна лерина хIора шарахь акцеш дIахьо Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министерствос. ХIун дан лерина ду шуоцу дийнахь?

– Вайн республикин дешаран, культурин, спортан учрежденешкарчу кегийрхошца ВИЧ-инфекцех дерг дуьйцуш кхеторан цхьаьнакхетарш дIахьур ду. Туьшан говзанчаша хаамийн гIирсийн гIоьнца бийр бу СПИД-ца къийсам латторан профилактикин болх.

– Хьамзат, кхачам боллуш, чуламе, вайн нахана пайдехь къамел ду ахь динарг. Дела реза хуьлда хьуна!

Интервью дIаяьхьнарг – З.Эльдерханова

Суьрта тIехь: Муртозалиев Хьамзат

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: