Наркотикаш схьаяьхна
Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Гуьмсан кIоштахь йолчу отделан белхахоша схьаяьхна боккхачу барамехь наркотикаш.
Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо хаам беш ма-хиллара, полицин белхахоша Гуьмсе гIалахь сацийна 1976-чу шарахь вина волчу Дагестан Республикин Хасавюрт гIалин вахархочун долахь йолу «Лада Приора» автомашен.
Автомашене хьожуш цуьнан моторан декъа чохь карийна ораматех схьаялар долу, кIомалан шатайпа хьожа йолу наркотик чохь йолу полиэтиленан тIоьрмиг. Наркотикан йозалла 120 грамм гергга хилла.
Схьаяьккхина наркотик таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Экспертийн-криминалистикин туьше.
Вахархочо динчу зуламан Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьян 2-чу декъехь билгалдинчу зуламан билгалонаш ю.
Балха тIехь харцо ярна бехкевина лор
Соьлжа-ГIалин кIоштийн юкъарчу Заводской талламан отдело уголовни гIуллакх долийна Соьлжа-ГIаларчу №5 йолчу поликлиникин куьпан терапевт лоьрана дуьхьал.
Россин Федерацин Уголовни кодексан 292-чу статьян 2-чу декъехь билгалдинчу зуламан (балха тIехь харцо яр) билгалонащ ю цо динчу зуламан.
Талламхоша бинчу хаамца, 2017-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь, зудчо-лоьро, отчетан муьрехь бинчу белхан жамIашкахула йолу преми схьаэцаран лаамца, меттигера вахархо диспансеризацех чекхваьлла аьлла болу харц хаамаш медицинин карти тIе язбина хилла.
Гучудаьлла и вахархо лоьрашна тIевахана а, билгалйинчу поликлинике вахана а цахилар.
Оцу гIуллакхан таллам бу беш.
I.ТЕРЛОЕВ
№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо