Къаьмнашна юкъахь къовсаме хьал ца хилийта…

Къаьмнийн юкъаметтигашна тIехь тергояран а, къовсаме хьал цахилийтарна кхачояран а системин жоьпаллин белхахошна лерина семинар дIаяьхьира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь.

Цигахь дакъалецира Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместительша Израилов Руслана, Элембаев Iалихана, иштта, оццу министерствон белхахоша, вайн регионерчу ерриге а кIошташкарчу Къаьмнийн юкъаметтигашна тIехь терголатторан а, къовсаме хьал цахилийтаран а системин мониторинг ярна кхачоярна жоьпалле болчу векалша а.

Семинар дIахьош вара Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон говзанча-эксперт. Цо дийцарехь, мониторинг дIаяхьаран система кхоьллина хIокху коьртачу принципийн буха тIехь: болх берриге а автоматизаци йина хилар; белхахойн эксперташ кечбаре хьашто хилар; тIаьхьалонийн кхоам беш хилар; хаам лакхара охьа беш хилар; болх 24 сахьтехь кIиранах 7 дийнахь беш хилар.

Мониторинг яран системо «искусственни интеллигентан» технологех пайдаоьцу къовсаме хьал хила тардалар хьалххе гучудаккхархьама а, цунна сихха мониторинг ярхьама а», билгалдаьккхира цо.

Иштта, цо довзийтира республикин кIошташкахь и система кхоччуш дика болх беш хилар.

– Регионан ерриге а кIошташ юкъаозийна системин балхана, делахь хIета, «интернет» зIенехь хила тарлучу къаьмнашна юкъарчу къовсаман хьокъехь сихха хаам схьаэца аьтто бу церан, – бохура эксперта.

Семинар дIахьочу хенахь Къаьмнашна юкъарчу юкъаметтигийн тергояран а, къовсаме хьал цахилийтаран а системин мониторинг яран жоьпаллин векалша дуккха а хаттарш дира эксперт-говзанче.

Царна дуьззина жоьпаш делира цо.

Хь.БАХТАЕВА

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: