Халкъан кхоллараллин «Бенойн бIаьсте – 2018» хIорашеран фестиваль

ХIокху беттан 12–15-чуй деношкахь Нажи-Юьртан кIоштарчу Бенахь дIаяьхьира Халкъан кхоллараллин «Бенойн бIаьсте – 2018» хIорашеран рогIера фестиваль. ХIутосург (май) беттан 12-чу дийнахь, оццу Денги-Юьртарчу (Бена) дукхахьаштийн тIеман кегийрхойн-патриотийн туьшахь дIаяьхьира «Нохчийн халкъ кхолладаларехь таханлерчу Нохчийчоьнан лаьмнийн кIошташа лелийна маьIна» цIе йолу республикин Iилманан-практикин конференци.

Цигахь дакъалоцуш вара историн Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров ШахIруди, Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан директор Умхаев Хьамзат, историн Iилманийн доктор, Нохчийн пачхьалкхан университетан историн факультетан Нохчийчоьнан халкъийн историн кафедран профессор Гарсаев Леча, историн Iилманийн доктор, Нохчийн пачхьалкхан университетан историн факультетан Ширачу хенан а, юккъерчу бIешерийн а историн кафедран профессор Багаев Муса, Нажи-Юьртан кIоштан администрацин куьйгалхо Музуруев Асланбек, кхиберш.

Гапуров ШахIрудис билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца вайн республикин а, къоман а культурин-историн артефакташ меттахIитторна тIехьажийна дIахьош болх хилар.

– Халахеташ делахь а, нохчийн историн дуккха а артефакташ, къаьсттина йозанан, нохчийн халкъ махках даьккхинчу шерашкахь хIаллакйина. Ерриге бIаьвнаш лелхийтинера, цул сов, культурин объекташ хIаллакйина ца Iаш, вайн къоман культурица доьзна долу дерриге хIума а хIаллакдинера. Иштта хIаллакдира Iаьрбийн элпашца яздина долу шира куьйгайозанаш а. Тахана, и дерриге а меттахIотто а, лаха а вай гуьржийн а, эрмалойн а хьостанашка хьежа деза, хIунда аьлча, церан юккъерчу бIешерийн куьйгайозанашкахь нохчий дуккха а меттигашкахь хьехийна бу, – бохура Ш.Гапуровс.

Нохчийн къам кхолладаларехь а, кхиарехь а Нохчмехкан лаьмнийн кIоштийн маьIнах (Бенан, Элистанжан масалш тIехь) лаьцна доклад йира Гарсаев Лечас, иштта Умхаев Хьамзата, Багаев Мусас, Мамаев Рашида, Тангиев Мохьмада, Осмаев Iаббаза, Нунуев Сайд-Хьамзата, Абдулкадыров Адама, кхечара.

Докладаш йинчара дийцарехь, церан ницкъ кхаьчна XI–XVIII-чуй бIешерашна юкъахь болчу муьрехь хиллачу нохчийн халкъан гIарабевллачу нахах, турпалхойх, тIеман баьччанех, Iеламнахах лаьтташ йолу реестр вовшахтоха (верриге а 60–70 стаг). Цара жоьпаш делира журналисташа шайга динчу хаттаршна.

ШолгIачу дийнахь дIадаьхьира нохчийн къоман спортан кепашкахула «Къоман ловзарш – 2018» спортан къийсадаларш. Цигахь толам баьккхира Шелан кIоштарчу спортсменаша. ШолгIачу меттехь яра Соьлжа-ГIалин мэрин команда, кхоалгIа меттиг яьккхира Нажи-Юьртан кIоштан векалша. Къийсадаларшкахь дакъалоцуш вара 400 гергга спортсмен.

Иштта, фестивалан гурашкахь Беной-Веданахь доьазза говраш хаьхкира. Кхузза – цIеначу хIух йолу говраш, цкъа – меттигера говраш.

ХIутосург (май) беттан 14-чу дийнахь Денги-Юьртахь дIабаьхьира декоративни-прикладни искусствон говзанчийн а, суьрташдахкархойн а гайтам. Гайтаме бехкина бара ширачу заманан белхан гIирсаш, суьрташ, музыкин гIирсаш, юккъерчу бIешерийн Iер-дахаран гIирсаш, герз, диттах йина хIуманаш.

Оццу дийнахь, дIаяьхьира «Нохчийн хелхар» хIорашеран конкурсан финал, «Синмехаллаш» хIорашеран телевизионни юбилейн X-чу фестивалан 1-чу туран рогIера мур, Автономин коммерцин йоцу «Беной» – патриотийн клуб» организаци йовзийтар.

ХIорашеран телевизионни «Синмехаллаш» фестивалехь къовсалуш бара Нажи-Юьртан а, Веданан а кIошташкара кегийрхой.

Цигахь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Израйилов IабдулкъахIир.

Къийсадаларан жамIашца рогIерчу туре елира Нажи-Юьртан кIоштара команда.

Фестивалан тIаьхьарчу дийнахь, Бенахь масех объект схьайиллира: 1 500 стагана лерина долу рузбанан маьждиг, везачу эвлаяан Ташу-Хьаьжин цIарах йолу хьафизийн школа (Нохчийчохь 6-гIа хьафизийн школа ю иза), шовданан хи шишанаш чу доттаран завод.

Объекташ схьайоьллучохь хилира Кадыров Рамзан, Делимханов Адам, Даудов Мохьмад, Израйилов IабдулкъахIир, эвлаяийн тIаьхьенах болу нах, республикин бахархой.

Цигахь Кадыров Рамзанна Бенарчу эвлаяа Хьадиза доьшуш хилла долу Къуръан делира.

Бусалба дин довзуьйтуш, кхетош-кхиоран болх дIабахьарна, Къилбаседа Кавказан федеральни округан Iеламнехан кхеташонан председательна Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжина Нохчийн Республикин лаккхара совгIат – Кадыровн орден елира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Иштта, фестивалан гурашкахь, Бенахь юьртабахаман ярмарка дIаяьхьира.

I.МУРТАЗОВ

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: