Грозненски кIоштан больницин неврологин отделенехь белхан де «пятиминутка» ярца дIадолало. Отделенин лакхарчу медйишас процедурни, дежурни а медйижарий шайн балхана кийча буй а хьожуш, цкъа хьалха процедурни кабинета чуьра хьал толлу. Цул тIаьхьа, буьйсанна болх беш хиллачу медйишас дархойн хьал а довзуьйтуш, дийнахь болх бечу медйише дIало рагI. Иштта дIадолало отделенин белхан хIора де.
1985-чу шарахь Соьлжа-ГIалин медицинин училище чекх а яьккхина, I.Хамбиевн цIарахчу Соьлжа-ГIалин №9 йолчу медицинин сихагIодаран республикин клиникин больницин, оцу хенахь Джамаев Куьйра заведующи хиллачу неврологин отделенехь, процедурни медйишин болх бира Дикаева Руманис.
ТIеман ши кампани чекхъяьллачул тIаьхьа, ТIемийн ветеранийн республикин клиникин госпиталехь болх бина. 2009-чу шарахь Грозненски кIоштан больница схьайилличхьана неврологин отделенехь лакхарчу медйишин болх беш схьайогIуш ю иза.
Шен белхан декхаршца дика ларайо Румани. Молханашца кхачо хилийтар ду цуьнан декхар, шен ницкъ ма кхоччу, дац аьлла, малъелла а ца Iаш, я дархошка шайга эца а ца бохуш, молханаш хилийта хьожу иза.
ГIийла-мискачух къахеташ ю иза. Хийлазза оцу отделенин заведующис Хьавраа а, цо а молханаш эца таро йоцучарна шайн чоьтах молханаш эцна, анализаш а дIа а ялийтина.
– Массо а цхьатерра таро йолуш вац, я хьал долуш хилча а, бовха кхача бохьуш тIаьхьаван доьзалхо воцуш а хуьлу цхьаберш. Адамашкахь болчу баланаша совйоху я кIаргйо церан цамгарш. ТIаккха цара сатуьйсу лоьраш а, гонаха хьийза медйижарий а шайца кIеда-мерза хиларе. Багара йолучу хазачу Iаьнаро а, довхачу дашо а дайдо муьлхха а лазар, – боху Руманис.
Воккхачуьнца а, жимачуьнца а бийца мотт карош ю Румани.
Хууш ма-хиллара, цхьаболу нах амална хала хуьлу, къаьсттина цамгаро лаьцначу хенахь. ДIаяла езачу анализашна юкъахь мах боккху анализ хилча, я шайгахь доцу молха эца аьлча, медйижаршка дов хьедо цхьаболчара. Ткъа Руманис кIеда-мерзачу дашца хоуьйту шайн ницкъ кхочург шаьш деш хилар а, цхьайолу анализаш маьхза цахилар а.
Шен болх дукхабезаш а, цамгаро хьовзийна шен отделени тIевеанчу муьлххачу а стагах а дог лозуш ю иза. Хьаьнца, муха къамел дан деза хаьа цунна, цхьаверг сиха кхеташ нисло, кхиверг юх-юха кхето везаш нисло.
– Iуьйранна цомгашчеран хьал муха ду а хьожий, дархой тIелоцуш, я цхьацца белхан декхарш кхочушдеш хуьлу со. Ткъа Руманис низам латтадо отделенехь. Тешаме, дика накъост ю Румани дархошна а, тхуна а. ХIокху отделенехь цхьаьна дIаболийна охашимма болх, балха тIехь нисъелла халонаш-аьттонаш хийлазза цхьаьна лайна охашимма. Шен болх дика бевзаш, безаш ю иза. Цундела суна атта ду цуьнца цхьаьна болх бан, – дуьйцу оцу отделенин заведующис Далетмирзаева Хьавраа.
Руманех лаьцна дийца дуккха а диканиг ду, ткъа коьртаниг иза нахана езаш хилар а, балха тIехь лоруш хилар а ду.
М.ГЕРЗЕЛИЕВА
№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо