Халкъан историн хIолламийн хазна

Вайна ма-хаъара, хIора а шарахь хIутосург (май) беттан 18-чу дийнахь Музейн дуьненаюкъара де билгалдоккху. 1977-чу шарахь музейн юкъараллин дIадолорца юкъадаьккхина и де. Шо шаре даларца, музейн де билгалдокхучу пачхьалкхийн могIарш алсамдовлуш ду.

Яханчу заманан хIолламаш я кхийолу экспонаташ гулъярца, Iалашъярца, нахана царах дерг довзийтарца музейша бийриг мехала болх бу. Вайн къоман, истори ю музейшкахь тептаршца, суьрташца кхечуьнца Iалашъеш.

Музейн дуьненаюкъара де тIекхочуш хиларца доьзна Нохчийн Республикин Къоман музейн директоран заместитела Гелагаева Аружас дийцира шаьш хIора а шарахь музейн де билгалдоккхуш хиларх а, карарчу шарахь оцу денна шаьш бинчу кечамах а, дан дагалаьцначух а лаьцна.

– Музейн де хIора а шарахь нехан самукъадер долчу кепара билгалдоккху Къоман музейхь. Музейн денна лерина цхьаьнакхетар дIадахьарца долало и де. Вайн республикин музейн белхахоша дакъалоцу цигахь. Иштта, оцу дийнахь схьаелла лерина тIеман бIаьхаллин чоь (зал воинской славы). Цхьана шарахь гергга болх бира и чоь кечъеш.

2015-чу шарахь дуьйна вайн Къоман музей Ерригроссин «Музейн буьйса» олучу проектехь дакъалоцуш ю.

Музейн дахар довза а, экспонатийн истори хаа а луучу вайн бахархошна хаза кхаъ хилира цунах. ДIадаханчу шарахь «Музейн буьйса» дIахьочу хенахь къаьсттина дукха адам деара. Музейхь хIетахь кечйинарг ерриге а 5 майда яра – поэзин а, берийн а, киногайтамийн а, кхиерш а.

ХIокху шарахь «Музейн буьйсанна» леринчу программехь Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна леррина тидам тIебохуьйтур бу. Оцу дийнахь шайн дуьхьа дIаяхьа леринчу викторинашкахь, цхьаьнакхетаршкахь Соьлжа-ГIалин бахархойн таро хир ю Соьлжа-ГIалех боьзна шайн дагалецамаш вовшашна бовзийта а, шайн гIала хьоме хиларх лаьцна вовшашна дийца а. Оцу дийнахь киногайтамаш а дIахьур бу. Иштта, аннимационни фильмашка хьовса таро хир ю. Оцу денна лерина суьйре «Музейн буьйса» аьллачу фильмаца ерзор ю. «Седа» тобано а эшаршца, хелхаршца самукъадоккхур ду. Иштта, бевзаш болчу суьрташдахкархоша Ильясов Адама а, Сапаров Iелас а суртдиллар дезачу кхиазхошна а, кегийрхошна а лерина мастер-классаш лур ю.

Циггахь, тайп-тайпанчу жанрашкахь суьрташ дохкур ду цара. Кегийрхойн таро хир ю суьрташдахкархошка шайна хаа луург хатта. А.Ильясовс а, I.Сапаровс а шайна зеделларг довзуьйтур ду царна.

ХIутосург беттан 19-чу дийнахь 15:00 сахьт даьлча дIайолор ю «Музейн буьйсанна» лерина программа.

Берийн хелхаран «Башлам» ансамбло схьайоьллур ю суьйре. ДIадаханчу шарахь санна, яздархой а, поэташ а кхайкха дагахь ду тхо. Поэзи а, проза а дукхаезаш болчу бахархошна кечйина леррина майда хир ю. Цигахь вайн яздархойн, поэтийн говзаршка ладоьгIна ца Iаш, шаьш а шайна хазахеташ йолу байташ еша аьтто хир бу.

Тхо тешна ду, «Музейн буьйса» суьйренехь дакъалаца дIадаханчу шерашкахьчул а алсам адам догIург хиларх, – дийцира цо.

Къоман музейхь тIеман бIаьхаллин чоь схьаеллар оьшуш а, мехала а гIуллакх ду. Цахуучарна хаийтаран а, вайн хьалакхуьучу чкъурана шайн къоман истори йиццаялийтаран а Iалашонца кечйина лакхахь хьахийна йолу чоь. Музейн дийнахь иза схьайиллинчул тIаьхьа, лаам болчеран цу чохь хила таро хир ю.

Иштта, музейн денца доьзна хьахо лаьа вайн республикин тайп-тайпанчу кIошташкахь болх беш йолу филиалаш. Царах Старогладовски станицехь йолу Л.Толстойн цIарах литературин-этнографин музей (директор Загибов Салавди ву), Лакха-Неврехь йолу I.Мамакаевн цIарах литературин-мемориалан музей (директор Мамакаев Сулейман), МахкатIехь йолу мохк-бовзаран музей (директор Нунуев Сайд-Хьамзат), Парабоч станицехь йолу М.Лермонтовн цIарах музей (директор Хамдиева Рената), Соьлжа-ГIалара Татаев Илесан галерей (директор Татаева Макка), Мескитахь йолу А.Айдамировн цIарах литературин-мемориалан музей (директор Айдамирова Машар).

ЦIарна а доцуш, кест-кеста кхоллараллин цхьаьнакхетарш дIахьош а, дешархой кхойкхуш а, хьеший хаза тIелоцуш а, цIеначу даггара шайн болх беш схьабогIуш бу уьш. Къоман музейн а, лакхахь мел хьахийначу музейн а белхахой даггара декъалбан лаьа церан корматаллин денца.

З.ЛОРСАНОВА

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: