Вай долчохь – махкахь а тоьллачех дельфинари

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь даздаран хьолехь дельфинари схьайиллира. Цунах тераниг ерриге Къилбаседа Кавказехь а яц.

Объект схьаелларан даздаршкахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Израйилов IабдулкъахIир, Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, кхиберш.

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь, дельфинари схьаелларх доккха хазахетар хилла берашна а, баккхийчарна а.

– Тахана Нохчийн Республикин бахархойн бакъдолу дезде ду, къаьсттина кхузахь гулделлачу берийн. Вайн терго а, гIо-накъосталла а оьшу царна. Уьш заьIап бераш а, хала бохкучу доьзалшкара бераш а, шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонашларъяран органийн белхахойн бераш а ду. Бакъ а долуш, доьзалшна садаIа лерина башха комплекс ю хIара. ХIара схьаелларо белхан меттигаш хуьлуьйтур ю 300 гергга стагана, – элира Р.Кадыровс.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира комплексехь могашаллатояран клиника хилар. Цигахь дельфинотерапи дIаяхьарца реабилитаци йийр ю могаш доцчу берашна.

– ХIара чIогIа оьшуш проект ю. ХIокху тIехь вай совца дагахь дац, тIейогIучу хенахь а кхин а йийр ю вай хIара тайпа комплексаш, – элира цо.

Кадыров Рамзана баркалла элира объект ярна куьйгалла деш хиллачу Нохчийн Республикин Правительствон председателан хьалхарчу заместительна Закриев ИбрахIимна а, ТIехьа-Мартан кIоштан администрацин куьйгалхочунна Хучиев Тамерланна а, иштта, и башха проект кхочушъярехь дакъалоцуш хиллачарна массарна а.

Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалин дельфинари Россин пачхьалкхехь а тоьллачех цхьаъ хилар.

– Ерриге а Къилбаседа Кавказан федеральни округехь а башха йолчу объект схьайоьллуш ду вай, ткъа кхузахь йолчу аттракционийн дукхалле а, белхаш дIабахьаран дикалле а хьаьжча, ерриге Россехь а тоьлларг ю хIара дельфинари. Ян йолийчахьана дуьйна а хIокху инвестицин проекта тIехь вара терго латтош Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан ахчанах еш яра хIара объект, – элира М.Хучиевс.

Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана даздаран хьолехь цIен аса а хадош, схьайиллира объект. Дельфинаре хьаьжначул тIаьхьа, республикин Куьйгалхо хилира дельфинийн шоухь, иштта хьаьжира говрийн къийсадаларшка.

Дагадоуьйту, Соьлжа-ГIалин дельфинари лахьорчан (ракушкин) кепехь йина ю. Цу юкъайогIу дийнатийн Iаморан а, садаIаран а 8 бассейн. Хи чохь хуьлучу гайтамашка цхьана ханна хьовса йиш хир ю 665 стеган. Композици юккъехь дIахIоттийна 12 метр экран ю. Дельфинари чохь йиъ дельфин а, Къилбаседа хIордан котик а, КъилбаIамаркан хIордан лом а ду.

Комплексан бухарчу а, хьалхарчу а гIаьтташ тIехь берийн аттракционаш а йолуш, самукъадаккхаран туш ю. Иштта, цигахь ю говрийн паркан «Сира дин» клуб а, говр хахка Iаморан школа а, говраш мехах хахка ялар а, 15 номер йолу хьешацIа а, 10 цIийнах лаьтта «юрт» а, Нохчийн Республикин дуьххьарлера контактан зоопарк а, воркаутана лерина майда а, «Дино-Юрт» цIе йолу динозаврийн парк а, аттракционийн парк а, хи тIехь йолу ресторан а, 94 меттигана лерина йолу Къоначу хьажархочун театр а, актерийн школа а.

I.МУРТАЗОВ

№38, шинара, хIутосург (май) беттан 22-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: