Бенахь керла маьждиг схьадиллина

ХIутосург (май) беттан 12–15-чуй деношкахь Нажи-Юьртан кIоштарчу Бенахь дIаяьхьира халкъан кхоллараллин а, спортан а, культурин а «Бенойн бIаьсте – 2018» цIе йолу фестиваль. Оцу фестивалан гурашкахь, схьадиллира 1 500 стеган жамаIатехь ламаз дан аьтто болу керла маьждиг.

Нохчийн а, Юккъерчу Азин а архитектурин кепехь дина керла маьждиг схьадоьллучохь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзана, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийчоьнан Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Израйилов IабдулкъахIир, Кишин Кунта-Хьаьжин тIаьхьенах волу Сайфуддин ИбрахIим, Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу Iеламнехан советан председатель Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа, республикин Бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхо Межиев Салахь-Хьаьжа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун динан декъехула хьехамча волу Шахидов Адам, кхиберш.

Гулбеллачарна хьалха къамел дечу хенахь, Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас билгалдаьккхира оцу тайппана хаза маьждиг дар нохчийн къомана доккха беркат хилар.

«Вайн республикин Куьйгалхочо къаьсттина тидам тIебохуьйту маьждигаш дарна. Иза АллахIа шен лайх къинхетам баран билгало ю. Делан къинхетамца бен маьждиг дан дагадогIур дац. Суна даггара баркалла ала лаьа маьждиг дарехь дакъа мел лаьцначарна», – элира цо.

Межиев Салахь-Хьажас дий- цира маьждиг динчарна Дала кечдинчу совгIатах лаьцна.

«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьажин Iалашо хилла нохчийн лаьтта тIехь ийман, машар, низам хилийтар. Тахана вайна гуш ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Ахьмад-Хьаьжин кIанта Кадыров Рамзана ийманехь-исламехь кхиа, Къуръан Iамо, маьждигаш чохь ламазаш дан таронаш кхоьллина хилар. Дуьнен чохь маьждиг динчунна ялсаманехь цIа дугIур ду ша аьлла Дала. Доккха баркалла ала луур дара суна, иштта мехала гIуллакх дIахьош дакъалаьцначарна», – бохура цо.

Билгалдаккха догIу маьждиг Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан чоьтах дина хилар.

Керлачу маьждига 1 500 стеган жамаIатехь ламаз дан аьтто хиларал сов, цуьнан комплексана юкъайогIуш цкъа 50 стеган деша аьтто болу хьуьжар а, ламаз эцаран чоьнаш а, машенийн шина тIегIанан дIахIуьттийла а.

И.АЛИЕВ

№38, шинара, хIутосург (май) беттан 22-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: