ХIокху деношкахь республикин пачхьенера шийла хаам баьржира дуьне ма-дду – Нохчийчохь цкъа а хилла а, хааделла а доцу зулам дира Соьлжа-ГIалин юккъехь, Михаил Архангелан килсана тIелатар а деш.

Зуламхоша килсана тIелатар дина аьлла, хаам баьржина масех минот а ялале, цунна гобира республикин бакъонашларъяран органийн белхахоша, куьйгалла деш Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан а волуш.
Цо дан дезарг а хьоьхуш, килсана штурм йинчу бакъонашларъяран органийн белхахоша хIаллаквира 4 зуламхо.
Халахеташ делахь а, бакъонашларъяран органийн 2 белхахо лазор, килсана ха деш хилла волу 2 белхахо кхалхар а нисделла. Цул сов, маьршачу бахархошна юкъара 1 лазийна, 1 вийна. Иштта хаам бина Федеральни кхерамазаллин службин республикехь йолчу Урхаллин пресс-службо.
«Зулам даран хьокъехь омра малхбузерчу цхьана пачхьалкхера ду аьлла, хаам бу бакъонашларъяран органашкахь», – хаийтира Кадыров Рамзана килс зуламхойх дIацIанйинчул тIаьхьа.
Цо билгалдаккхарехь, хIаллаквинчу 4 зуламхочух 2 Гелдаганара а, 1 Iалхан-Чуьртара а ву, ткъа царна хьалхаваьлла лаьттинарг – луларчу ГIалгIайчоьнан вахархо.
ТIаьхьуо, цхьаболчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша оцу зуламна бехке ян йолийра терроризман «Иблисан пачхьалкх» цIе йолу организаци.
«Бакъду, «Иблисан пачхьалкхана» хазахетар ду мел болу бохам шен векалшна тIеязбича, шайна «реклама» йича. Делахь а, соьга хаьттича, Соьлжа-ГIалахь хиллачу бохамна бехке «Иблисан пачхьалкх» ю бахар – баккъал а бехке верг гучуцаваккхаран Iалашо ю аьлла хетало. Оцу декъехь талламан белхаш беш бу», – яздира республикин Куьйгалхочо.
Билгалдаккха догIу Михаил Архангелан килсана тIелатар дан кегийрхой схьахьовсийнарш карориг хиларх а, уьш жоьпе озориг хиларх а Кадыров Рамзан тешна хилар.
«Нохчийчохь «Иблисан пачхьалкхан» векалш бац я хир а бац! Килсана тIелатар дан а, цуьнца цхьаьна, республикерчу бусалбанашна а, керстанашна а юкъахь питана даржоран Iалашо а йолуш, кегийрхой схьахьовсийнарш вайна карор бу, Законо хьоьхуш ма-хиллара, вай уьш жоьпе озор бу. Цхьа а шеко йолуш хIума дац иза!», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
Лакхахь дуьйцуш долу зулам питана даржоран Iалашо йолуш хиларан ойла республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Умаров Джамбулатан а ю.
Цо билгалдаккхарехь, и тIелатар республикерчу бусалбанашна а, керстанашна а юкъахь питана даржоран Iалашо хилла ца Iаш, бусалба нах вочу агIор гайтаран Iалашо йолуш а лара мегар ду.
«… ХIокху безачу, Сийлахьчу Мархин баттахь и зулам дина хиларо гойту цуьнан ма-ярра йолу Iалашо. Цул сов, тIеман саьлнашкара Соьлжа-ГIала «гIатто» йолийначу муьрехь, уггаре а хьалха меттахIиттийначу гIишлонех цхьаъ йолу килс харжар а бух боцуш дацара…», – билгалдаьккхира министра.
Зуламхойн Iалашонех лаьцна ойланаш а, бакъдерг а довзуьйтуш а, ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь дитинчу йозанехь, республикин Куьйгалхочо ешархойн тидам тIебахийтира республикехь а, Соьлжа-ГIалахь а бахархошна а, хьешашна а цхьа а кхерам цахиларна а, зуламхойн Iалашонаш кхочушхилла цахиларна а.
И.ИСЛАМОВ
№38, шинара, хIутосург (май) беттан 22-гIа де, 2018 шо