Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин белхахойн дика ламаст хилла дIахIоьттина кест-кеста республикин школашкахь а, берийн бошмашкахь а цхьаьнакхетарш а, конкурсаш а, викторинаш а дIаяхьар.
Бераша дика схьалоцу шайна хьоьхург, Iамош дерг. ЦIе яларх а, кхиболу муьлхха а бохам хиларх муха лардала деза ца хаьа царна. Хууш ма-хиллара, тIейогIуш аьхке ю, школашкара бераш аьхкенна а, берийн бошмашкара бераш цхьана ханна а цIахь дуьту.
Оцу муьрехь бацалахь, дитташна уллехь ловзучу бераша забаренна латийначу сирникех цIе яла а, хи чохь луьйчучохь бохам хила а тарло. И саннарг ца хилийта цаьрца цхьаьнакхетарш дIахьо МЧС-н говзанчаша.
Иштта, хIокху деношкахь Гуьмсан кIоштан Ойсхарарчу «Шовда» берийн бешахь «Ас кхерамза дIахьур ю аьхке» акцин гурашкахь спортан-интеллектуальни викторина дIаяьхьира.
Берашна а, церан дай-наношна а кхаъ хиллера шаьш долчу МЧС-н белхахой бахкарх. Бераш «Искорка» а, «Огоньки» а командашна декъаделира.
Толаме кхачархьама, масех муьрах чекхдовла дийзира берийн.
«Маршалла хаттар» а, «ХIетал-металш» а муьрашкахь шайн-шайн команда йовзийта а, хIетал-металшна жоьпаш дала а дийзира. Оцу зерех дика чекхдевлира бераш. Цул тIаьхьа шайн хаарш гайта дийзира церан.
«ДIаяйъа цIе» муьрехь цIе яьлла сурт а хIоттийна, шина а командо гайтира шаьш иза муха дIайойъур ю.
Нийса гIуллакхаш динчарна баллаш лора. Иштта, бохам тIехIоьттича медицинин хьалхара гIо муха дан деза а гайтира бераша.
– Берашна къаьсттина пайден хир ю таханлера конкурс. ЦIеяйъархойн корматаллах лаьцна дуккха а керланиг девзира царна. Уггаре а коьртаниг – цIе яьллачу меттехь шаьш дан дезарг дика схьалецира цара, – элира цIеяйъаран-кIелхьардахаран №22 долчу декъан инспектора Джамалдиев Iаббаса.
Конкурс чекхъяьллачул тIаьхьа, жигара дакъалацарна, берашна цхьатерра хасторан грамоташ а, цIе яьллачу меттехь ларъян еза бакъенаш тIехь йолу буклеташ а елира.
«Ас кхерамза дIахьур ю аьхке» акцин болх асаран (июнь) беттан 1-чу дийнахь берзор бу.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: Берийн «Шовда» бешара бераш а, МЧС-н белхахой а
№38, шинара, хIутосург (май) беттан 22-гIа де, 2018 шо