Церан герз дош дара

ХХ–ХХI-г1ий  б1ешераш  хотталучу   муьрехь вайн махка къинхетамза хьаьвзинчу инзаречу  т1амо,  са лоццуш,  нилха дехира Нохчийн Республикехь болх беш болчу журналистийн  мог1арш.  Журналистийн бехк болуш дацара иза.  Церан  «герз»  дош  дара.  Бакъ дош.  Цхьана а кепара шалхонаш йоцу.  Журналисташ кхоьрура  герга г1ертачу зуламах.  Шайн синойх кхерар дацара иза.  Зуламна дуьхьал къийсам латтош  бара  вайн махкара журналисташ.  Х1ора  дийнахь арадуьйлучу газеташа,  журналаша дуьнене шийла орцадохура,  бохам сацо лууш.  Амма уьш хезаш стаг вацара.  Мелхо  а,  герзаца эвхьаза бевллачу зуламхоша кхерамаш туьйссура;  вуьйр ву,  воккхур ву, бохуш.  Делахь  а  цхьаьнна  а  теша  ца лаьара журналисташ  т1е  куьг кховдор ду бохучух.  Бакъду,  теша-м дийзира.  1994-чу  шеран гурахь массарел хьалха,  шеен чохь вийна карийра  журналист  Крикорянц  Дмитрий. Дег1ан  меженаш кегъеш, йиттира  Елизаров  Викторна,  Гогун Иванна.   1994-чу  шеран  26-чу  ноябрехь вийра Нохчийн Республикин телерадиокомитетан  директор  Гузуев Хьусайн.   1994-чу шеран 22-чу  декабрехь  авиатохарна  буха нисъелла  х1аллакьхилира  1амаркан  журналистка  Эльбаум Синтия.  1995-чу  шеран  февраль беттан  уьтталг1ачу  дийнахь вийра  радиожурналист  Дидаев  Саь1ид. 1995-чу  шеран декабрехь машена чуьра охьаваьккхина, герз туьйхира Кагиров Шамханна,  уггаре  а  веха  хан  йолуш, пох1ме  журналист  вара  иза.  1996-чу  шеран  11-чу  августехь,  иза чохь волчу  машена т1ехьажийна иччархочун  топ  тоьхна вийра  Хаджиев  Рамзан.  Дика  к1ентий  бара  уьш,  лаккхара корматалла йолуш журналисташ  бара,  цкъа  а,  къолам боцург,  кара  герз лаьцна бацара.  Т1еман ц1аро къинхетамза морцуш йолчу Нохчийчоьнах бакъдерг дийцар  бен,  кхин цхьана а кепара бехк-гуьнахь долуш бацара.  1999-чу  шеран шийлачу гуьйранна  карлабелира,  цхьана ханна  д1атийна  аьлла  хетта  т1ом.  Октябрь  бутт болабелчхьана махках долуш  дара  адам,  шайн декъаза синош довдийна.  29-чу  октябрехь  Г1алг1айн  махка дехьабовлучу нахана юккъехь хиллера   ши  тележурналист  Межидов  Рамзан,  Гигаев  Шемал.  Мог1а  бина махках йовлучу машенаш  т1ехула  хьаьвзинчу кемано авиатохар  дича, шайн телекамерх катоьхна,  машена чуьра охьаиккхина сурт даккха  х1оьттинера  ши  доттаг1. Амма цара лелочух кхеттачу летчико кема юхахаьхкина,  вожийнера  ши  журналист  шайн камераш карахь.  Хьал ца хуучунна моьттур ду иттех шарахь Нохчийчохь кхихкинчу  т1амо  къонахий  бен  х1аллак  цабина. Т1амо  ца къестадо тайпанаш-тукхамаш,  къаьмнаш,  зударий, божарий.  Вайн махкахь евзина евзаш  яра  пох1ме  журналистка   Ефимова  Нина. Буьйсанна меттара  г1аттийна, шен ненаца  д1айигна йийра иза.  Йо1ана  хьалха  цкъа нанна герз тоьхнера,  т1аккха  Нинина  т1едассийнера  дисина патармаш.  Цуьнан  х1ун  бехк хилла хууш х1инца  а  цхьа а вац.  Вайна массарна  дагайог1у  тележурналистка  Бердукаева  Лиза. Хаза, товш,  массаьрца  к1еда-мерза, г1иллакхе,  оьзда  журналистка  яра  Лиза. 2002-чу  шеран  27-чу  декабрехь ямартчу зуламхоша динчу талорехь  декъал  хилла.  Хьалхара Президент  хаьржина,  Конституци  т1еэцна  д1адуьйладелча,  дукха нахана моьттура  т1амах  вай хьалха девлла.  Амма,  2004-чу  шеран  9-чу  майхь, зуламхоша кхин цкъа  а  гайтира шайн акхаралла.  Вожийра Россин Турпалхо,  Нохчийн Республикин хьалхара  Президент  Кадыров  Ахьмад-Хьаьжа (Дала  г1азот  къобалдойла цуьнан).  Цунна юххехь эгначаьрца  вара  журналист  Хасанов  1адлан.  1уьйренан  малхаца йохье дуьйлуш  дара  1адланан  дог  ц1ена  велакъажар.  Редакци серлайолура иза чоьхьа ваьлча, мел  кхоьлина  де  а,  маьлхан  з1аьнарша  хьоьстуш хетара.  Оццул массаьрца ийна,  т1екаре,  г1иллакхе,  оьзда  вара  1адлан.  Нохчийн Республикехь къинхетамза кхирстинчу  т1еман  ц1ергахь  х1аллакьхилларг  верриге  а  22  журналист  ву.  Веза-Воккхачу  Дала  г1азот  къобалдойла церан. Уьш тхан белхан накъостий  бара,  халкъан,  мехкан яхь йолу  к1ентий  а,  мехкарий  а  бара.   Дуьненчохь яккха йисинчу массо  а  ханна, тхан дегнашкахь баха бисина, шайгахь хиллачу доьналлех дозалла дойтуш.

А.Нохчмахкахо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: