ХIусамийн-коммунальни бахамо кхочушдечу хьаштийн мехалла вайн массарна а дика евза. Ишттачу урхаллаша беш болу белхаш вайн Iер-дахарехь уггаре а оьшучарех бу. Делахь а, кест-кеста хаало хIусамийн-коммунальни бахаман хьаштех ял дIа ца луш болу бахархой, уьш бахьана долуш, дукхапетарш йолчу цIеношкахь бехачу а, шайн-шайн хенахь ял дIалуш болчу бахархошна а хьовзам хуьлуш хилар.

Иза а, кхийолу а проблемаш йийцаре а еш, тхан газетан белхахо цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин хIусамийн-коммунальни бахаман урхаллин пачхьалкхан терго латторан службин инспекцин отделан хьаькамца Дакаев Тимураца.
Цо довзийтира шайн урхалло бечу балхах а, Соьлжа-ГIалин бахархоша хIусамийн-коммунальни бахаман хьаштех пайдаэцарх ял дIаяларх а лаьцна.
– ХIокху шеран хьалхарчу чийрикехь шаьш дIабаьхьначу а, кхул тIаьхьа дIабахьа леринчу а балхах лаьцна дийцахьа тхуна.
– 2018-чу шарна оха хIоттийначу нийса планаца а догIуш, хьалхарчу чийрикехь Устрада-ГIалахь а, Соьлжа-ГIалахь а хIусамийн-коммунальни бахаман хьашташна юкъадогIу дукхапетарш йолчу хIусамашкахь йовхо латторан гIуллакхаш теллина оха. ТIе тидам бахийта а, ремонт ян а еза меттигаш билгалъяьхна, и гIуллакх карарчу хенахь, чекх а даьккхина.
ХIинца оха дIаболийна газах пайдаэцарна а тIехь терго латторан болх. Соьлжа-ГIалара а, Гуьмсан, Курчалойн кIошташкара а дукхапетарийн цIеношкахь дIахьош бу газах пайда эцарна тIехь терго латторан болх. Таханлерчу дийнахь 12 къепе талхийна хилар хааделла тхуна. 4 протокол а хIоттийна оцу бахьанца, суьдо кхел йийр ю бехкечарна.
Иштта, 42 вахархочо арз дар бахьана долуш, таллам бина оха тайп-тайпанчу дакъошкахь. Арз дар бахьана долуш, 57 къепе талхийна хилар гучудаьлла. Иштта, дуккха а ду оцу декъехь теллина, кхочушдина карарчу хенахь кхочушдеш долу гIуллакхаш.
– Тимур, болх дIабахьаран къепе а йовзуьйтуш, бахархошца шайн цхьаьнакхетарш муха нисло дийцахьа?
– Вайн регионерчу ерриге а кIошташкахь дIахьо оха болх. Тхан урхаллин коьрта Iалашо – ХIусамийн-коммунальни бахаман хьашташ кхочушдечу компанешна а, ХIусамийн-коммунальни кодексаца а догIуш, муниципальни учрежденешкахь къепе латтор ду.
Цул сов, кест-кеста дукхапетарийн цIеношкарчу бахархошца цхьаьнакхета тхан урхаллин векалш. Церан хаттаршна жоьпаш а луш, шайн бакъонаш йовзуьйту оха царна. Дукха хьолахь, бахархошна шайн бакъонаш цайовзар бахьана долуш хуьлу дуккха а къовсамаш а, цакхетарш а, уьш ца хилийта, тхайн ма-хуьллу, церан хаарш тIедуза хьовсу тхо.
– Вайн регионехь дийцаре дечарех а, уггаре а лазамечарех а ду хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарх яла йогIу ял бахархоша дIалуш цахилар. Цунах лаьцна дийцахьа ешархошна.
– Вайн республикин куьйгаллин тIедилларца, оцу декъехь дIахьош хаддаза болх бу. Карарчу хенахь и болх дIабахьар кхин жигардаьккхина. Уггаре а коьртаниг – бахархоша шен-шен хенахь коммунальни хьашташ кхочушдарх ахча дIалуш хила деза. Цаьрга и дIадалийтарна тIехь терго латтош леррина йолу урхаллаш а хила еза.
– Шеран муьрашка хьаьжина хуьлучу халонех лаций дийцахьа. Болх уггаре а чолхе хуьлу мур муьлхарниг бу?
– Бакъдерг дийцича, шийлачу хенахь дукхапетарийн цIеношкахь йовхо латтор ледара хилар бахьана долуш, чIогIа дукха аьрзнаш кхочу бахархошкара. Ткъа йовхачу хенахь и проблема дIайолу, бакъду, цIано латтор ладера ду бохуш, оцу декъехь болх бечарна реза боцурш хаало аьхка. Доцца аьлча, шеран хIора а муьран шен-шен проблемаш а, гIуллакхаш а хуьлу. Уьш дIанислур долуш хIуманаш ду.
Проблемаш дикка лахлур яра хIусамийн коммунальни хьашташ кхочушдарх яла йогIу ял шен хеннахь бахархоша схьалуш хилча.
ХIусамийн-коммунальни хьашташ маьхза кхочушдойла яц вайн. Цундела, шаьш пайдаоьцучу хьаштех ял дIаяла езий хаьа деза вайн бахархошна.
Хь.БАХТАЕВА
Суьрта тIехь: Дакаев Тимур
№38, шинара, хIутосург (май) беттан 22-гIа де, 2018 шо