Берсанова Залпаан «Вспомним их поименно» керла книга йовзийтаран цхьаьнакхетар дIадаьхьира А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекехь.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателан заместитель Мамакаев Эду, яздархо Айдамирова Машар, литературин критик Гайтукаев Казбек, «Гумс» газетан коьрта редактор Борхаджиев Хожа-Бауди, вежарий-Iилманчаш ИбрагимовгIар Муса, Мовсар, Залпаан кхолларалла езаш болу нах, белхан накъостий, студенташ.
Цхьаьнакхетар дIахьош вара историн Iилманийн доктор Бугаев Iабдул.
Книга Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцначу вайн махкахойх ю. Цхьацца бахьанашца хIинццалц йовзаза йисина церан цIерш, турпала амалш, хьуьнарш дуьйцуш книга ю.
Книгин авторна дош делира I.Бугаевс. Залпаа доккха баркалла элира книга вовшахтухуш, хIора турпалхочун гергарчу наха, юьртахоша шена гIо-накъосталла диначарна а, цул тIаьхьа иза зорба тухуш гIо диначарна а.
«Нохчий тIамах уьдуш, Iедална ямарт хилла бохург харц хиллий хаийтаран Iалашонца вовшахтоьхна ас хIара книга. ТIамехь дакъалаьцна ца Iаш, дуьненна а масална хIиттабал къонахий хилла вайн махкахой. Вай вешан кегийрхой церан масалшна тIехь кхетош-кхион а беза», – элира З.Берсановас.
Историн Iилманийн доктора Ибрагимов Мовсара элира: «Масех шо хьалха Дагестанехь зуламхоша милцо Нурбагандов Мохьмад хьуьнах а вигна хьовзо ваьккхича, цо гайтина турпалалла дуьненна а хиира. Цунна Россин Турпалхо сийлахь цIе а елира. Иза иштта хилла хирдацара цхьаммо а бала а кхаьчна, нахана хаийтина ца хиллехь. Цундела мехала гIуллакх ду Залпаа, хIара санна волчу кхечо а, вайн халкъан дика, яхь йолу нах бовзийтар, церан хьуьнарех лаьцна язъеш тептарш охьадахкар».
Гайтукаев Казбека билгалдаьккхира: «Вай дерриге а историкаш дацахь а, истори вайх хIораннах а хьакхлуш ю. Нохчийн халкъан истори йовзийта гIерташ боккха болх бира яздархоша Ошаев Халида, Мамакаев Мохьмада, Айдамиров Абузара, Сулейманов Ахьмада, иштта кхечу яздархоша а. Тахана санна хьелаш, таронаш яцара церан заманахь. Цхьа дош галдаьлча набахтехь яккха масех шо хан тухура. Цара бинна болх беш къахьегна Залпаа. Доккха гIуллакх ду хIокхо динарг. Дела реза хуьлда кхунна».
Иштта, довха, синъайаме дешнаш олуш вистхилира Мамакаев Эду а, Борхаджиев Хож-Бауди а.
Цхьаьнакхетар дерзош, Библиотекин директора Исраилова Сацитас тидам тIебахийтира Берсанова Залпаа йозанехь къахьоьгуш, историн, литературин хьаьрмахь шен лар юьтуш схьайогIуш хилар.
Керла книга студенташна а, школашкарчу историн хьехархошна а, журналисташна а къаьсттина пайдехь хир ю аьлла хета.
З.ХИЗИРОВА
Суьрта тIехь: Берсанова Залпаан книга йовзийтар
№38, шинара, хIутосург (май) беттан 22-гIа де, 2018 шо