Нохчийн Республикера оперативни хьал

Наркотикашца къийсам дIахьо

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикерчу масех меттехь гучудаьлла законехь доцуш наркотикаш лелор. Цунах лаьцна хаамбо Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо.

Грозненски кIоштан Октябрьски юьрта чувуллучохь сацийна шен леларца полицин белхахойн шеко кхоллаелла волу 30 шо долу Соьлжа-ГIалин вахархо. Полицин белхахоша, цуьнгахь кара а бина, схьабаьккхина 35 грамм хиллал ораматех схьаялар долу кIомалан шатайпа хьожа йолу наркотик чохь йолу тIоьрмиг.

Иштта, Соьлжа-ГIалахь полицин белхахоша сацийна 1-чу шарахь вина волу Шелковски кIоштан Гребенски (Яна-Кхаьлла) юьртан вахархо. Таллам дIахьош, цуьнгахь кара а бина, схьабаьккхина ораматех схьаялар долу, кIомалх тера наркотик чохь йолу полимеран тIоьрмиг.

Вахархочо динчу зуламан Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьяхь билгалдинчу зуламан билгалонаш ю.

Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон наркотикашна тIехь терго латторан урхаллин белхахоша, «Терго» цIе йолу оперативни-лахаран мероприяти дIахьош, Хьалха-Марта – Гихта автомобилийн некъаца сацийна 1960-чу шарахь вина волу Хьалха-Мартан кIоштарчу Рошни-Чу юьртара вахархо.

Таллам дIахьош, цуьнгахь кара а йина схьаяьккхина ораматех схьаялар долу, таьIна-баьццарчу басахь, аьтта йолу, кIомалан шатайпа хьожа йолу наркотик.

Вахархочо дийцарехь, и наркотик цо лелош хилла шена пайдаоьцуш. Схьаяьккина наркотик 150-200 грамм ю. Вахархочунна тIедиллина полицин отделе вар.

Цо динчу зуламан Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьян 2-чу декъо билгалдинчу зуламан билгалонаш ю. Таллам бар дIахьош ду.

Схьаяьхна наркотикаш таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экспертийн-криминалистикин туьше.

Масех некъан-транспортан бохам хилла

Республикерчу Веданан кIоштахь некъан-транспортан бохам хилла хIокху деношкахь.

Нажи-Юьртан кIоштарчу Беной-Ведана юьрта боьдучу новкъахь, 1987-чу шарахь вина волчу республикин вахархочун долахь йолу «Нива» автомашен Гумс хи чу йоьжна. Автомашен чохь иштта 1980-чу шарахь вина волу пассажир а хилла.

Автомашенан водитель а, пассажир а лазийна. Уьш дарба дан Веданан кIоштан больнице бигна.

Соьлжа-ГIалахь а хилла кхин цхьа некъан-транспортан бохам. Ханкальски урамехула вогIучу «Лада Приора» автомашенна урхалла деш волчу 27 шо долчу Соьлжа-ГIалин вахархочо шен автомашен тIетоьхна 1939-чу шарахь йина йолчу, дехьавала магийна доцчу меттехула дехьа йолуш хиллачу йоккхачу стагана. Хиллачу чевнех зуда циггахь кхелхина .

Iалхан-Юрт – Хьалха-Марта автомобилийн новкъахь хилла боккха некъан-транспортан бохам. Вовшахкхетта: «Лада Приора» а, БМВ-750 а, ВАЗ-21114 а, автомашенаш.

Некъан бохам бахьанехь 5 стаг кхелхина: «Лада Приора» автомашенан водитель а, цу чохь хилла зуда а, БМВ-750 автомашенан водитель а, ши пассажир а.

ВАЗ-21114 автомашенан водитель, чIогIа лазийна, иза Хьалха-Мартан кIоштан больнице вигна.

Гуьмсан кIоштахь, Ойсхара – Курчалой-Эвла – Мескер-Эвла автомобилийн некъан 3-чу километрехь вовшахкхетта «Тойота Королла» а, ВАЗ-2114 а автомашенаш.

Оцу бохамехь лазийна 1973-чу шарахь вина волу ВАЗ-2114 автомобилан водитель. Гуьмсан кIоштан больнице валочу хенахь, новкъахь кхелхина Некъан-транспортан бохамийн бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а къастош бу.

I.ТЕРЛОЕВ

№38, шинара, хIутосург (май) беттан 22-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: