Таханлерчу дийнахь Нохчийчохь болчу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархойн а, тылан къинхьегамхойн а хьашташка хьажар, церан терго яр социальни службин уггаре а мехалчех декхар хила дезаш хиларна тидам тIебахийтина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Иза ларамаза а дац, хIунда аьлча, хIокху дуьненахь уггаре а къизачу тIамехь вайн мохк, халкъ фашистийн ардангех лардеш тIемаш бина цара шайн дахар ца кхоош. ТIаккха, баккъал а, церан сий-ларам бар, церан хьашташка хьовсар вайн декхар ду.
ХIокху шеран хIутосург (май) беттан юьххьехь динчу хьесапашца вайн республикехь 15 бен вац Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо. Царах шиъ заьIап ву. Бисинарш а бу халла бен чу-ара ца бовлалуш. Церан хьашташка сема хьовсуш бу социальни белхахой. Царна молханашца, кхачанан сурсаташца, кхечуьнца кхачо йо.
Россин Пенсионни фондан Нохчийчохь йолчу Отделенин векалша бечу хаамашца Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранашна-зIаьIапхошна хIора баттахь луш долчу ахчанан барам 41 769 сом бу. Ткъа оцу тIеман дакъалацархошна, юккъерчу барамехь, 39 652 сом ло хIора баттахь.
Цул сов, оцу тIеман заьIапхошна компенсацеш а ло. ХIокху шеран оханан (апрель) бутт болалуш цу тайппана компенсаци оьцуш цхьа стаг вара вайн регионехь. Цуьнан барам 8 622, 49 сом бу.
Иштта, Нохчийн Республикин Правительствон 2011-чу шеран асаран (июнь) баттахьлерчу №95 йолчу сацамца нийса а догIуш, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархошна массарна а кхитIе а 10 000 сом ахча даларца гIо-накъосталла до.
Цуьнца цхьаьна, оцу тIеман дакъалацархошна а, заьIапхошна а компенсацеш ло хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарх дIадала.
Цу тайппана компенсацеш луш ду церан доьзалшна а. ХIокху шеран хьалхарчу чийрикехь (кварталехь) хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарна компенсаци делла Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман 16 дакъалацархочунна. Царах шиъ заьIапхо ву.
2018-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман берриге а дакъалацархошна (хIоранна а) 30 эзар сом ахча а, кхачанан сурсаташ а делира. ГIиллакхе дара ахча а, сурсаташ а церан цIа дIа а хьош дIаделар. Шайца иштта гIиллакх лелорах боккха кхаъ хилла бара ветеранаш.
Нохчийчоьнан могашаллаIалашъяран министерствос хIора шарахь дIахьо оцу тIамехь дакъалаьцначеран могашалла таллар. Цуьнца цхьаьна ветеранашна а, тIамехь кхелхинчеран гергарчарна а, тIеман ветеранашна а молханашца, мехашца гIо до. Больнице охьавиллар а, дарбанаш лелор а, рогIе ца хьоьжуш, хьалхарчу декъехь деш ду.
Больнице бахка аьтто боцучу, дIасабаха гIорасиз болчу тIеман ветеранашна а, заьIапхошна а лоьраша церан цIа дIа а лелаш дарбанаш а до, церан могашаллин терго а йо. Лоьрийн тидамера ваьлла вац Сийлахь-боккхачу Даймекхкан тIеман цхьа а дакъалацархо.
ТIеман ветеранийн а, заьIапхойн а социальни хьашташ кхочушдеш ю вайн регионера комплескни 20 туш. Оцу туьшийн белхахоша шайн хIора дийнан тидамехь латтадо церан хьашт-дезарш. Масала, гIо до ков-кертара, хIусамашкара гIуллакхаш деш, цомгаш волчуьнга хьожуш. Цу тайппана гIо дина хIокху шарахь тIеман 6 ветеранна а, царах йисинчу 11 зудчунна а, тылан 23 къинхьегамхочунна.
Социальни, могашалла тояран хьелаш бегIийла а, аьхна а хилийтаран Iалашонца бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран организацийн а, туьшийн а материально-техникин бух чIагIбеш, керла техника, йийбар, кхиерг оьцуш, цаьрца кхачоеш дуккха а гIуллакхаш дина. Цо таро елла тылан 27 къинхьегамхочунна компьютера тIехь болх бан Iамо.
Кхин цхьа хIума а ду шена тидам тIебохуьйтуш. ТIеман ветеранийн а, заьIапхойн а хьашташ мелла а сиха а, эвсаре а, дика а кхочушдаран Iалашонца вовшахтоьхна «каде бригадаш» ю уьш.
2003-чу шарахь дуьйна болх беш ю цу тайпана бригадаш. Социальни хьашташ кхочушдеш мел генарчу юьрта а кхочу уьш. Оцу тобанна (бригада) юкъахь хуьлу социальни хьашташ сихха кхочушдаран отделенин цIахь социальни хьашташ кхочушдаран отделенин заведующи, социальни белхан говзанча, юрист, психолог, лор, социальни кхиболу белхахой. Оьшуш хьал хилча «кадечу бригадашна» юкъабалабо кхечу дакъошкара говзанчаш а.
Оцу дерригено а таро ло бахархойн, къаьсттина Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранийн а, тылан къинхьегамхойн а хьашташ сихха а, дуьззина а, дика а кхочушдан.
Билгалдаккха деза «кадечу бригадаша» деза денош тIекхочучу деношкахь, цу юкъахь Толаман Де тIекхочуш а, ветеранашна шайн ков-керташ цIанъеш, бошмаш охкуш, хIусамаш тоеш, чуьра кхин гIуллакхаш деш гIо-накъосталла деш хилар а.
Цундела, тIеман ветеранаш а, царах бисина зударий а, тылан къинхьегамхой а реза бу шайн социальни хьашташ кхочушдарна, шайн хаддаза терго ярна.
Хь.САИДОВ
№38, шинара, хIутосург (май) беттан 22-гIа де, 2018 шо