(Александровски-Первомайски – Митаев Iелин цIарах урам)
Паччахьан эскарехь 25 шарахь гIуллакхдина бевллачул тIаьхьа салташна бакъо луш хилла Буьрса гIопал арахьа (гIопана уллехь) баха ховша. Россехь шайга хьоьжуш да-нана, йиша-ваша доцу салтий баха хевшича, уггаре а хьалха биллинчу урамех цхьаъ бара Александровская цIе ерг.

1850-чу шарахь Нохчийн махкахь хиллачу паччахьан Александр ШолгIачун цIе тиллина берг уггаре а коьрта урам ларалуш а бара. Коьртачу декъана, оцу урамехула дIасалелаш бара эскаргIуллакххой а, маьрша нах а. Буьрсачу гIопаца ша тайпа зIе латтош хилла оцу урамо.
Оьрз-ГIалара, Шелковскера, Новр-ГIалара вогIуш верг а оцу урамехула вогIура. ВогIучунна дуьхьал богIура «ЦIен Ков» Триумфальни нортал йолчу. Новкъа воккхуш верг а, цига кхаччалц новкъа воккхура. Ткъа и Триумфальни Нортал паччахьан Александр ШолгIачун сийнна йина яра, иза гIопе вар иэсехь дисийта.
Первомайски а, Кабардински а урамаш жIардовлучу меттехь лаьттира «ЦIен Ков» 1932-гIа шо тIекхаччалц.
Трамвайн некъ буьллуш, оцу шарахь дIадаьккхира и ков. Первомайски урам Соьлжа-ГIалахь уггаре а дукха дитташ, соьналла йолуш бара. ГIашлойн некъашца дIахIиттийна гIанташ дара. Диттийн IиндагIашкахь а, тийналлехь а садогIура гIалахоша. Ураман шина а а агIор цхьацца, шишша гIаьтнаш долуш цIенош дара.
Юьхьанца кхин беха а бацара иза – кхо бIе гIулч. ГIопан коьртачу кевнера (хIинца мехкадаьттан университетан гIишло йолу меттиг). ЦIен триумфальни кевна тIекхаччалц.
Оцу урамехь историн маьIна долу дуккха а хиламаш хилла. Дуьххьара кхузахь даздира Хьалхара май. Къинхьегамхойн цхьабарт хиларан деза де санна Хьалхара май Соьлжа-ГIалахь къайлаха Ширачу промыслийн белхалоша мехкадаьтта доккхучу «Шпис» фирмин Неклепаевн куьпахь 1903-чу шарахь билгалдаьккхира.
ХIетахь, Хьалхарчу майхь балхара дIабаьхначу накъосташца цхьабарт хиларан митинг дIаяьхьира. Цара толам боккхуш чекхъелира иза. Мехкадаьттанхойн лехамаш дIахезира. Фирмин куьйгалхочун юха балха схьаэца дийзира балхара дIаваьккхина хилларг. Белхалой цигахь дуьххьара шайн ницкъах тийшира.
Даррехь Хьа лхара май Соьлжа-ГIалахь даздира 1906-чу шарахь, оьрсийн хьалхарчу революцин цхьа шо кхаьчначу шарахь. Дукхах йолчу предприятийн белхалоша сацам бира Ширачу промыслашкахь маевка ян а, гIали юккъехь демонстраци дIаяхьа а. Iедална хиира белхалоша дан дагалаьцнарг. Цо гIала эскарех дIаюьзира. И бахьанехь демонстраци йойла цахилира.
Дуьххьарлера йоккха демонстраци хилира 1907-чу шеран (1-чу майхь) хIутосург беттан хьалхарчу дийнахь. Соьлжа-ГIаларчу предприятешкара 10 эзар гергга белхало вара цигахь дакъалоцуш. Царна юкъахь нохчий а бара. Хьаххийначуьра аьлча, 1917-чу шарахь революци хилале хьалха гIалахь Iаш 3 эзар гергга нохчи вара.
Iедало дихкина дара демонстраци дIаяхьар, Хьалхара май даздар. Губернаторан омранца нийса а догIуш пхи туьма гIуда тоха я тIеман-политикин кхиэл ян йогIура цигахь дакъалаьцначунна. Дукхах болчарна хаьара иза.
Делахь а, шайна болчу кхераме хьаьжна ца Iаш уьш (Дровяная) Дечиган майдана митинге дIабоьлхура. Митинг дIасалалла полицин а, гIалагIазкхийн а взвод яхийтира. Полицмейстеран омра кхочуш а дина дIасабовларан метта митинган дакъалацархоша взводана гобира.
ГIалагIазкхий ийзош говрашкара охьабехкира. Белхахойх кхерабелла шаьш хIун дийр ду ца хууш гатбелла хьаьвзира уьш. Юха, Соьлжи чу а лелхаш, бевдда кIелхьара бевлира гIалагIазкхий а, полицин белхахой а.
Нохчийчохь Советийн Iедал дIахIоьттича, 1920-чу шарахь тиллира Александровски урамна Первомайски цIе, ткъа Дечиган майданна Къийсаман майда. И хиламаш тIаьхьенийн иэсехь бисийтаран Iалашонца дина дара иза.
1950–1970-чуй шерашкахь оцу майданахь хьехархойн (тIаьхьа университетан) гIишлош йира. Первомайски урамехь а йира башха гIишлош, дукха гIаьтнаш долу цIенош, могашаллаIалашъяран, дешаран, культурин учрежденеш.
ТIаьхьарчу шерашкахь хиллачу тIемаша йохийра дукхах йолу гIишлош. Уьш чекхбевлча урамна Митаев Iелин цIе а туьллуш, меттахIоттийна мехкадаьттан университетан коьрта гIишло. Оцу урамехь йина кхин а дуккха а исбаьхьа гIишлош.
Тахана цигахь яцахь а, историн маьIна долуш а, мехала а гIишлош хилла хьалха оцу урамехь. Цуьнан юьххьехь яра республикин больница. Масех куп дIалоцуш йоккха яра иза, дукха дитташ а, бес-бесара зезагаш а, нахана садаIа меттигаш а йолуш.
XIX-чу шеран 30-чу шерашкахь Буьрса гIопан госпиталь хиллера цигахь, ткъа Советийн Iедал тIедеъча, Нохчийн автономни областан дарбанаш лелоран коьрта учреждени хилла дIахIоьттинера.
Госпиталь йолчу хенахь, 1847-чу шарахь цигахь болх бинера дуьненна а вевзаш волчу хирурга Н.Пироговс. Дуьххьара наркоз яр аренан хьелашкахь юкъадаьккхина волчу оцу профессора гергарлонаш лелош хилла нохчийн дарбанчашца.
Цхьа-ши куп сехьа ваьлча, Первомайски а, Ильински а урамаш вовшахкхетачохь (и урам хIинца бац) цхьа гIат долуш ехха гIишло хилла. Эсарахьлера (октябрехьлера) революци хилале хьалха цу чохь гIалин суд хилла, ткъа 1925-чу шарахь и цIа белхалошна дIаделира, цу чохь петарш а йина.
Кабардински а, Гикалон цIарах а долу урамаш жIардовлучохь гIалин хьалхарчу больницин йоккхачу комплексан гIишлош яра. Уьш йинера XX-чу бIешаран 30–40-чуй шерашкахь, 1932-гIа шо тIекхаччалц (Четвергови) Еарин цIе лелош хиллачу майданахь. Цунах Еарин аларан бахьана хилла хIора еарин дийнахь цигахь гIалагIазкхаша а, ламанхоша а, гIалахоша базар хIоттош хилла хиларна.
ХIетталц яьсса лаьттинчу Еарин майданахь 1935-чу шарахь гIалин хьалхарчу больницин а, гIалин коьртачу поликлиникин а гIишлош йира. Нохчийчохь тIемаш болуш йохийна дIаяьккхина йолу иза хIинца керла куц-сибат эцна дIахIоьттина. Иза кхин а хазъярна тIехь къахьоьгуш бу гIишлошъярхой а, архитекторш а.
Оццу 30–40-чуй шерашкахь Первомайски урамехь, 50 петар чохь йолуш, «Говзанчийн цIа» дира. Шиъ дара и шиъ. ТIеман шерашкахь дохийна дIадаьхна уьш. Оцу ураман аьтту агIор шена тIе тидам озош кхин хIара ю аьлла гIишло яцара, ши гIат долу хьешацIа ца лерича.
1912-чу шарахь цхьана совдегаро дина дара иза. 30-чу шерашкахь хьешацIийнах нах чохь Iаш болу цIа дира. Нохчийчохь тIемаш буьйлабаллалц нах Iийра цу чохь. ЦIа хIинца а долуш ду.
Ураман аьтту агIор хиллачу гIишлошна юкъахь шена тIехь тидам сацо хьакъ долуш ю «1-чу Майн цIарах беш» Нохч-ГIалгIайчохь а, цул генна арахьа а евзаш эстрадан майда яра иза 1995-гIа шо тIекхаччалц. БIе сов шо хьалха совдегархочо Чернявскийс ша Александровски урамехь эцначу лаьттан декъа тIехь сцена а йира, тIехь тхов боцуш, хьавсархойн майда а йира, чухчареш, чIерий долуш айма а яйтира, бешахула волавала некъаш, аллейш яхкийтира.
1920-чу шарахь Черняковскийгара беш схьаяьккхира Советийн Iедалан векалша. Цунах «I-чу Майн цIарах беш» йира. Соьлжа-ГIалин культурин дахаран туш хилла лаьттира иза 1995-гIа шо тIекхаччалц. Цуьнан сцени тIехь 1912-чу шарахь шен дуьххьарлера «Синкъерамехь» пьеса хIоттийра нохчийн дуьххьарлерчу драматурга, режиссера, актера Гаттен-Калинский (Шерипов) Назар-Бека.
60–90-чуй шерашкахь «1-чу Майн цIарахчу Бешахь» концерташ елира Европин, Россин, Нохч-ГIалгIайчоьнан эстрадин, театран, балетан гоьбевллачу дуккха а артисташа: Утесов Леонида, Эсамбаев Махьмуда, Магомаев Муслима, Антонов Юрийс… Уьш берриге а багарбина вер а вац… Иштта яр-кха иза, жима, делахь а берриге а гIалахошна а, Нохчийчоьнан хьешашна а дукхаезаш йолу культурин а, историн а маьIиг – «1-чу Майн цIарах Беш».
Цул дехьа, 1938-чу шарахь йина №7 йолу юккъерчу школина тIекхаччалц, ураман аьрру агIор кхин цхьа а бIаьрла а, мехала а гIишло ца хилла, Тезин ши гIат долу аптекан шира цIа ца лерича, XX-чу бIешеран юьххьехь дина долу.
Нохчийчохь тIом болуш йоккха бомба тоьхна дохийна иза. Вай хьахийначу школехь 1941–1943-чуй шерашкахь тIеман госпиталь хилла, Соьлжа-ГIаларчу ерриге а школашкахь бохург санна хилла йолу. Доцца аьлча, и ду-кх вайн таханлерчу Митаев Iелин цIарах болчу ураман дIадаханчух лаьцна ала.
(Пайдаэцна Кусаев Iадизан «Город Грозный» книги тIехь йолчу материалех)
С.ХАСАНОВ
№38, шинара, хIутосург (май) беттан 22-гIа де, 2018 шо