Цхьаъ мукъане елара…

Воккха стаг оьгIазъоьху. КIеззиг ла а дугIий, велакъежарца, куралла кхуссу цо:

– Вон, хьаха, дара и шаьлтанаш, тарраш доцург кхин герз доцуш Ичкерийн майра кIентий белахьара.

– Делахь и хир ду-кха ГрачевгIара, герзана вай мел сутара ду хууш, шаьш дIадоьлхуш, гарнизонашкахь вайга зIиздайта, вовшийн дайъийта вакъаб дина герзаш:

– ХIай-хIай, шаьлтанех тешна-м, хьо ваха, бац нохчийн бIаьхой!

– БIаьхошкахьчул сов хир ду хьуна и герзаш духкуш-оьцуш пайда бан гарнизонашкара цIа идийначаьргахь. Мор буззуш, пеша тилла бераша чуоьцучу даьккхинчу дечигах терра.

– Оццул дукха хилале-м къематде деа делара. Автомат я тапча цхьаъ мукъане елара. Оцу буьйсанна гарнизонехула лела карах дериг ца хилла, висира со оцу хIонсан декъа ца воьдуш.

– Ваха а, лела а, къовса а карах даьллехь, декъа гIур волуш-м хилланий хьо?

– ТIаккха-ткъа? Хьанна луур дацара цкъа лаг оьзча, масийтта мостагI охьавилла йиш йолу герз хила…

– Хьан тIом бен хан ма яц, я шаьлташца а, я автоматаца а. ВоIана я йоIана совгIат дан воллу хир вара хьо и герз делла?

– ВоI, йоI хилча-м, эцна а лун дарий ас и совгIат…

– ХIа-а, цундела хилланий хьо, нехачеран ойла ца еш, нах тIом бан яхьбохуш…

ТIамо герзашний, адамийн кхетамний юккъера къинхетам дIа а боккхий, къизалла хоьцу юккъе. ТIеман стратегаш-инарлаш, политикаш гIадъоьхуш Iа кIедачу гIанташна тIехь, гоьл тIе когаш бохуш. Вовшийн карах герзаша адамаш халлакдаран, цIий Iаноран бала царна ца го Iожаллийн «толамаш» бахарна шайна лур йолчу орденийн, мидалийн къагарша нур детташ, Iаьржачу куьзганашна тIехьарчу къизачу бIаьргийн серло яйарна.

Къаьмнашна юккъе шаьш дузучу мостагIаллин, Iожаллин орца дахар ца хеза къизалло къарбинчу тIеман инарлашна. Политикаш, пачхьалкхан идеологи чIагIъяран хабарш шардарца, шайн декхарш кхочушдинарш, депутацин, гуманитацин хьашташна шаьш дуьззина жоп делларш лоруш, паргIатбовлу.

Къаьмнийн, халкъийн патриоташа, – леш болчара тIаьххьара деш долу весеташ, ах-улх, меженаш йоцуш буьсучара садетташ, къуьйлу шийла, гIийла узарш хаззане а ца хеза, «тIамо-воI ца во, тIамо-воI воь» бохучу халкъан кицанах кхеттане а ца кхеташ санна…

Воккха стаг ша Iаччохь, сера дайна къуьрдиг санна дIа а, схьа а хьакхало. Дехачу гIантан букътухийлина тIе аркъал таьIа. Шен Iаса хаьнтIе нисйо, тур санна. ТIаккха, цхьа бендацараллин Iаьнарца олу:

– Дера, хIета, воI а, йоI а ца юьйш кIайн гIазот даккха-м лур дац…

Кхоьру-кх со, кхоьру
Къонахий кхачорна.
Уьш боцуш вайн пхьоьха,
Кхеташо йохарна.
Вайн эрна боьхна барт
Юха цатарна,
И бен а ца хеташ
Ямартхой дебарна,
Кхоьру.
Къекъачу герзаша
Бераш делхорна,
Дог хьаста да воцуш,
Бала балхорна.
Еларха Iабаза
И яххьаш кхоларна,
Наноша тийжамца
БIаьрхиш Iенорна,
Кхоьру.

(К.Д.)

Воккхачу стагаца болу дешан къовсам кIордийна тхо Iачу хенахь, цхьа генара гарехь шега безам боьдучу куьцара къано го тхуна тхаьш долчу агIорхьа схьавогIуш. Лекхачу дегIара, оьзда гIодаюкъ кхелинчу шаьлтанций-доьхкарций къевлина ю цуьнан.

Шина хаьнтIахь цхьацца детин кIурбиллина хIайкал ду, шинна а тIера охьакхозуш кхоккха мотт а бу, кхозуш Iахаран маттах тера.

Коьртара куй беха хьаьвзина чо болчу боьмашчу холхазан бу. Куйнан еха кIинжаш бIаьргийн цкъоцкъамашна тIекхевдина, мардена ца гучохь несо шен бер, хьостуш, караэца кховдийначу ховхачу куьйгех тера.

Къаночун когарчу тIаьрсиган шина пезагна тIехула буьйхина бу гуьржийн пхьераша тегна, турс лацаро хазбина хьаргIанан тIам санна, Iаьржа ши кIарх. Куьпчийн пхьераша дина маьIан суьлхьанаш аьтту куьйган пIелгашца хьийзош вогIу къано. Цуьнан къеначу боларца шен къона болар нисдеш, меллаша вогIуш жимха а ву цуьнца, цуьнан бустамаш долу исхаран чоа, дохка базара даьккхича санна, шен пхьаьрса тIехь лерина нисдина а долуш.

ВогIуш волу къанениг а, къонаниг а тхайна тIекхачале дуьйна, къаночун сий деш, гIевттина лаьтта тхо. Цо, шен Iаса куьйгана кIелахь сацош, салам дели тхоьга:

– Ассаламу Iалайкум, бусалба вежарий!

– Ва Iалайкум салам, воккха дада! Марша вогIийла шуьшиъ!

– Маршалла хуьлда шуна! Тхойшиъ сецча, новкъа-м хир вац шуна?

– Воккха дада, новкъа-м муххале а хир вацара шуьшиъ. Ца соцуш, шуьшиъ тIех ма валахьара, бохуш ма Iара тхо.

– Дела реза хуьлда шуна! Ма дика ду-кха, тхойшиъ, ца соцуш, тIехвалахьара, аьлла шуна дагадеана доцуш. Дала лардойла вай вовшех бIаьрг бадарх!

– Амин. Амин. Амин. Схьавола, хIоккхуза. ХIокху воккхачу стагана юххе охьахаа. Шуьшиъ цхьаьна тарлур ву. Товш хир ву…

Цуьнца волчу жимачу стага, пхьаьрс-куьг лаьцна, тIам тIехь чов хилла дархо накъосто санна, лерина, ларвеш, охьахааво къано. Къаночун терго жимачу стага хаза, лела хууш ярна, гуш мел волчун бIаьргбуьзна цунах.

Къоналлин эсалалла а, духаран хазалла а, цхьа шатайпа, товш ю цуьнгахь, массеран а тидам, безам шена тIе боьрзуш.

Цуьнан элдар дегIа тIехь исбаьхьа го нахана, ветанаш долу баьццарчу бархатан коч а, хеча а, коьртара пес а, чухьожу куьзга санна, къегина кIарула-Iаьржа ши маьхьси а, кучан четан дакъа а, киса а цхьаьнадоьзна сахьтан дешин зIе а, цIинлучу беттан-седанан сурт тIехь долу аьтту куьйган пIелга тIера датон мухIар а.

Жимачу стеган и дерриге а куц-кеп, оьздангалла дагайоьхна, цунах хьаьгна Iаш бу нах. Шляпа йолчо массеран а дагахь дерг хууш, кхин цхьа а шел хьалха вист ца хуьлий хиъча, хотту къаночуьнга:

– Воккха дада, хIара жима стаг муха гергара ву хьан?

– ЦIе Мовсар ю кхуьнан. Сан кIентан кIант ву хIара.

– Хьан кIант, хIокхуьнан да волуш вуй?

– Вац, шу марша. Мовсар шо кхаьчна волуш, дIаваьлла хIокхуьнан да…

– Мовсаран ваша а, йиша а дуй?

– Дац. Цхьаъ бен вац Мовсар. Цхьаъ бен вацара Мовсаран да а, цхьаъ бен ца хилла со а.

Иштта, цхьацца бен ма хуьлда, аьлла хиллачух тера ду тхан цIийнан кхоллам.

– Воккха дада, Мовсар Дала вахавойла хьуна.

– Амин. Дела реза хуьлда.

– Мовсаран нана юй?

– Ю. АлхьамдулиллахI! Вайн Пайхамаран Делера салам-маршалла хуьлда цунна, ненан цIархо ю – Аминат.

– Шуьца юй иза?

– Тхоьца ю.

– Ой ткъа, сел жерахь йисина йолу иза ма дика Iийна?

– Дера, Мовсаран ден нанас а, ас а, вовшех дага а даьлла, хьаха ма динера Аминате:

– Аминат, хьан мардас а, ас а хьайн лаамехь хила пурба ло хьуна. Тхойшиъ дийна мел ду охашимма Мовсарна гIело хуьлуьйтур яц хьуна, аьлла.

Аминат, шен юьхьа тIе ши куьг дадийна, йилхира, боху Мовсаран денанас:

– Ва нана, хаьттира, боху Амината, – хьуна со оццул са кIезиг, осала хета бахьана далийтина техьа ас, елла яла со делаI?

Елхаран хьинкIашна юккъехула, са юха а ца хьакхалуш, Амината бехк баьккхича, ша цул а къаяьлла йоьлхуш, элира боху цуьнга:

– ВаллахIи, Аминат, ца далийтина ахь хьайгара цхьа а тайпа бахьана а, шеко а…

– Ас далийтахь, гIаж тоьхна кех яккхалаш со…

– Нана, суна хьо суо йина нана санна ма еза. Дада сайн дика да санна ма веза, – элира боху Амината.

– Цундела хир ду-кха, Аминат, тхойшинна хьох, деган лазамца, къахетар, – ша аьлча, несо элира боху:

– Нана, къаналлехь воI а, йоI а йоцуш дисина шуьшиъ дIа а тесна, сайн ноналлин парз дицдина, сайн син, дегIан лай хилла, и жима са кхабар-кхиор шуна тIе а дожийна, дуьненан зовкх хьеггал со шайна хераер ю хIунда моьттина техьа дадина а, хьуна а?

– Аминат, ма елхахьа. Со а ма елхаехьа, – аьлла, ша хьостуш, иза мара йоьллича, цо шега, юха а елхарца, элира боху:

– Елха муха йоьлхур яц, ва нана. Делан кхиэл лелла, Дала гIазот къобалдойла цуьнан, Далла дуьхьал ваханчу шайн кIентан цIе а, сий а лар ца даллал со эхь-бехк дайна хир ю хIунда моьттина ва нана, хьуна а, дадина а?

Шен боцчу бенахь, шен йоцчу нене кIорни-чантал кхиайойтучу атйокхах тера со хир ю хIунда моьттина техьа? – бохуш, еха йоьлхура, боху Мовсаран нана Аминат…

ЛадугIучу нехан бIаьргашкахь хиш къега девлира.

(ТIаьхье хир ю)

Д.КАГЕРМАНОВ, нохчийн журналистикин къано

№38, шинара, хIутосург (май) беттан 22-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

1 комментари йазйина хIокху “Цхьаъ мукъане елара…” йаздарна бухахь

  1. Кхуьнан тӏаьхье арахецча соьга хаийтир доьху… Вакъаб ӏаьрбойн вакъаф боху дош ду а ала яздархочуьнга. Ларамца

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: