Сулейманов Ахьмад… Къегина похIма долу поэт, мехкан илланча, нохчийн къоман яхь йолу кIант. Къилбаседа Кавказехь дика вевзачу поэтах Сулейманов Ахьмадах лаьцна, мел дукха эпитеташ ялийча а сов хир яцара. Шен дерриге а дахар дIаделла цо нохчийн халкъан доьналла, ненан меттан хазалла кхайкхош.

Нохчийн халкъах схьаваьлла, цу халкъан лай хилла чекхваьлла иза, мел яккхий халонаш шена тIехIиттарх, жималлехь юьхьарлаьцначу къилбанах ца туьлуш.
Сулейманов Ахьмад поэт хилла Iаш вацара. Цуьнан башхачу хьунарийн доза дан а дацара. Иза поэт, яздархо, этнограф, художник, музыкант вара. Сулейманов Ахьмадан хьаналчу къинхьегамо йитина лар йийцина ца валлал йоккха, маьIне ю. Нохчийн къоман синбIаьвнех цхьаъ ву иза.
Бералла
Цхьаболчу биографаша дийцарехь, Сулейманов Ахьмадан схьавалар Итон-Кхаьллан кIоштарчу Тазбичи юьртахь хилла. Цуьнан да Муртазан Сулима дикка таро а, хьал-бахам а болуш стаг хилла.
Шен долахь дуккха а латта, жа, бажа долуш. Нохчийчохь вевзина ца Iаш, генна дозанал арахьа а вевзаш хилла иза. Кест-кеста Гуьржийчуьра, жIайхойн махкара хьеший лаьтташ хилла Сулима волчохь. Хьешашца шуьне хууш чIогIа самукъадолуш стаг а хилла иза.
ХХ-гIа бIешо долалуш, шен вешица Мохьмадца лома чуьра охьаваьлла, Хьалха-Мартан кIоштарчу Олхазар-КIотарахь латта эцна, цу тIехь шайна ков-керт доьгIна, ваха а хиъна Муртазан Сулима а, цуьнан ваша Мохьмад а.
Йоза-дешар мелла а хууш хиларна Олхазар-КIотарарчу бахархоша цкъа-шозза юьртда хаьржина хилла иза. Нохчийчохь вевзачу Муртазан Сулимин доьзалехь 1922-чу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу дийнахь дуьнен тIе ваьлла ву Ахьмад. Цуьнан ши ваша, цхьа йиша хилла.
Воккхах волу ваша Тимарболат Дона-тIерачу-Ростовехь институт чекхъяьккхина хилла. Ткъа Ахьмадан шолгIа ваша Мутуш Нохчийчоьнан массо а маьIIехь махкахоша сий-ларам беш кIорггера дешна Iеламстаг вара. Къеггина похIма долуш хилла Ахьмадан йиша Кхокха а. ХIалха-Мартан кIоштахь евзаш пондарча хилла иза.
Ахьмада Олхазар-КIотарахь чекхъяьккхина школа. Юьхьанцарчу классашкахь доьшуш волуш дуьйна чIогIа книгаш ешар марзделла хилла цунна. Къаьсттина дукха езара кIантана Пушкинан, Лермонтовн, Есенинан поэзи. Лерса сема долуш, цкъа хезна мукъам схьалацалуш, тIаккха иза дечиг-пондар тIехь бало хууш хилла Ахьмад.
Говза сурт дилла хууш а хилла цунна жимачохь дуьйна. Цо диллина Шерипов Асланбекан сурт Нохч-ГIалгIайн Республикин музейхь хилла. Амма вайнах махках баьхначу муьрехь, Шерипов Асланбекан сурт а, и санна болчу кхечу турпалхойн суьрташ а тIепаза дайна.
Школа чекхъяьккхина ваьлча, Сулеймановс тайп-тайпана белхаш бина: школехь, халкъан серлонан комиссариатехь, комсомолан райкомехь. Дукха хьалхе байташ язъян а волавелла иза.
Ямартлонца немцойн фашисташа СССР-на тIелатар динчу хенахь, Ахьмадан патриотизман байташ кест-кеста зорбане юьйлуш хилла шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь. Цара кегийрхойн дог-ойла ир-карахIоттош хилла, Даймохк беза Iамош хилла, уьш дикане, доьналле, майралле кхойкхуш хилла. Цуьнан байташа дог-ойла айъина дукха кегийрхой мостагIчунна дуьхьалбовла тIеман ара дIахIиттийна.
Бакъду, мел маьIне байташ нохчийн поэташа язйинехь а, мел дукха къонахий Даймехкан сий лардан тIаме дIахIиттинехь а, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь, Сталинан хьадачалша къинхетамза махках даьккхира дерриге а нохчийн халкъ.
Дай баьхна латта дуьтуш, махках валар тIедоьжна Ахьмадна. Ткъех дийне бахбелла шийла некъ. Некъан бохалла хьарчош марчо доцуш, доккхуш сагIа доцуш, хIора социйлехь охьадохура декъий. Къоьжачу къанойн бIаьргаш чохь тийна Iаьржа гIайгIа, нанойн гIийла тийжар, берийн мацалла делхар гина, лайна, шен экамечу сица хуьйдина ву иза.
Хийрачу махкахь
Дерриге а нохчийн халкъо санна, мацалла, шело, гIело, Iедалан векалийн къизалла лайна дай баьхначу лаьттах баьхначу СулеймановгIара. Делахь а, Мутушан корматалла бахьанехь, Делан къинхетамца, цхьа а мацалла валар а доцуш, хене бевлла уьш.
ВорхI шо кхаьччахьана дагахь Къуръан хууш хилла Мутуш. Казахашна иза боккха кхаъ хеташ хилла. Цара кест-кеста кхойкхуш а, вуьгуш а хилла иза Мовладе а, шайн Iийданашка а.
ЦIавогIуш карахь-куьйгахь сагIина даарех цхьаъ кховдош а хилла, цунах пхьор деш хене бевлла СулеймановгIар.
Цхьаъ бен йоцчу йишин Кхокхин а аьтто баьлла хилла цIера арадохуш шен гIабалица долу доьхка а, туьтеш а схьаэца. Уьш цIеначу деших дина хилла. Мацалло ницкъ бан боьлча, цхьана мIаьргонна ойланашка ца йолуш, схьалуччух дIадоьхкина уьш Кхокхас.
Ткъа нохчашна дIасабовла бакъо яьлча балха араволу Ахьмад. Юьхьанца цхьана а нохчичух Iаьржа болх боцург тешош бацара. Делахь а, вайнахана тIехь луьра таIзар латтош долчу Iедало мелла а урх малъян йолийча, А.Сулейманов Семипалатинскерчу хьехархойн институте деша воьду.
Хьалхарчу курсан студент волуш дIаболабо цо этнографин болх. Советийн Iедалан бIаьхо хилла дIахIоьттинчу Ахьмада, чIогIа хала ловра Iедало шен халкъ махках даккхар. Иза кхоьрура нохчийн къоьжа лаьмнаш кхин цкъа а шена цагарна.
Цундела шен дай баьхначу лаьттан цхьа эгIаза мукъане лар йита лууш, дIаболийра цо топоними хIотторан болх.
Юьртара юьрта воьдуш, къаношца къамеле вуьйлуш дIаязйора цо нохчийн кIоштийн, яртийн, кIотарийн цIерш. Иштта, билгалдоккхура нохчийн тайпанех, тукхамех дерг. Йицъяларна кхоьруш дIаязйора шовданийн, раьгIнийн, аьрцнийн цIерш.
Бераллехь нохчийн халкъан бартакхолларалла кIорггера хууш а, дукхаезаш а волчу Ахьмада лерина дIаяздора къаноша мел аьлларг, дийцинарг, хьахийнарг. Дукха болх бу цо хийрачу махкахь воллушехь вовшахтоьхнарг.
Тахана Нохчийн къоман исторехь, культурехь, литературехь мах боцу беркат хилла дIахIоьттина цуьнан хьанал къинхьегам. Цундела массара а боккхачу ларамца йоккху Сулейманов Ахьмадан цIе.
1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь зорбане белира вайнахана Кавказе боьду некъ маьрша хиларан хьокъехь болу хаам. Сихонца Нохчийчу цIавирзира Ахьмад. Ша вина, кхиъна, аьрхачу бераллин зев- не шераш дIаихначу Олхазар-КIотарахь ваха хиира иза.
Цкъа мацах ша дешначу школе балха вахара. Дуккха а шерашкахь Олхазар-КIотарарчу юккъерчу школехь директоран даржехь болх а бира.
Уггаре а хьалха нохчийн къоман оьзда гIиллакхаш, ламасташ Iамадора Ахьмада шен дешархошна. Нохчаллех къилба дина баха Iамабора. Уьш цIархазмана деш къамелаш дацара. Поэт ша а вара даима а нохчаллех къилба дина вехаш. Хьал-бахам лоьхуш вацара иза цкъа а. Цуьнан синкъерам а, синбIов а ерриге а нана-Нохчийчоь яра.
Кхолларалла
Нохчийн башхачу поэтан Сулейманов Ахьмадан дерриге а дахаран коьрта болх ларалуш ю цо хIоттийна топоними. Юьртара юьрта воьдуш, регIара регIе вуьйлуш, аьрцнаш толлуш, тогIешка вуьссуш, ткъа шо сов хан яьккхина цо шен дай баьхначу лаьттан атлас хIоттош. Иза дийнна цхьана Iилманан-талламан институтан болх бара хьуьнаречу стага бина.
Кавказ йовзарехь, мехкан исторехь, лингвистикехь, этнографехь, археологехь керла дош дара. Еа книгех лаьтташ йолу топоними 1976-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIаларчу книжни издательствехь зорбане йоккхуш яра. Цуьнан тIаьххьара книга 1985-чу шарахь араелира. ХIора книга пхи эзар тираж йолуш яра.
ТIаьхьарчу тIаьхьенашна шайн дайн мохк бовзийтарехь, Iаламат йоккха хазна яра Ахьмада шен куьйга язйина охьайиллинарг. Цуьнан мах хадийна вер а воцуш.
Йоккха, сирла ю Сулейманов Ахьмада нохчийн литературехь йитина лар. Цо яздина хIора дош поэт схьаваьллачу нохчийн къоман хIо детталуш ду, дешархойн синкIоргене кхийдаш, дикане, догцIеналле, комаьршалле, маршоне, доьналле, Даймохк безаре кхойкхуш ду.
Ахьмадан поэзи нохчийн къоман беркатечу кханенах дегайовхо чIагIъеш ю, керлачу анайисте, дуьненан йистйоцу некъаш довзаре кхойкхуш ю. Поэтан хIора могIано дозалла дойту дешархочуьнга, хастам хиларо АллахI-Дала, ша нохчи кхолларх.
1967-чу шарахь дара Сулейманов Ахьмадан байтийн дуьххьарлера гулар зорбане яьлча. Цул тIаьхьа уьш иттех йовза аьтто хилира вайн. «Дегайовхо», «Дог дохден цIе», «Лаьмнийн симфони», «Ламанан шовда», «Даймехкан некъаш», иштта кхин а дуккха а яра уьш, тахана маьлхан зIаьнарех лепаш, нохчийн къоман литература серлайоху байтийн гуларш. Ахьмадан дуккхах йолу байташ вайн иллиалархоша мукъаме ерзийна, тахана а вайна хаза аьтто болуш ю.
Халкъо дезаш тIелаьцна А.Сулеймановн байташ тIехь даьхна иллеш. КIезиг бац поэта гочдаршкахь бина белхаш а. Дешан говзаллица, нохчийн меттан хазалла шен похIмица кхолуш гочйина А.Сулеймановс Пушкинан, Лермонтовн, Джалилан байташ.
Нохчийн къоман яхь йолу кIант, башха поэт, илланча Сулейманов Ахьмад дIаваьлла 1995-чу шеран асаран (июнь) беттан 20-чу дийнахь. Олхазар-КIотарахь дIавоьллина ву иза.
Нохчийн сийлахьчу поэтан Сулейманов Ахьмадна сий-ларам беш, юьртахь музей схьайиллина. Дукха хьеший лаьтта цигахь. Уьш башхачу поэтан похIме байташ езаш долу адамаш ду. Цуьнца йолу уьйр-марзо хадийта ца лууш, поэтан цIарца доьзна мел дерг хьоме хеташ, иза ваьхначу меттигах бIаьргкхетча дагна там хуьлуш схьагIерта аьлла хета генара хьеший а, Нохчийн Республикин массо а маьIIера дешархой а.
Шен халкъан дуьхьа ваьхначу бакъволчу поэтаца йолу зIе хедаш яц цкъа а. Иза бIешерашкахь еха поэзиезархойн дегнашна беркате тIеIаткъам беш.
ГАЗИЕВА Аза
№38, шинара, хIутосург (май) беттан 22-гIа де, 2018 шо