Соьлжа-ГIаларчу №14 йолчу гимназехь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула республикехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш бара ДЮСШ, РДЮСШ, ШВСМ-кара спортсменаш.
Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Цигахь хьалхара меттигаш ехира: Лорсанакаев Iабдул-Малика (45 кг.), Бопиев ИсмаьIала (55 кг.), Гигиев Мохьмада (65 кг.), Хусейнов Адама (71 кг.), Ибрагимов Iабдурахьмана (50 кг.), Дукаев Адама (60 кг.), Мучураев Бувайсара (77 кг.), Ахмадов Хьамзата (85 кг.).
ШолгIа меттигаш ехира: Губиев ХIарона (45 кг.), Тазыбаев Изнаура (55 кг.), Хамзаев Аюба (65 кг.), Мучураев Iаьлвис (71 кг.), Ибалаев Илеса (50 кг.), Дукаев Адама (60 кг.), Мусаев Килаба (77 кг.), Хаджиев Ризвана (85 кг.).
КхоалгIа меттигаш ехира: Гелагаев ИбрахIима (45 кг.), Темишев Мансура (55 кг.), Хамзаев Асхьаба (65 кг.), Бертаев Расула (65 кг.), Шаптукаев Мохьмада (71 кг.), Баширов Iаьлвис (50 кг.), Бабуев Хьамзата (60 кг.), Хамзаев Аслана (77 кг.), Курбанов Мусас (85 кг.).
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца, мехалчу совгIаташца.
З.ШИШХАНОВА
№38, шинара, хIутосург (май) беттан 22-гIа де, 2018 шо