БIешерийн кIоргенера серло

(Хайям Iумаран 970 шо кхачарна лерина)

Вайна юкъахь наггахь а стаг хир вац эзар шо гергга хьалха ваьхна поэт Хайям Iумар вуьйцу хазаза. Поэт, математик, музыкант, астроном, философ, астролог хилла иза.

Цкъа мацах цо бина Iилманан белхаш хIинца а шайн мехалла яза бу. Дукха хьолахь, цунах Хайям Омар олу. Ткъа цуьнан нийса цIе яккха хууш цхьа кIезиг нах бен бисина бац. Iумар ибн ИбрахIим аль Хайям Нишапури ю цуьнан нийса яккха йогIу цIе. Хайям цуьнан деда хилла, ИбрахIим да хилла.

Ткъа Нишапури 1048-чу шеран хIутосург (май) беттан 18-чу дийнахь Iумар дуьнен чу ваьллчу гIажарийн махкарчу гIалин цIе ю. Iумаран да а, деда а хьаналчу рицкъаца напха доккхуш, говза пхьераш хилла. Цундела, кIанте дешийта таро а, аьтто а хилла це- ран. Йоза-дешарехь хьалхара гIулчаш дас гIо-накъосталла деш яьхна Iумара.

8 шо кхочуш, Къуръан дагахь хууш хилла цунна. ХIинца хьафиз олу ишттачу адамех. 12 шо кхочуш Нишапурерчу хьуьжаре деша вахана кIант.

Кхаа шарахь хьуьжар боккхачу кхиамца чекхъяьккхина ваьлла, лаккхара говзалла караерзийна, хьаькам (лор) хиларан тоьшалла схьаэцна, дарбанаш дан волавелла иза. Амма цуьнан 16 шо кхаьчначу хенахь, ГIажарийн (Иран) махкахь ун даьржа. КIира юкъа ца дулуш, лахьтин кийра доьрзу кIентан да а, нана а.

Дела воцург накъост воцуш, цхьалха вуьсу кIант. Ша везаш кхиийначу, бакъдуьнена дирзинчу дех, ненах дисинчу ков-керта хьийза хала хиларна, дех дисина цIенош дIа а духкий, Самарканде дIавоьду иза. Цига Iумар вахар ларамаза дац. Оцу муьрехь и гIала дерриге дуьненан а Iилманан а, культурин а туш яра. Кхеттал хилчахьана Iумаран дахаран коьрта Iалашо цхьаъ яра – Iилманан кIоргенашка кхийдар.

Самарканде дIакхаьчча, Iумар хьуьжаре деша вахара. Амма кхуьнан хаарех цецбевллачу Iеламнаха, бутт балале, иза хьехархочун дарже ваьккхира. Масех шарахь болх бо цо хьуьжарехь. ТIаккха, хьехархочун болх дIатосий, Бухара воьду, дуьненна евзачу цигарчу библиотекехь шен хаарш тIедуза. Итт шо гергга хан йоккху Iумара ширачу жайнашна юкъахь, церан агIонаш луьстуш, шена маьIне хетарг схьаяздеш.

Бухарахь волуш йиъ трактат язйо цо математикин дозанаш шордеш. Цо Iилманан белхаш язбо геометрехула, тригонометрехула, астрономехула. Дуьххьарлера рузма юкъайоккху Хайям Iумара.

Дийца даьккхинчуьра аьлча, гIажарийн махкахь хIинца а лелош йолу рузма цкъа мацах цо бинчу талламийн буха тIехь лелош ю. Бухарахь бина белхаш, язйина байташ бахьанехь, дуьненна вевза Нишапурера схьаваьлла жима стаг. Сельджукин паччахь хиллачу Мелик-Шах Хьалхарчо 1074-чу шарахь кхойкхий, ша волчу дIавуьгу похIме поэт. Цо шена гергаозош 26 шо хан яра гIараваьллачу поэтан. Дерриге а дуьне дуй-
те аьлла, цуьнан башха байташ (рубаи) йоьшуш дара, цуьнан къеггинчу похIмех тамаш беш, цецдуьйлуш дара.

Ткъех шарахь гергга устаз (духовный наставник) вина Мелик-Шаха Хьалхарчо шена уллехь латтийра Хайям Iумар, цхьа хIума ца оьшуьйтуш. Амма 1092-чу шарахь паччахь бакъдуьнена воьрзу. ТIаккха поэтаца хьагI-гамо лаьцначу наха, аьшнаш вой, махках воккху Хайям Iумар, Сельджукин лаьтта тIе когбаккхар доьхкуш.

Хьоладайшна, цхьаболчу ямартчу молланашна иза цавезаран шен бахьана дара. Iумарал хьалха хиллачу поэташа мел язйина байташ паччахьаш, къоман турпалхой, молланаш хестош яра.

Ткъа Iумар могIарерчу адамех дуьххьара яздан волавелларг ву. Цул сов, сутаралла, хьагI-гамо, дарже кхийдар емалдеш яздина дукха могIанаш ду цуьнан. Цхьа шатайпа дуьнене хьежам болуш стаг хилла иза. Цо цкъа а дицдеш ца хилла кху харцдуьненахь вай дерриге а цхьана ханна даьхкина хьеший хилар. Хаддаза эхарта боьду некъ ларбаре кхойкхуш хилла поэт, ткъа иза сутараллица дуьненан дохнна, цкъа а лийр боцуш санна, тIебетталучу хьоладайшна товш ца хилла.

БIаьрмециг, ма цIийза, балхош хьайн бахам,
Писваьлла хьо леларх, цхьаъ бен дац дахар.
Мел деши ахь гулдарх азалле хьайца
ДIабахьа оьшур бац буьртиган ах а.

Иштта хьекъале дешнаш яздора поэта шен исбаьхьачу могIанашкахь. ТIаккха уьш йоьшуш болчу мисканийн самукъадолура, Хайям Iумара шайн дагахь дерг, рифме дерзийна дуьнене дIакхайкхош. Заманан йохалла, шайн маьIна, мехалла ца йовш, схьакхаьчна дуьненан поэзехь жовхIарех лепаш серлаюьйлу цуьнан байташ.

Бевза суна цхьа нах, аьлча а сонта варраш,
Вота санна баьсса, вуно даккхий хабарш.
Лайн амал ю церан, хьан цIе елахь йоккха,
Кийча бу уьш кего хьуна хьалха гIамарш.

Сельджукин махкара араваьккхинера аьлла, воьхна ца хьаьвзира Iумар. КIордадаллалц дуьне гездеш лелла, эххар а, ша дуьнен чу ваьллачу Нишапури юхавирзина, цкъа мацах ша дешначу хьуьжаре балха хIоьттира, хьехархочун дарже. Хьолана вукъвелла иза цкъа а ца хиллера. Веза-Воккхачу Дала шена деллачух тоам беш, хене вуьйлуш хилла.

Жимачохь юьхьарлаьцначу къилбанах ца туьлуш, шен хан тIекхаьчча са цIена Далла дуьхьал вирзина стаг ву иза. КIорггера хаарш, сирла кхетам болу поэт дика кхеташ хилла кху малх кхетачу лаьтта тIехь вай дерриге а цхьабосса хьеший хиларх.

Рум, ХIина, Мисара когаш кIелахь латтош,
Хилча кху дуьненан хьо цхьа воккха баьчча,
Вайшиннан цхьатерра бахам хир бу кхана:
Кхузза хьарчо марчо, кхо-диъ дол латта.

Алссам хабарш хеза, дистина догIучу хино санна, чалхаш текхош еанчу кху тIаьхьарчу заманахь. Цхьаболчара чIагIонаш йо Хайям Iумар хилла а вац бохуш.

Вукхара иза Делах ваьлла стаг хилла, цуьнан говзарш бусалба нахана еша магош яц бохуш чIагIонаш йо. Дуьненан литература толлучу Iилманчаша чIагIдарехь, Хайям Iумар хилла ву, цо язйина 300 сов говзар дуьнен тIехь долчу дуккха а къаьмнийн меттанашка яьхна. Шена хетарг, цхьаннах ийза ца луш, цо яздеш хиларо чIагIдо Хайям Делах чIогIа тешаш а, цунах кхоьруш а хилла хилар. Дахаран цу новкъахь лела вай тилладелла:

Караоьцу Къуръан, долуш къаьркъа мелла.
Иштта хене довлу, стигала кIелахь деха,
Ахбусалба я ахтилларш Везачу Делах…

Хайям Iумар цкъа а зуда ялийна хилла вац. Иза Iилманна вецаш, Далла Iамал еш ваьхна цуьнан заманхоша тIечIагIдарехь. Делахь а, безамах яздина чIогIа хаза могIанаш дитина цо. Исс бIе шо хьалха яздина цуьнан могIанаш доьшуш тахана а дагах гилгаш довлу.

Ирс ду хьан езаран йийсарехь велахь а,
Цу йоьIан когашкахь чан хилла Iиллахь а.
Реза ву езаро кховдийна дIовш мала,
Кхин йолчо схьакхийдош молханаш делахь а.

Шен 83 шо кхаьчча, Нишапурехь, 1131-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 4-чу дийнахь, дIаваьлла Хайям Iумар. Цу дийнахь Iуьйра-ламаз дичахьана, схьаэцна Къуръан доьшуш хилла иза, Далла корта тохий бен, юкъах ца волуш. Малхбузучу хенахь хьалаайвелла, ламаз карладаьккхина малхбуза-ламаз дина, доIа деш, и доIа чекхдалале садалар нисделла поэтан. ТIаккха мила хIуттур ву иза декъал хиллачарех вац ала!?

БIешерийн кIоргенера маьлхан зIаьнарех лепаш схьаеттало цуьнан похIмечу говзарийн серло дерриге а дикане, комаьршалле, машаре, безаме кхойкхуш.

Дуьненан юкъараллин мах боцу беркат хилла дIахIоьттина башхачу поэтан исбаьхьа могIанаш. Уьш кхетамца деша, церан нийса маьIна дан Веза-Воккхачу Дала хьекъал, кхетам лойла вайна!

Вон-дика хоьржуш лелар эрна хили,
Цхьаммо охьатаIош, вукхо хьоьстуш хийла.
Сан лааме хьаьжна хийцалур бац кхоллам:
Цхьанна а ницкъ ца белла Делан йоза хийца.

Газиева Аза

Хайям Iумаран байташ нохчийн матте гочйинарг – Борхаджиев Хож-Бауди

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: