Вайн аэропортана – 15,7 млрд. сом

Россин транспортан министерствон «Транспортан система кхиор» программи юкъа яхийта лерина 15,7 млрд. соьмана йолу Соьлжа-ГIалин аэропорт кхитIе а тояран проект. Дона-тIерачу-Ростовн «Платов» аэропорт санна тойийр ю республикин пачхьенера аэропорт.

«Россин транспортан министерствос кхочушъечу «Транспортан система кхиор» пачхьалкхан программи (ГП РТС) юкъа яхийта лерина «Федеральни бюджетера 15 688,8 млрд. сом а луш, Соьлжа-ГIалин «Северный» аэропорт кхитIе а тояр» цIе йолу проект. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо оцу проектана хийцамаш баран гIуллакх талларан а, аэропортан «Южный» (Дона-тIера-Ростовн керлачу «Платов» аэропортан белхан цIе) комплексах терра тояран а хьокъехь дехар дина…», – яздина «Транспортан система кхиор» программехь хийцамаш баран хьокъехь кечйинчу проектехь.

Иза йовзийтина Нормативно-бакъонийн акташ зорбатохаран пачхьалкхан портала тIехь.

Документашца нийса а догIуш, проект кхочушйийр ю 2019–2023-чуй шерашкахь: 2019-чу шарахь проектан белхашна 193,3 млн. соьман барамехь финансировани йийр ю, ткъа 2020-чу шарахь – 100,7 млн. соьмана. 2020–2023-чуй шерашкахь, гIишлош а, монтаж а яран белхашна хьажор ду 15,39 млрд сом.

Цул сов, проекта тIехь билгалдаьккхина Соьлжа-ГIалин аэропорт кхитIе а тояран проект 2009–2010-чуй шерашкахь хIоттийна хилар а, хан-зама яьлла хиларца, цунна дуккха а хийцамаш бан безаш нисделла хилар а.

Карарчу хенахь, хийцамаш бан бололе, проект антикоррупцин экспертизах чекхйоккхуш ю.

Дагадоуьйту, карарчу шеран чиллин (февраль) баттахь, ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалин аэропортах «дуьненаюкъара» керла терминал йийриг хилар хаийтина хилар.

Цуьнца цхьаьна, цо ешархошна йовзийтира керлачу терминалан хила тарлуш долу куц-кеп – бусалбанийн ахбеттан кепехь а йолуш, арахьара дашо варкъ даьккхина йолу гIишло.

Иштта, Кадыров Рамзана билгалдаьккхина, керла терминал йина яьллачул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалин аэропортера хьелаш «дуьненан а уггаре а лакхарчу лехамашца догIуш хирг хилар».

Планашца нийса а догIуш, шарахь 1,5 млн. стеган хьашташ кхочушдан ницкъ кхочуш хир ю аэропорт.

И.АДАМОВ

№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: