Синтем беш дац некъашкара хьал

Нохчийн Республикин Парламентан Председатела, Нохчийчоьнан некъийн боламехь кхерамазалла хилийтарна кхачояран оперативни штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада рогIера кхеташо дIаяьхьира республикин МВД-н ГИБДД-н урхаллехь.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара заместитель, полицин хьаькам, инарла-майор Алаудинов Апти, МВД-н ГИБДД-н урхаллин хьаькам Черхигов Идрис, полицин кIоштийн отделийн куьйгалхой, ГИБДД-н отделенийн хьаькамаш.

Даудов Мохьмада жамIаш дира карарчу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнера хIутосург (май) беттан 22-гIа де тIекхаччалц болчу муьрехь оперативни штабо бинчу белхан.

«Билгалбинчу муьрехь вайн регионехь 76 некъан-транспортан бохам хилла. Оцу бохамашкахь 40 стаг кхелхина, 112 стаг лазийна. ДIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича некъан-транспортан бохамаш хилар 21,6 процентана лахделла. Вуьшта аьлча, дIадаханчу шеран оццу муьрехь хиллачул 21 бохам кIезиг хилла вайн республикин некъашкахь. Цуьнца цхьаьна билгалдаьлла некъашкахь кхелхинарш кху шарахь 3 стагана алсам хилар. Стохка некъашкахь лазийна хиллачеран барамца дуьстича хIокху шеран вай буьйцучу муьрехь адамаш лазор 47 стагана алсам хилла. Оцу сингаттамечу бакъдолчо лоьху болх кхин а тобар, иза тобархьама берриге а ницкъаш, гIирсаш цхьаьнатохар», – бохура оперативни штабан куьйгалхочо.

Даудов Мохьмада дIахьедира хаддаза некъан боламан дакъалацархошна юкъахь кхеторан а, профилактикин а болх дIахьош ца хилахь некъашца бохамаш хиларан хьал толург цахилар.

«Буьйцуш болчу муьрехь Нохчийчоьнан некъашкахь некъан боламан бакъенаш 53 504-зза талхийна хилар хьесапе эцна. Бакъенаш талхорна 32 555 протокол хIоттийна ГИБДД-н белхахоша», – элира цо.

Оперативни штабан кхеташонехь дакъалоцуш болчарна Нохчийчоьнан Парламентан Председатела дагадаийтира уггаре а халачу, чолхечу хьелашкахь республикера хьал тодарна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин балхо чIогIа гIо дина хилар. Цо доккхачу маьIне лорура бахархошца, халкъаца болх бар.

«Цундела, Нохчийчоьнан МВД-н ГИБДД-н урхаллин белхахоша алссам тидам тIебахийта беза водительшца кхеторан болх дIабахьарна», – билгалдаьккхира цо.

Кхеташо ерзош, М.Даудовс дIахаийтира рогIера кхеташо дIахьочу ханна республикин некъашкахь хуьлучу бохамийн терахьаш дикка лахара хирг хиларх ша тешна хилар.

Иза иштта хиларе сатуьйсур ду-кх вай массара а. Цкъачунна-м синтем беш дац вайн некъашкара хьал.

Д.АНАДЕВ

№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: