Вайна ма-хаъара, хIутосург (май) беттан 22-чу дийнахь вайн республикин школашкахь тIаьххьара горгали бийкира. Даздаран хьолехь и де билгалдаьккхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Хоси-Юьртарчу №1 йолчу школехь.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
ВКонтакте социальни сета чуьрчу шен агIонехь иштта яздина цо:
– Тахана школехь дешна бевллачарна тIаьххьара горгали бийкира. Хаза ламаст а хилла дIахIоьттина ма-хиллара, уггаре а хьалха Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Хоси-Юьртарчу №1 йолчу школехь хилира со. 13 йоI а, кIант а декъалвира ас школа чекхъяккхарца.
Иштта, шен къамелехь республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира Даймехкан дуьхьа къахьоьгуш схьабогIуш болу дуккха а дика кIентий Хоси-Юьртарчу №1 йолчу школехь дешна хилар.
– Оцу школехь дешначарах массарел а чIогIа вайн дозалла дийриг вайн республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ву. Со а, Медни а кхузахь дешна ду. Ахьмад-Хьаьжин къинхьегам а, цо терроризмаца къийсам латторехь бина болх а бахьана долуш, тахана берийн маьршачу республикехь паргIат деша а, Iама а таро а, хьелаш а ду. Школа чекхъяккхарца дешархой декъалбира ас. Ас кхайкхам бира цаьрга, къахьоьгуш а, хаарш карадерзош а хила аьлла, яздо цо.
Иштта, А-Хь.Кадыровн хIолламна хьалха зезагаш дехкира дешна бевллачара. Школин хьехархоша а, дешархоша а хаза программа кечйинера. Цигахь дешархоша байташ йийшира, иллеш элира, эшарш лекхира. Дешархошца цхьаьна кхокхий а, лоппагаш а стигала хьалахийцира, дешна бевллачеран сатийсамийн билгалонех тардина.
Цул тIаьхьа республикин Куьйгалхочуьнца цхьаьна безамна сурт даьккхира цара.
Иштта, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу дешаран туьшахь а бийкира тIаьххьара горгали.
Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Израйилов IабдулкъахIира, республикин Правительствон председателан хьалхарчу заместитела Закриев ИбрахIима, республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, дешна бевллачеран дай-наноша.
10-чу классан дешархой Кадырова Хутмат а, Алхастов Адам а вара даздаран цхьаьнакхетар дIахьош.
Дешна бевлларш декъал а беш, вистхилира Кадыров Рамзан: – Вайн республикехь дешархошна кхоьллина дика хьелаш ду. Шу кхиош, шун дуьхьа къахьоьгуш болчу дай-нанойн шуьца боьзна сирла сатийсамаш бу. Шу дешна а, гIиллакхехь кхуьийла а лаьа царна. Тахана школехь дешна девлла шу. Ткъа хIинца шайна хьалха яккхий Iалашонаш хIитто еза аш, шаьш хаьржинчу говзаллехь кхиа а, къахьега а хьовса деза.
Цул тIаьхьа тIаьххьара горгали бийкира. Иза беко бакъо елира Кадырова Хадижатна а, хьалхарчу классан дешархочунна Баширов Мохьмадна а.
Республикин Куьйгалхочо дешна бевллачаьрца цхьаьна зезагаш дехкира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна хьалха.
З.ЛОРСАНОВА
№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо