Терахьаш, бакъдерш

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон пресс-службо «Даймохк» газетана бинчу хаамашца, вайн республикин юкъарадешаран хьаьрмана юкъайогIуш 477 учреждени ю. Цигахь доьшуш ву 267 150 дешархо. Цул сов, суьйренан 2 школа ю.

Цигахь доьшуш 981 стаг ву. Иштта, 4 школа-интернат а ю, цигахь доьшуш 900 дешархо ву.

ХIинца оха шуна йовзуьйту Республикин кIошташкахь йолу юкъарадешаран учрежденеш а, ткъа иштта цигахь доьшуш болчу дешархойн барам а гойту хьесап дина аьлча, республикин 477 школехь доьшуш волчу 267 150 дешархочух 9 класс йоккхуш 23 311, 11 класс чекхйоккхуш 6 271 дешархо хилар.

Дешар цхьана сменехь долу школа 92 ю, цигахь доьшуш 160 123 дешархо ву (59, 9 процент ю дешархойн 100 процентах).

Дешар шина сменехь долу школа 335 ю, цигахь доьшуш 99 513 дешархо ву.

Дешар кхаа сменехь долу школа 43 ю, цигахь доьшуш 4 852 дешархо ву (1,83 процент ю дешархойн 100 процентах).

Дешаран 2017–2018-чуй шерашкахь республикин 477 школехь дIахьош ду дешар.

Дешаран шо долалуш балхахь 23 990 педагогикин белхахо вара, царах хьехархо 20 284 вара.

Яьсса лаьтта белхан меттиг – 245 .

Долахь йолу школа – 50, цигахь доьшуш 5 206 дешархо ву.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: