Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Шемин коьрта шахьар Дамаск ерриге а дIацIанйина «Иблисан пачхьалкхан» гIеранех. Масех де хьалха  хIаллакбина дIабаьхна Ярмук декъехь чIагIбелла хилла террористаш. Тахана синтеме хьал ду Идлибехь а, Хомсехь а, Алеппохь а, кхечанхьа а. Iедалан эскарша дIахьош ду террористашкара схьаяьхна гIаланаш а, каппаш а минех цIанъяр. Хомсехь герзашца Iедална дуьхьало еш хиллачу оппозицин декъашхоша а герзаш охьадехкина, шайн еш йолчу амнистех пайда а оьцуш.
***
Индин къилбехь болчу бахархоша стомара, урамашка а бевлла, йоккха митинг дIаяьхьира. Урамашка бевлларш дIасалахка а, къепе ян а дагахь хиллачу полицин белхахойн а, митингахойн а вовшах латар нисделла. Оцу тасадаларехь лаххара а 10 стаг кхелхина, чевнаш хилларш кхин а дукха бу. Полицин белхахошна юкъахь а бу чевнаш хилларш.
***
СаIудийн Арави коьртехь йолчу коалицин кеманаша хIокху деношкахь ракеташ тоьхна дохийна Йеменера гIаттамхой-хуситаш тIехь болу 2 катер. И тохар ЦIечу хIорда тIехь дина. Катершна тIехь хилларш берриге а кхелхина. Цу хьокъехь хаам бина стомара оцу коалицин куьйгалло.
***
Венесуэлехь дIабаьхьна президентан харжамаш ша къобалбеш цахилар дIахаийтина ца Iаш, Iамарко оцу пачхьалкхана дуьхьал керла санкцеш а юкъаялийна. Цу тайп-тайпанчу гIуллакхаша кхин а галйохур ю шина пачхьалкхан юкъаметтигаш. Вуьшта а яц уьш дика. Iамаркана товш дац Венесуэлан куьйгалло йозуш йоцу политика дIаяхьар. Цундела керла санцкеш юкъаялорца Венесуэлера халкъ карзахдаккха, Iедална дуьхьал гIатто гIерта иза.
***
Тахана дIакъовла дагахь ду Къилбаседа Корейн куьйгалла «Пхунчери» цIе йолу ядерни зераш даран полигон. Стомара оцу полигоне хьовса бахара цхьамогIа пачхьалкхашкара журналисташ. Царна юкъахь бара США-ра, Великобританера, Чинера, Россера, кхечанхьара журналисташ. Полигон дIакъевлича Корейн ахгIайренехь машар а, синтеме хьал а хиларе сатуьйсу политикаша.
***
Казахстанан пачхьенехь Астанахь цхьаьнакхийтира ОДКБ-на юкъайогIуш йолчу пачхьалкхийн оборонийн министерствийн куьйгалхой. Цара шуьйра дийцаре дира тахана дуьненахь а, пачхьалкхийн юкъаметтигашкахь а, дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьарехь а кхолладелла хьал, билгалдехира оцу хьолехь кхерамазалла хилийтарна кхачоярехь цхьаьна дан дезаш долу гIуллакхаш.
***
Селхана Санкт-Петербургехь шен болх дIаболийна дуьненаюкъарчу XXII-чу экономикин форумо. Кхана берзор бу цо шен болх. Цигахь дакъалоцуш ву 140 сов пачхьалкхера 15 эзар гергга экономикин, финансийн, политикин гIуллакххо. Иттаннаш пачхьалкхашкара куьйгалхой а беза хьеший санна тIеэцна форумехь. Цигахь дакъалоцуш ву Россин Президент В.Путин.

№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: