Белхахой оьшу

(оханан (апрель) беттан чаккхе)

Республикин Къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министерствон кIошташкахь йолчу Бахархошна белхан меттигаш нисъяран туьшашкарчу хаамашца нийса а догIуш, белхан хIара тайпа меттигаш ю вайн кIошташкахь а, гIаланашкахь а:

27.04.18 ш., Гуьмсан кIошт, акционерийн «Чеченгаз» юкъараллин «Гуьмсан» филиал – Газан бахамехь аварийно-меттахIитторан белхийн слесарь (алапа – 12 500 сом, белхан меттиг – 1);
27.04.18 ш., Шелковски кIошт, Оьрза-ГIала, №2 йолу школа – Ингалсан меттан хьехархо (алапа – 9 489 сом, белхан меттиг – 1);
27.04.28 ш., Нажи-Юьртан кIошт, Айти-Мохк, школа – Оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо (алапа – 18 800, белхан меттиг – 1);
30.04.18 ш., Веданан кIошт, Тевзана, «Юьртан клуб» муниципальни учреждении – Клубан директор (алапа – 17 500, белхан меттиг – 1);
26.04.18 ш., Невран кIошт, «Клубийн юкъара система» муниципальни учреждени – Директор (алапа – 16 295, белхан меттиг – 1);
23.04.18 ш., ТIехьа-Мартан кIошт, Iашхой-КIотар, школа – Математикин хьехархо (алапа – 9 489, белхан меттиг – 1);
18.04.18 ш., Устрада-ГIала, акционерийн «ЧЕЧЕНАВТО» юкъаралла – Механововшахтасарийн белхийн слесарь (алапа – 17 000, белхан меттиг – 12);
10.04.18 ш., Грозненски кIошт, БердкIелан администраци – Коьрта говзанча (алапа – 22 821, белхан меттиг – 1);
06.04.18 ш., Соьлжан кIошт, Соьлжан кIоштан коьрта больница – Слесарь-сантехник (алапа – 9 489, белхан меттиг – 1);
03.04.18 ш., Курчалойн кIошт, №2 йолу берийн беш – Педагог-психолог (алапа – 9 489, белхан меттиг – 1);
02.04.18 ш., Шуьйтан кIошт, Шуьйтан кIошташна юкъара больница – Лор-эндокринолог (алапа – 35 000, белхан меттиг – 1);
02.04.18 ш., Теркан кIошт, Ломаз-Юрт, школа – Музыкин белхахо (алапа – 9 489, белхан меттиг – 1);
01.04.18 ш., Итон-Кхаьллан кIошт, Хьачара, школа – Оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо (алапа – 9 489, белхан меттиг – 1).

* Белхан алапа хIутосург (май) беттан 1-чу дийнахь дуьйна, хIетталц алапин лаххара «барам» 9 489 сом хиллехь а, 11 163 соьме хьалабаьккхина.

№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: