Асаран (июнь) беттан 2-3-чуй деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIахьур ю AIS-н «халяль» косметикина лерина Wandi Bazar маркет.
Къилбаседа Кавказехь «халяль» тайпана йолу дуьххьарлера косметика ю AIS-о Соьлжа-ГIалахь гайта а, йохка а леринарг. Иза Ислам-динан бехкамашца йогIуш хиларна тоьшалла дина Россин Муфтийн совето.
AIS-н хIора а сурсат «100% HaLaL» билгало йолуш а, дуьненаюкъара ISO сертификат долуш а ду.
Wandi Bazar маркетехь нохчашна довзуьйтур ду юкъахь дийнатийн мохь а, ГМО а, этилан спирт а, парабен а, SLS а, ALS а йоцуш кечдина долу косметикин сурсаташ.
Компанин сурсаташ Россин 11 субъектехь хIинцале а духкуш ду, ткъа Соьлжа-ГIалахь цуьнан сурсаташ доьхкина ца Iаш, фирмин туька а схьаелла лерина.
Wandi Bazar маркет дIахьур ю хIокху адресца: Соьлжа-ГIала, Кадыровн цIарах пр., 1/16, «Грозный Сити» отель, 3-гIа гIат, банкетан зал.
№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо