Соьлжа-ГIали юккъехь исбаьхьа, хаза гуш ю Айдамиров Абузаран цIарах йолу нохчийн къоман библиотека. Замано сихдина хуьйцучу дуьнене хьаьжча къоман библиотеко дог токх до. Вайн къоман истори, нохчийн маттахь йолу литература, къоман шатайпаналлах марзо эца, лаам хуьлу оцу библиотекин кхерчахь сацавелча.
Ткъа цигара белхахой шайн болх безаш, гIиллакх-оьздангалла долуш хиларо кхин а езайолуьйту библиотека.
Царах цхьаъ ю къоман библиотекин директоран заместитель Янгулбаева Макка.
Иза кхоллараллин нах дукхабезаш, нахаца бийца мерза мотт карош ю. Библиотекин кхерчахь хуьлуш йолу ерриге а кхоллараллин суьйренаш, Маккас жигара дакъалоцуш, цо кечам беш д1ахьош ю.
Ша йинчу а, кхиъначу а Нохч-ГIалгIайн АССР-н Соьлжан районан Орджоникидзевски станицехь юккъера школа чекхъяьккхича, Салт-Г1алахь хиллачу «Победа» колхозан библиотеке балха яхара иза. Цул тIаьхьа, 1988-чу шарахь Соьлжа-ГIалара хьехархойн училище яьккхира. Заочни доьшуш, цул т1аьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт чекхъяьккхира 1994-чу шарахь.
2000 –2005-чуй шерашкахь Серноводскехь школин директоран даржехь болх бира.
2001–2002-чуй шерашкахь дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран курсаш ехира. Курсаш психика галъяьллачу берашца болх баран зеделларг алсамдаккхарна лерина яра.
Ткъа къоман библиотекехь 2008-чу шарахь дуьйна болх беш ю Макка. ХIетахь дуьйна директоран заместитель ю. Болх барца цхьаьна деша а ларйира иза. 2011-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан культуран а, искусствон а колледж чекхъяьккхира цо цIечу дипломца. Шен болх дукхабезна ца Iаш, хIора де а цхьацца керла хIума юкъадоккхуш хаздан хьожу иза. Балха тIехь тешаме накъостий бу цуьнан нохчийн пачхьалкхан университетан а, нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан а студенташна юккъехь.
Дешархойн а, студентийн а хаарш алсамдахарна лерина фестивалаш, концерташ, семинараш вовшахтухуш самукъадолу цуьнан.
Болх даггара безаш хилча бен далур доцу хIумнаш ду уьш.
Маликина Нохчийн Республикин Культурин министерствон Сийлаллин грамоташ, дипломаш, Баркаллин кехаташ делла. «Культура кхиорна» мидал елла. Иштта Нохчийн Республикин Парламентан а Сийлаллин грамоташ елла.
Макка диъ беран нана ю. Шен нанна Пирдовзана дика йоI ю иза.
Мукъачу хенахь туьтех сурт до цо, ткъа иштта ца оьшучу кIадин кийсагех цхьацца тайнигаш ю.
Хьаша-да везаш, къоман кхача царна хьалха хIоттош самукъадолуш, комаьрша хIусамнана ю иза.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА