Герз лелор ханна доьхкуш ду

Россин Федерацин Къоман гвардин эскаран федеральни службин (ФСВНГ РФ) Нохчийн Республикехь йолчу Урхалло хаам бо:

2017-чу шеран хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахьлерчу Россин Федерацин Президентан №202 йолчу «Россин Федерацехь 2017-чу шарахьлера FIFA-н конфедерацийн кубок а, Футболехула йолу дуьненан чемпионат (FIFA 2018) а дIаяхьаран гурашкахь кхерамазаллин чIагIдина долу гIуллакхаш дIадахьаран хьокъехь» долчу Указаца нийса а догIуш, 2018-чу шеран хIутосург (май) беттан 25-чу дийнера мангалан (июль) беттан 25-чу дийне кхаччалц, FIFA 2018-н гурашкахь матчаш дIаяхьаран а, цуьнан инфраструктура йолчу а субъекташкахь доьхкуш ду бахархошна (цхьаццанхьа бакъонашларъяран органийн белхахошна а – авт.) герз а, патармаш а лелор.

Оцу субъекташна юкъайогIу: Москва а, Санкт-Петербург а, Москван а, Ленинградан а, Волгоградан а, Свердловскан а, Нижегородскан а, Самарин а, Ростовн а, Калининградан а, Калугин а, Воронежан а областаш, Краснодаран а, Ставрополан а крайш, Нохчийчоь а, ГIезалойчоь а, Мордови а.

№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: