Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна лерина «Соьлжа-ГIала – Къилбаседа Кавказехь машаран а, доттагIаллин а чIагIо» цIе йолу Дуьненаюкъара культурологин, историн-этнографин форум.

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, иза дIаяхьарехь коьрта дакъалоцуш яра республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство.
Соьлжа-ГIала схьаькхаьчначу хьешашна дика хьошалла дира Нохчийчоьнан векалша. Делкъе а еш, жимма садаьIначул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалахула экскурси йира цара.
ШолгIачу дийнахь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместителца Элембаев Iалиханца цхьаьна, Соьлжа-ГIаларчу Журналистийн скверехь кхелхинчу журналистийн сийнна хIоттийначу мемориальни уьнна хьалха зезагаш дехкира хьешаша.
Цул тIаьхьа, Хьалха-МартантIерчу этнографин «ДIонди- Юрт» музей бигира уьш.
Оццу суьйранна Шуьйтан кIоштарчу спортан-туристийн «Нихалойн чухчареш» комплексе бигира хьеший, цигарчу Iаламехь мерза даарш а дара царна кечдина.
Хьеший чIогIа баккхийбеш бара шайн диначу хьошаллина. Даггара баркаллаш бехира цара Нохчийчоьнан векалшна.
ШолгIачу дийнахь Х.Нурадиловн цIарахчу театрехь Дуьненаюкъарчу культурологин, историн-этнографин форуман гурашкахь пленарни кхеташо хилира.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин президента, историн Iилманан доктора, профессора, Нохчийчоьнан Iиламанийн Академин Академика Гапуров ШахIрудис, Францера веанчу историн Iилманан доктора Мишелин Арманда, Абхазин Республикин Iилманийн Академин историн институтан директоран заместитела Гурам Гумбас, ГIалгIайн Республикин Археологин туьшан директоран заместитела Гадиев Умалата, Россин Федерацин Яздархойн союзан декъашхочо, историн Iилманийн кандидата Нунуев Сайд-Хьамзата.
Кхеташо дIахьош яра Нохчийн пачхьалкхан университетан культурологин кафедрин заведующи, философин Iилманийн доктор Мазаева Тамара.
Д.Умаровс хьешашна баркалла элира Нохчийчу дахкарна а, форум «денъярна» а: «Ас даггара баркалла боху хIокху форумехь дакъа лоцучарна а, хIара вовшахтухуш къа хьегначарна а. ХIара тайпа форумаш Iаламат мехала ю, хIунда аьлча, Къилбаседа Кавказехь дехачу къаьмнийн истори вовшашца йоьзна ю.
Форум дIаяхьар вайн мехкан Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан лаамца ду. Цо ишттачу гIуллакхашна тIехь леррина терго а латтайо, – элира Д.Умаровс.
Цул тIаьхьа вистхиллачу Г.Гумбас дийцира Кавказехь дехачу къаьмнийн шатайпачу культурех лаьцна.
– Кавказехь деха хIора а къам шех лаьцна дийца, дуккха а хIума долуш ду. Цундела Кавказан къаьмнийн истори Iаморна тIехьажийна ас сайн дахаран некъ, – элира Г.Гумбас.
Ш.Гапуровс билгалдаьккхира хIара тайпа форум дIаяхьар Iилманийн декъехь мехала хилла ца Iаш, тIекхуьучу чкъурана а доккха маьIна долуш хилам хилар.
Нохчийн Республикин Iилманийн Академехь Дуьненаюкъарчу культурологин, историн-этнографин Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна лерина «Соьлжа-ГIала – Къилбаседа Кавказехь машаран а, доттагIаллин а чIагIо» форуман гурашкахь тематикин «Истори» а, «Археологи» а секци хилира.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Iилманийн Академин гуманитарни талламийн институтан директора Магомадов Супьяна, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин археологин талламийн туьшан директора, историн Iилманийн кандидата Мамаев Хьамийда, экономикин Iилманийн доктора, профессора, РГЭУ (РИНХ) политологин а, историн Iилманан кафедран заведующис Нухацкий Виталийс, историн а Iилманийн доктора, Пятигорскерчу пачхьалкхан университетан профессора Линец Сергейс, дуккха а кхечара.
Цигахь дакъалоцуш хиллачеран докладаш керла хаамаш болуш яра. Цундела вовшашка сема ладуьйгIира секцехь хиллачара.
Цул сов, Къилбаседа Кавказехь йолу проблемаш (Iилманийн декъехь) а, уьш цахалийтаран дуьхьа дан дезарш а дийцира.
Къамел дерзош, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин «Соьлжа-ГIала: истори а, хIара зама а» цIе йолу сборник а тIехь хин долу Iилманийн белхаш довзийтира.
Дуьненаюкъара культурологин, историн-этнографин Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна лерина «Соьлжа-ГIала – Къилбаседа Кавказехь машаран а, доттагIаллин а чIагIо» цIе йолу форум ерзийра шолгIачу пленарни кхеташонца а, «Этнографи» а, «Культурологи» а секцеца а.
Оцу деношкахь форумехь дIадаьхьна долу гIуллакхаш довзийтира цигахь. Историх а, археологих а, этнографих а, регионан культурах а лаьцна дуккха а дийцира кхеташонехь дакъалаьцначара.
Форуман гурашкахь дIадаьхьначу гIуллакхашкахь стага дакъалецира: Къилба федеральни а, Къилбаседа Кавказан федеральни а округашкарчу субъектийн министерствийн а, ведомствийн а 700 сов векала.
Хь.БАХТАЕВА
№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо