«Конверта чохь» алапа эцаран тIаьхье

Вайн республикехь дукха нах бу бинчу балхана «конверта чохь» ахча схьа а оьцуш, пенсионни фонде яла декхар долу налогаш дIа а ца луш къахьоьгуш. хан-зама дIа а яьлла, пенси воьду хан тIекхаьчча цунах байттамал хир ду цу тайппана болх беш болчарна. Дукхахчара цуьнан ойла а ца йо. Шайн бохчи чу дуьллург «цIена ахча» ду, иза кхачаме ду аьлла хета царна. И нийса дац!

ХIаъ, бакъду, болх биначара схьаоьцург хьанал ахча ду. Шаьш бинчу балхана, бинчу бартаца нийса а догIуш ахча схьаэцна, кисана диллина цара. Дала беркат дойла царна цунах! Делахь а, кханенан ойла ян ма еза! Шаьш шайн «пенси лачкъош» ма бу уьш.

Царна болх луш волчун а бала ца хуьлу церан кханенан а, цкъа мацца а уьш пенси баха безарг хиларан а, пенси боьлхучу хенахь царна белхан стаж оьшург хиларан а.

Болх луш волчунна атта ма ду, цхьана а кепара тептарш ца кегош, налогаш ца луш «конверта чохь» белхан алапа дIаделча. Цунах «сира» белхан алапа олу. И «сира» алапа «кIайн» хилийта хьажа веза бинчу балхана ял схьаоьцуш верг.

Оцу «сирачу» белхан алапин хила тарлучу тIахьенех а, шен хан тIекхаьчча, пенси хIотточу хенахь цунах хила тарлучу новкъарлонех а лаьцна дийцар дийхира оха Россин Пенсионни Фондан Нохчийн Республикехь йолчу Отделенин страховательшца цхьаьна гIуллакхаш даран отделан хьаькаме Закриев Руслане.

– Руслан, къайле яц «конверта чохь» белхан алапа дIадалар цхьаболчу болх луш болчарна санехь хеташ хилар. Нагахь санна белхало (я белхахо) оцу хьелашца болх бан реза хилча, цуьнан тIаьхье муха хила тарло?

– Халахеташ делахь а цхьаболчу болх луш болчеран амале дирзина шайн белхахошна алапа «конверта чохь» дIадалар а, къайлаяьхна йолу налогаш шайна йитар а. Оцу тайппана гIуллакхдаро царна таро ло бюджетан йоцчу фондашка, цу юкъахь яр тIехь долчу пенсионни страховани ярна страхови взносаш дIаяларх кIелхьарадовла.

Пенсионни фонде дIаяла езаш йолу взносаш дIа ца яларца цара пачхьалкх Iехийна ца Iаш, уггаре а хьалха шайн белхахой Iехабо, талхадо шайн белхахошна социальни кхачояр, хIунда аьлча «сира» алапа эцаран тIаьхье белхахочунна вон тIаьхье йолуш хила тарло. «КIайчу» белхан алапин барамах боьзна хир ма бу белхахойн хин долчу пенсин барам.

– Делахь-хIета, «сира» алапа оьцуш волчу белхахочун шена хьакъ доллу пенси хIоттор ду бохучуьнга сатуьйсийла а ца хуьлу-кх?

– ХIаъ. Иштта-м ду иза. Тахана къинхьегамхойн пенси вовшахкхетар доьзна ду царна болх луш берш хьанал хиларх. Аьлча а, цо страхови взносаш дIало я ца ло бохучух доьзна хир ду иза. Страхови пенсийн хьокъехь долчу керлачу законан хьелашца хьесапе оьцуш дерг «кIайн» белхан алапа бен дац.

Вай дуьйцуш дерг яла йогIуш йолу налогаш дIа а елла, леррина ведомость а хIоттийна, цу тIе куьг яздеш схьаоьцуш долу белхан алапа ду. И лакхара мел хили а лакхара хуьлу страхови взносаш. Делахь-хIета, цуьнга хьаьжжина сиха вовшахкхета белхахочун хиндолчу пенсин баллаш.

Предприятийн, компанийн куьйгалхой кхетта ца Iаш, шаьш белхахой а кхеташ хила беза къинхьегамна ял яларан ерриге а фонд гайтар мел мехала ду.

«Конверта чохь» белхан алапа схьа а оьцуш къахьегарх, и шераш белхан стажа юккъе гIур дац. Эцахь а лахара страхови я социальни пенси оьцур ду-кх цо. Иза а нахачул 5 шо тIаьхьа. ГIуллакх оцу тIе далийта мегар дац.

– Страхови взносаш гулъяран гIуллакх оцу декъехь хIун дича толур ду? И тадорехь деш хIун ду?

– Карарчу хенахь дIахьош боккха болх бу цу тайппана белхан юкъаметтигаш хилар Iорадаккхарехьа. Къинхьегаман инспекцица, балха нисбаран службица, налогийн органашца, суьдан пурстоьпашца, банкашца цхьаьна дIахьош ду шен хан тIекхаьчча бахархойн хьакъ доллу пенси эца йолу бакъонаш ларъяр.

Оцу Iалашонца Пенсионни фондан органаша, кхечу службашца цхьаьна талламаш бо предприятешкахь а, организацешкахь а, коммерцин структурашкахь а. Хьовсу страхови взносаш дIаялар муха дIахIоттийна ду, куьйгалхочун белхохошца хIун юкъаметтигаш ю, цара белхан алапин хьокъехь бина барт муха бу.

– Руслан, «сирачу» алапин проблема дIаяккхалур ю аьлла хетий хьуна белхахоша цу тIехь шаьш дакъалоцуш ца хилча?

– Дера, «конверта чохь» «сира» белхан алапа схьаоьцуш болчу белхахоша дакъалоцуш ца хилча и проблема дIаяккхалур ю аьлла ма ца хета суна. Уггаре а хьалха уьш бу цунна дуьхьал хила безаш берш. Болх луш верг а, болх беш верг а цуьнан бала кхочуш ца хилча хала хир ду оцу гIуллакха тIехь кхиаме кхача.

Болх луш волчо белхахочун хин долчу пенсина ахча дIадохьуьйтуш ду-дац хуур ду интернетехула. Цунна кхачаме хир ду Россин Пенсионни фондан официальни сайта тIерачу (Лични) Шен кабинета чу хьажар я пачхьалкхо хьашташ кхочушдаран портале хьажар. Царна чохь дерриге а гуш хир ду.

Цул сов, болх луш волчунна тIехь бу шен белхахойн дехарца (лехамца) дIаелла йолчу страхови взносийн  хьокъехь хаам бар.

Интервью дIаяьхьнарг – С.ХУСЕЙНОВ

№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: