Блогерийн говзалла Iаморан кхерч

Нохчийн пачхьалкхан университетехь Блогерийн «PROдвижение» школо болх дIаболийна. Оцу школин болх дIаболорна леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Гудаев Лоьмас, «МедиаГварди» проектан куьйгалхочо Рогачева Аннас, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитела Абдулкеримов Хьусейна, Нохчийн пачхьалкхан университетан хьалхарчу проректора Киндаров Заура, иштта, бевзаш болчу блогерша, суьрташдахархоша, операторша.

Блогерийн школин мехаллах лаьцна дийцира Рогачева Аннас.

– Нохчийчу дуьххьара еана ю со. Соьлжа-ГIала чIогIа хазахийтира суна, иштта дика адамаш а деха кхузахь. Суна иза билгал а делира. «МедиаГварди» проект Россин Президента къобал йина ю. Вайна ма-хаъара, хIокху заманахь интернето йоккха меттиг дIалоцу адамийн дахарехь. Цундела, блогерашна кхиарна гIо дийр ду тхан блогерийн школо. Школин программин гурашкахь юристаша а лекцеш йоьшур ю. Цара дуьйцур ду, интернета чохь нийса регистраци ярх а, иштта, интернетаца доьзна кхидолчу маьIнечух а лаьцна.

Блогерийн школо журналистан корматалла а йовзуьйтур ю шуна. Видеороликаш яха а, Iамор ду уьш яхаран цхьайолу къайленаш а йовзуьйтур ю говзанчаша, – бохура цо.

Блогерийн школин болх Соьлжа-ГIалахь дIаболорца, цигахь Iама лууш болу студенташ декъал а беш, вистхилира Гудаев Лоьма:

– Хаза кхаъ бу блогерийн школо вайн студенташ кечбийриг хилар. ХIокху заманахь интернето йоккха метиг дIалоцу вайн дахарехь. Дерриге а дуьненахь а болу хиламаш цу чухула бовза таро ю вайн. Делахь а, интернетаца доьзна дерриге а дац пайдехь. Цунах нийса пайдаэца ца хиъча, зулам дала а тарло. Интернетах нийса пайда муха эца беза а хьоьхур ду аьлла хета оцу школо, – элира цо.

– Вайн республикехь кегийрхошна деша а, шаьш хаьржинчу говзаллехь кхиа а, шаьш дагалаьцна йолу проекташ кхочушъян а дерриге а хьелаш кхоьллина. Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана йоккха терго йо вайн кегийрхойн. Коьртаниг – кегийрхойн деша а, къахьега а лаам хилар ду, – элира Хь.Абдулкеримовс.

«Блогерийн «PROдвижение» школо цхьана баттахь сов болх бийр бу кегийрхошца. КIиранах шозза дIаяхьа лерина цаьрца занятеш. Интернетаца мел йоьзна йолу тема а, цу чохь вевзаш блогер хилархьама дан дезарг а хьоьхур ду царна. Бевзаш болчу блогерша интернета чохь шайн кхиаран цхьайолу къайленаш а йовзуьйтур ю кегийрхошна.

Школин болх дIаболоран официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, паргIатчу кепехь дIадаьхьира къамел.

«МедиаГварди» проектан куьйгалхочуьнга а, кхиболчу хьешашка а хаттарш дира кегийрхоша. Ткъа цара церан хаттаршна дуьззина жоьпаш делира.

З.ХАСИЕВА

Суьрта тIехь: Цхьаьнакхетаран дакъалацархой

№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: