Соьлжа-ГIаларчу №27 йолчу школехь дIаяьхьира 2001–2015-чуй шерашкарчу кхиазхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула схьайиллина республикехь хьалхеяккхаран турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара ДЮСШ, РДЮСШ-кара къона спортсменаш Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира.
Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира: Сааев Iумар (50 кг.), Мусаев Султан (47 кг.), Айдамиров Эмин (44 кг.), Цискарашвили Анвар (38 кг.), Магомадов Мохьмад (38 кг.), Саламов Мохьмад (59 кг.), Эскиев Iабдулла (69 кг.). Уьш берриге а РДЮСШ-ра бу.
Уьш оцу толамашка кхачийна, церан тренерша : А.Абиевс, С.Авдаевс.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца, ахчанан совгIаташца.
З.ШИШХАНОВА
№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо