Соьлжа-ГIаларчу А-Хь.Кадыровн царахчу Мемориалан комплексан музейхь дIадаьхьира Музейн дуьненаюкъарчу денна лерина «Юкъараллин дахарехь культурин хьаьрмахь музейс дIалоцу меттиг а, лелош долу маьIна а» аьлла долу цхьаьнакхетар.
Цигахь дакъалоцуш яра комплексан Iилманан отделан куьйгалхо А.Музыкаева а, директоран Iилманан балхехула заместитель В.Ахматов а, Музейн фондийн отделан заведующи И.Заураев а, лектор-экскурсовод Э.Шайхиева а, экспозицин-гайтаман отделан куьйгалхо А.Юнусов а, Iилманан белхахо З.Алдамова а, иштта Нохчийн пачхьалкхан университетан историн факультетера студенташ а.
В.Ахматовс дийцира комплексехь шаьш бечу балхах лаьцна.
– ТIекхуьучу тIаьхьенна къоман истори а, Iадаташ а диц ца далийтар ю музейн коьрта Iалашо. Кегийрхой патриотизмехь кхиорехь коьртачех цхьа дакъа лара мегар ду музей», – элира цо.
Цига баьхкинчарна музейра экспонаташ муха Iалашйо гайтира И.Зураевс.
Э.Шайхиевас билгалдаьккхира, экскурсоводан хаарех дуккха а хIума доьзна хилар а, экскурсин эвсаралла цунах йоьзна хилар а.
Цул тIаьхьа, А.Юнусовс студенташна гайтира экспонаташ гайтаме хIитторан къепе.
Цхьаьнакхетар дерзош З. Алдамовас монитора тIехь гайтира Москварчу «Толаман» музейхь гайтамаш муха дIахьо.
Х.Аслаханова
№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо