«Бералла – хаза хан»

«Жима доттагI», «Иллешка дирзина дош», «Уьдучу шерийн лорах», «Черчийн доьзал» цIерш йолчу берийн говзарийн авторан Сейлмуханов Мусан дукха хан йоццуш берашна лерина «Бералла – хаза хан» рогIера книга араяьлла.

Говзарна юкъаяхана ненан маттах, ненан куьйгех, бераллин хенах, цIахь лелочу дийнатех, шеран муьрех, и.дI. кх. лаьцна байташ.

«Ненан мотт – и седарчий,
И нуьре малх бу кхетта.
Даим хуьлда ларам-сий,
Нохчийн къоман меттан!»

Беа могIанех лаьтташ бен яцахь а, маьIне ду автора яздина дешнаш. Ненан матте болу шен безам гучубаьккхина цо оцу дешнашкахь. Бан а бу вайн мотт, иза лоручунна, нуьре малх.

Жимачу Лезинин куьг хадийначу хенахь ненан куьйгаша цунна диначу дарбанах лаьцна ю «Ненан куьг» байт.

Нанас йихкина чов дIатийна,
Хазац йоьлхуш кхин Лезина.
Хиларх чов жима, йоккха –
Ненан куьйго дарба до-кха..!

Книги тIехь зорбане яьхна туьйранех, Адам деша вахарх, шина йишех, дашах лаьцна байташ.

«Соьга кхойкху доттагIаша» рубрикехь ю берийн доттагIех-дийнатех йолу байташ. Масала жимачу кIезах, къорзачу цицигах, накхармозех, хьозанех ерш.

«ХIора хан – хаза гIан» рубрикехь Даймохк хестош а:

Даймохк цхьаъ бу – вайн Нохчийчоь!
Кхин вайн боций хаалаш.
Дика а, вон а цуьнца цхьаьна,
Доькъуш, бертахь дахалаш!

Дашочу гуьйренах, Iаьнах, чилланех, бIаьстенах, аьхкенах, и.дI.кх. могIанаш ду.

Шен дин, шен къоман культура, гIиллакхаш, Iадаташ, гонахара дуьне довза хан ю бералла. Цу хенахь долало адамийн синан кхиар.

М.Сейлмухановс арахецнарг санна йолчу говзарша вайн бераш Даймохк беза а, дайн гIиллакхаш лара а, иштта къинхетаме хила а Iамадо.

Л.ДАУТОВА

№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: