Кху деношкахь Ставрополехь ерзийра КВН-н «Кавказ–2014» Лигин сезон. Цу хьокъехь Ставрополь гIалахь долчу культурин а, спортан а цIийнехь «Кавказ–20I4» КВН-н Лигин ловзарш хилира. И цхьаьнакхетар вовшахтухуш накъосталла дина Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан Федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалан аппарато а, КВН-н дуьненаюкъарчу союзо а, кхоллараллин «АМиК» цхьаьнакхетарлло а.
Цига веанера Ставрополан крайн губернатор Владимиров Владимир, Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан Федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалан заместитель Ведерников Михаил.
Финалехь дакъалоцуш 5 команда яра: «45 параллель» (СтГАУ), «Гости из Ростова» (Ростов), «Сборная СКФУ», «Академия кавказцев» (Черкесск), «Сборная КБГУ» (Нальчик).
КВН-щикийн ловзарийн мах хадош, жюрина юккъехь бара: Ведерников Михаил, Владимиров Владимир, «Кавказ» Лигин куратор Ляпоров Алексей, «Станция спортивная» КВН командин капитан Кожома Дмитрий, «Шелте» компанин генеральни директор Еременко Николай, «Цифроград» компанин директор Резник Александр.
Баьхкинчеран самукъадоккхуш, шатайпа чулацам болуш яра КВН-щикаша кечйина программа.
Цхьаьнакхетар дерзош, КВН-н «Кавказ–2014» Лигехь толам баьккхина йолу Кхарачойн-Чергазийчуьра «Академия Кавказцев» команда билгалъяьккхира. Ткъа иштта, Сочехь хир йолчу КВН-н дуьненаюкъарчу союзан фестивалехь дакъалаца бакъо а елира царна.
3.САГАЕВА