Соьлжа-ГIалахь бехаш болу ИчаевгIеран доьзал, республикехь тIеман кхийсарш юьйлаеллачул тIаьхьа, Малхабеке дехьабелира. Цигахь жимма хан а яьккхина, Нальчике дIабахара… Цигара цIадирзинчул тIаьхьа Ичаев Аминин да-нана шайн доьзалца цхьаьна Октябрьски кIоштахь дехаш долу иттех шо ду.
Ичаева Аминас Соьлжа-ГIалара №7 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школехь дешна. Цигахь доьшуш йолчу хенахь цо дакъалоцура Ерригроссин «Стаг а, Iалам а», «ПЕГАС», «Золотое руно», «BritishBulldog» конкурсашкахь.
Иштта, школехь дIахьош хиллачу «Къона литератор», «Къона географ», «Къона историк» олимпиадашкахь а, Ерригроссин «Олимпус» олимпиадехь (оьрсийн маттехула) а. Исторехула дIаяьхьначу Ерригроссин олимпиадин гIалин муьрехь хьалхара меттиг а яьккхира.
ТIехдика дешарца школа чекх а яьккхина, оццу шарахь (2014-гIа шо) заочни кепара деша хIоьттира Нохчийн пачхьалкхан университетан Пачхьалкхан урхаллин факультете менеджментан говзалла караерзон. Цигахь цхьана шарахь дешначул тIаьхьа, очни кепара деша яхара Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан Педагогикин а, психологин а, дефектологин а институтан школал хьалхарчу дешаран, ингалсан меттан отделени.
Цо жигара дакъалоцу Университетан юкъараллин дахарехь, вузашна юкъахь дIахьочу студентийн «Хьехархочо къам кхиадо» а, кхечу а Iилманан практикин конференцешкахь, Ерригроссин «Хиндолчун хьехархо – 2016» конкурсехь а.
Стохка Волгоградехь дIаяьхьначу Студентийн дуьненаюкъарчу «Кхетош-кхиоран стратеги: ламасташ а, инновацеш а» IX-чу форумехь «Мастер-класс» номинацехь хьалхара меттиг а, «Iилманан доклад» номинацехь шолгIа меттиг а яьккхина Ичаева Аминас.
Форумехь цо йинчу «Духовность как фактор духовной безопасности» докладан Iилманан куьйгалхо ву философин Iилманийн кандидат Гадаев Ваха.
Интеллектуальни туьшо хIокху шарахь дIахьочу республикин «Шеран тоьлла студент» конкурсан лауреат а хилла иза, «За успешное владение знаниями» номинацехь.
«Интеллектуориум», «Страноведение», «Что? Где? Когда?» брейн-рингаш иза юкъахь йолуш хуьлу.
Университетан «Доьшуш болчеран цхьаьнакхетта совет» (объединенный совет обучающихся) активан председатель ю.
2017-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь Москварчу пачхьалкхан хьехархойн университетан студенташца цхьаьна говзалла лакхаяккхаран курсаш а яьхна цо.
Цул тIаьхьа, шина кIиранах Сиржа-Эвларчу могашалла меттахIотторан «Светлячок» лагерехь практика йина.
Таханлерчу дийнахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь йолчу Iилманан-дешаран бераш кхиоран «Эврика» туьшахь практика чекхйоккхуш ю.
Школе дахаза долчу берашна йоза-дешар, математика, берийн исламан книгашца бусалба динан истори (Пайхамарех а, церан гIуллакхех а лаьцна) Iамадо цара оцу Туьшахь. Аминина хIора берана тIебоьду некъ карабо.
Цо дийцарехь, цхьадолу бер ша хьаста лууш, коча хуьлу, важа ша доккха кхеташ, кхин а тIедахкарш ло бохуш хуьлу. ХIораммо а бохург до йоIа.
Факультетан декана Алиева Сацитас иштта элира: «Йистхиларца а, леларца а шатайпа йоI ю Амина. ЦIахь дуьйна дика кхетош-кхиийна хилар гуш ду. Тхуна цуьнгара доккха гIо-накъосталла а хуьлу. Тайп-тайпанчу мероприятешкахь дакъалоцу цо. Ша дIаяхийтинчара, юьхькIам бохьуш схьа а йогIу. Дерриге а «пхеаннаш» долуш дешарца а дика ларош ю».
«Юьхьанцарчу классашкарчу берашна хьеха дуккха а атта ду, – бохура Аминас. – Цара гIолехь ла а дугIу, царна хаа лууш дерш дуккха а хуьлу, церан хаттарш а дукха хуьлу. Кхузахь дика хьоьхуш, тхох доглозуш, хьехархойн бертахь коллектив ю. Цо дикачу агIор тIеIаткъам бо тхуна, студенташна. Уьш берриге суна дукха а беза. ХIара говзалла айса харжарна цхьана минотана дохкояларан ойла ца хилла сан. Лаккхарчу дешаран учрежденешка боьлхучу мехкаршна я медицинин, я хьехаран, я хIуматегаран говзалла караерзош хила аьлла хьехар дан лаьара суна. Уьш зударшна уггаре а дика белхаш бу аьлла хета суна».
Л.РАГИМОВА
Авторан суьрта тIехь: Ичаева Амина
№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо