Ибрагимов Мусан 70 шо кхачар билгалдаьккхира

Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь историн Iилманийн докторан, профессоран, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондентан, Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволчу гIуллакххочун Ибрагимов Мусан 70 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар хилира.

Циг ахь дакъалецира Нохчийн Республикин Iилманийн Академин Президента, историн Iилманийн доктора Гапуров ШахIрудис а, Россин Iилманийн академин Iилманан-талламийн комплексни институтан директора, технически Iилманийн доктора Батаев Денис а, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академика, биологин Iилманийн доктора Умаров Мухьадис а, Нохчийн Республикин Парламентан депутата Хазбулатов Бекхана а, кхечара а.

Юкъараллин а, пачхьалкхан а гIуллакххо Бугаев Iабдул вара и цхьаьнакхетар дIахьош. Ибрагимов Мусан дахаран некъ бовзийтира цо, иштта Iилманехь цо баьхначу кхиамех лаьцна а дийцира.

М. Ибрагимов 70 шо кхачарца декъал а веш, вистхилира Б.Хазбулатов:

– Муса суна вевза дукха хан ю. Ерригроссин а, регионан а Iилманийн конференцешкахь дакъалаьцна цо. Вайн махкахь санна, дозанал арахьа а къобалбина Iилманчин белхаш. Муса санна болу Iилманчаш вайн махкана а, халкъана а боккха юьхькIам бу. Лаьа, кхидIа а цуьнан дахарехь кхиамаш а хуьлуш, ирс-аьтто, могашалла лаьтташ дуккха а вехийла.

Мусах лаьцна дуккха а довха дешнаш элира цигахь дакъалаьцначара. Цара шайн къамелашкахь массара а цхьатерра билгалдаьккхира, Муса похIме Iилманча а, дика хьехархо а, тешаме накъост а хилар а.

Цхьаьнакхетар дерзош, Гапуров ШахIрудис а, Батаев Денис а белхан декхарш дика кхочушдарна Сийлаллин грамоташ елира цунна.

Иштта, Б.Хазбулатовс Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан «Датон БухIа» а, «Корматаллина тешаме хиларна» Диплом а делира Мусана.

Шен лерам а бина, оцу цхьаьнакхетаре баьхкинчарна даггара баркалла а олуш, Мусас билгалдаьккхира:

– Суна хазахета, сан лерам а бина тахана шу кхуза даьхкина хилар. Аш кхузахь аьлла долу хIора а дош деза ду суна. Со воккхаве, шу санна накъостий сайн хиларх.

Х.МОВСАРОВА

№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: