Со 6-чу классехь доьшуш яра, тхан школе, дешархошца долчу цхьаьнакхетаре, кхайкхина меттан говзанча Джамалханов Зайнди валийча. Цхьа тамашийна хаза, шера буьйцура цо ненан мотт. Цхьаьнакхетар дIахьочу классехь тийна дара, цхьа а дешархо меттахволуш вацара. Массеран а ойла къамел дечу хьешо дIалаьцнера.

Цо дуьйцура нохчийн халкъан бартакхоллараллах, юкъ-кара нохчийн къоман турпалаллин иллешна юккъера кийсакаш йоьшура. Уьш ерриге а цунна дагахь хаьара. Шен шина сохьте даьллачу къамелехь иза цкъа а кехат тIе ца хьаьжира. Бух боцу хIорд санна шортта хаарш дара цуьнгахь.
ХIетахь дуьйна сан деган баьрчехь васхалавелира Джамалханов Зайнди веза хьаша хилла. Цу дийнахь кхоллаелира сан хаарийн кIоргене кховда ойла а, тхан школе веанчу хьешо санна, шера ненан маттахь къамел дан лаам а. Цу дийнахь суна дагахь дацара Джамалханов Зайнди, воккха Iилманча а, меттан говзанча хилар а.
Цуьнан ойла ян со дукха жима яра. Делахь а, суна гуш дара тхайна хьалха хIоьттинарг вуьззина нохчи хилар, иза цхьаннах а тера хила гIерташ моттаргIанаш лелош цахилар. Цо тоам бора, аьлча а, дозалла дора ша нохчи хиларх. Шен исбаьхьачу меттан хазаллица иштта дозалла даре тхо а (дешархой) кхойкхура Джамалханов Зайндис нохчийн къоман турпалхойн дахарера масалш далош. Цул тIаьхьа мел лаххара а 45 шо дIадаьлла.
Дуккха а къаьхьачу бохамийн эрчонаш лаьттина Нохчийчохь. Амма дуьххьара меттан говзанча, воккха Iилманча, поэт, яздархо, хьехархо Джамалханов Зайнди сайна вевзина де диц ца ло суна. Дуьнен чохь яккха йисинчу ерриге а ханна даг чохь дисина иза. Шен меттехь аьллачу говзачу дешан тIеIаткъаман ницкъ хир бу-кх и башха цхьаьнакхетар сан даг чу дижийнарг.
Бералла
Теркан кIоштарчу Лаха-Неврехь 1922-чу шеран хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь ахархочун доьзалехь дуьнен чу ваьлла Джамалханов Зайнди.
Нохчийн турпалаллин иллеш тIехь хьалакхиийна вара иза. Цигара ю аьлла хета цо буьйцуш хиллачу меттан хазалла.
Мухха делахь а, школехь доьшуш волуш дуьйна нохчийн мотт кIорггера хаарца билгалвуьйлуш хилла Зайнди. Цунна къеггина тоьшалла ду Лаха-Неврерчу школин ворхIалгIачу классан дешархо волчу Джамалханов Зайндин СССР-н Iилманийн Академехь йолчу меттан институтехь болх беш волчу профессорца Яковлевца тасаделла гергарло. Вайна массарна юьйцу хезначу Чентиева Мареман хьехархо хилла вара и профессор.

Ткъа ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш юккъе доьлхуш Чентиева Марем Нохч-ГIалгIайн Республикин серлонан нарком хилла. Дешарна тIехь Iуналла деш йолчу комиссарана хезна Лаха-Неврерчу цхьана школехь доьшуш нохчийн меттан кIоргенаш евзаш, ерриге а бохург санна, нохчийн халкъан бартакхолларалла дагахь хууш похIме дешархо ву бохуш.
Цкъа хьалха Чентиева Маремана шена вовза лиъна и дешархо. ТIаккха баккъал а Джамалханов Зайндин хаарш кIорггера дуй хиъначул тIаьхьа, цо шен хьехархочунна профессорна Яковлев Николай Феофановична вовзийтина иза. Цу шинна баккъал а гергарло тасаделла.
Оцу гергарлонан беркат ду дуьххьарлера нохчийн меттан грамматикин Iаматан цхьа дакъа «Синтаксис», 1939-чу шарахь юкъадалар. Оццу шерашкахь Хумпаров Ахьмадца цхьаьна болх бина нохчийн меттан «Iилманан морфологи» а зорбане йоккху цо. Иза сема бIаьрг массо метте а кхочуш, кхуьуш хилла.
Иштта, Теркайистехь арадолуш хилла «Социализман некъ» цIе йолу кIоштан газет. Даима и газет лерина доьшуш хилла Зайндис. Ткъа цхьана дийнахь газетан агIонаш тIехь шена мел карийначу гIалатна тIе тидам озош кехат яздина цо редакторе. Газетан белхахоша дешна шайн гIалаташ довзуьйтуш яздина кехат.
Юьхьанца-м журналисташна кехатан автор цхьа воккха стаг ву моьттуш хилла. Цундела дуьхьал жоп яздина гIалаташна къера хуьлуш, авторе редакци вар доьхуш. Мел цецбевлла редакцин белхахой, «Со вара и кехат яздинарг», – аьлла, жима стаг шайна юьхьадуьхьал хIоьттича.
ХIетахь дуьйна уллера гергарло тасаделира Джамалханов Зайндин кIоштан газетан белхахошца. Школехь доьшуш волуш дуьйна байташ язъеш а вара иза. Цуьнан байтийн дуьххьарлера ладогIархо а, кхиэлахо, а юьртахо, нохчийн къоман гIараваьлла поэт Мамакаев Iаьрби вара. Iаьрбис цкъа а ца олура Зайндин дог духу долу хIума.
Дан дезачохь хьехар дой, нисъян езарг нисйой, байташ зорбане яха гIо-накъосталла дора. Цунах там хуьлий дог-ойла тIомайолура къоначу поэтан, кхидIа а байташ язъян сакIамдеш. Лаха-Неврера школа чекхъяьккхина ваьлча, 1939-чу шарахь, «Социализман некъ» газетан редакци балха вахара нохчийн меттан къона говзанча.
1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша къинхетамза вайнах махках баххалц оцу редакцехь болх бина З.Джамалхановс.
Юккъерчу Азехь
Дукхах болу теркахой санна ДжамалхановгIар а Казахстанерчу Караганда гIалин йистошца баха ховшийнера. Четскан кIоштарчу Джезда поселкехь хене бовла дийзира церан. Тайп-тайпана белхаш бина Зайндис Джездахь.
Юьххьанца Iаьржа белхаш бан дийзира. Амма, тIаьхьо вайн махкахочун хьекъал, хаарш, гIиллакх-оьздангалла девзинчу Джездан куьйгалхоша шайн поселкерчу школе хьехархо вахийтира Зайнди. Цунах чIогIа воккхавеш вара нохчийн меттан говзанча. Джездарчу школехь казахийн бераш хилла ца Iара. КIезиг дацара цигахь вайнехан бераш а.

Царна нохчийн мотт биц ца балийта, къоман культура царна йовзийта таро хиларо самукъадаьккхинера цуьнан. Ишта-м Зайнди цхьа болх бина Iаш вацара. Джездарчу культурин цIенна куьйгалла дар а, библиотекехь болх бар а шена тIелецира цо. И дерриге а нохчийн бераш юкъаозо, къоман культурина уьш хера ца бовлийта леладора З.Джамалхановс.
Цу тIехь цуьнан дика аьтто белира. Джездахь дешна цIабирзинчу кегийрхошна, баккъал а, кIорггера хаьара нохчийн мотт. Дерриге а шайн дахарехула ненан матте болу безам, хIайкал санна ларбеш, чекхбаьккхира цара.
1953-чу шарахь бекарг (март) беттан 5-чу дийнахь Сталин Иосиф кхалхар бахьанехь зама мелла а сапаргIат йогIу махках даьхначу адамашна. Кремлерчу хьаькамийн ойланаш а керча юьйлало. Доккха са доккху Юккъерчу Азехь болчу вайнаха. Цхьацца бакъонаш меттахIиттайо церан.
1955-чу шарахь вайнехан къоман интеллигенцин векалша гIайгIа бо нохчийн маттахь газет арадаккха.
«Къинхьегаман байракх» цIе туьллу цунна. Кхайкхамаш беш Юккъерчу Азин массо а маьIIера схьагулбо нохчийн журналисташ. Юьстах ца вуьту Джамалханов Зайнди а. Алма-Ата дIавуьгу иза «Къинхьегаман байракхан» редакцехь болх бан. Газетан редакце дукха адам догIура.
Нохчийн маттахь вистхила луург а, цакхетарг хатта лууш верг а, йоза-дешар хуучаьргара гIо-накъосталла оьшург а. Массо а кхузахь веза хьаша вой тIеоьцура, дог хьостий дIахьажавора.
Нохчийн а, гIалгIайн а дукха яздархой бара «Къинхьегаман байракхца» гергарло лелош. Церан говзарш кест-кеста газетан агIонашна тIеетташ яра а. Уьш ерриге а Джамалханов Зайндин куьйгехула чекхйовлуш яра. Нисъян езарг нисйой, тоян езарг тойой зорбане кечйора цо. Даима санна ша деш дерг цIеначу даггара, массарна а юьхькIам болччу агIор дора. Вистхилар а дара цуьнан кIеда-мерза, ладоьгIучун дагна там беш.
13 шарахь гIийла сатийсинчу махкахь
1957-чу шарахь дай баьхначу лаьтта тIе цIаберза маршо йолу вайнахана. Соьлжа-ГIала нохчийн хьалха цIабирзинчу нохчийн могIарехь вара Джамалханов Зайнди а. Мациев Ахьмадца цхьаьна болх беш цо зорбане кечйо «Нохчийн маттахь нийсаяздаран коьрта законаш» цIе йолу Iаламат мехала книга. Нохч-ГIалгIайн книжни издательствос арайоккху иза 1958-чу шарахь.
Къилбаседа Кавказехь вевзаш хиллачу фольклористаца Эльмурзаев Сераждица цхьаьна Джамалханов Зайндис 1959-чу шарахь арайоккху «Турпаллаллин иллеш а, дийцарш а» цIе йолу книга. Нохчийн халкъан бартакхолларалла кIорггера евзаш волчу шина доттагIчо оццу 1959-чу шарахь арайоккху «Нохчийн халкъан туьйранаш, кицанаш, хIетал-металш» цIе йолу книга.
Таханалерчу хьоле ладоьгIча ойла кхолла ло, «Ванах садоIуш хила а хиллий-те и нах?!», олий. Кхечу авторшца цхьаьна Джамалханов Зайндис нохчийн мотт талларехь, кхиорехь, шарбарехь болх бина.
Iилманчица Алироев ИбрахIимца цхьаьна зорбане яьккхина нохчийн маттахь нийсаяздаран дошам. Нохчийн мотт Iаморехь, литературоведенехь гIо-накъосталла хир долуш Iаматаш ю цуьнан. Нохчийн-гIалгIайн-оьрсийн меттанийн дошам арахецна Джамалханов Зайндис Мациев Ахьмадца цхьаьна 1962-чу шарахь. Иштта кхин а дуккха книгаш ю Джамалханов Зайндин беркате куьг хьакхаделла, цуьнан хьанал къинхьегам юкъахь болуш зорбане яьхна.
Тахана нохчийн мотт кхиорехь а, марзбарехь а мах боцу беркат хилла дIахIиттина уьш. Цул сов, кIезиг лар яц Джамалханов Зайндис нохчийн къоман поэзехь йитинарг а.
1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствос арахийцира «Органан тулгIенаш» цIе йолу нохчийн а, гIалгIайн а поэтийн оьрсийн матте яьхна байташ. Цу юкъахь яра Джамалханов Зайндин масех байт. Цуьнан шен байтийн «Сирла некъ» цIе йолу гулар дуьххьара 1959-чу шарахь араелира.
Цул тIаьхьа мел дукха яра уьш, 1964-чу шарахь араяьлла «Тешам», 1981-чу шарахь – «Ирсечу новкъа». Нохч-ГIалгIайн поэзин антологешна юкъахь ю Джамалханов Зайндин байташ. Уьш нохчийн, оьрсийн меттанашкахь ю.
Дикане, машаре, маслаIате, безаме кхойкхуш ю нохчийн меттан воккхачу говзанчин байташ. ЦIеначу ойланца, къоман амалехь, халкъан оьздангаллин гурашкахь язйина ю уьш. Цундела, заманан йохалла къегинчу басах, мерзачу чомах ца юхуш схьайогIуш ю уьш.
Иштта, Джамалханов Зайндин дешан говзалла серлайохуш лепа цо оьрсийн маттера нохчийн матте яьхна байташ а. Оьрсийн сийлахьчу поэтан М.Лермонтовн «Измаил-Бей» поэма нохчийн матте яьккхина цо. Нохчийн бакъволчу къонахчух, СССР-н Турпалхочух Нурадилов Ханпашах Б.Евгеньевс язйина «Пулеметчик» цIе йолу поэма нохчийн матте гочйина Джамалханов Зайндис.
Кхин а мел ду уьш цо дина диканаш. Йоккха, сирла ю цо нохчийн культурехь йитина лар. 92 шарахь ваьхна нохчийн къоман яхь, юьхь, лазам, дозалла ларалуш волу воккха Iилманча Джамалханов Зайнди.
2014-чу шеран хIутосург (май) беттан 19-гIа де дуьненан тIаьххьара, эхартан хьалхара де долуш, лахьтин кийра вирзира, нохчийн меттан хазалла, Iилманан серло яржош ваьхна говзанча. Кхин цхьана яхь йолчу кIантана иэшам хилира Нохчийчоьнна. Даге ла ца баллал боккха иэшам.
ГАЗИЕВА Аза
№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо