Демельханов Белал – дика вовшахтохархо а, говзанча а

Б.Демельханов дуьнен чу ваьлла 1956-чу шеран мангалан (июль) беттан 7-чу дийнахь Казахстанан ССР-н Актюбинскан областерчу Новороссийск юьртахь. Оццу шеран гуьйранна Нохчийчу цIа деара Белалан да-нана шайн доьзалца цхьаьна.

ЦIа баьхкинчул тIаьхьа Шуьйтан кIоштарчу Пхьамтахь баха хевшира. Б.Демельханов Пхьамтарчу бархIшеран школе деша вахара. Цул тIаьхьа Советски (хIинца Шуьйтан) юккъерчу школехь иза доьшуш волуш Пхьамтарчу школехь итт класс йиллира. Оцу школехь математика хьоьхуш волчу Белалан вешин доттагIчо Акаев ВахIида иза юхавалийра. Иштта нисделира Пхьамтарчу школехь итт класс чекхъяккхар.

Б.Демельханов Даймахкана хьалха долу декхар кхочушдеш СССР-н МВД-н чоьхьарчу гIуллакхийн эскарийн Горькованобластерчу цхьана декъехь нисвелира.

Шена тIедиллина муьлхха а гIуллакх жоьпаллица кхочушдарца а, массаьрца ийна хиларца а, вовшахтохараллин болх дика беш хиларца а, хьекъале хиларца а билгалваьлла вара вайн махкахо. Цундела иза парти тIеэца ойла хилла хиллера хьаькамийн. Амма Белал комсомолехь цахиларна чекх ца долуш дисира иза.

1974–1976-чуй шерашкахь Эскарехь гIуллакх дина а ваьлла, цIа веара. Цул тIаьхьа лаккхара дешар карадерзо Москва а вахана, М.В.Ломоносовн цIарахчу пачхьалкхан университетехь бархI баттахь студенташ кечбаран курсаш а яьхна, механико-математически факультете кехаташ чуделира.

Математикин тIеэцаран экзаменехь математикин Iилманийн кандидат (хIинца – Россин Пачхьалкхан Думин председателан хьалхара заместитель) Мельников Иван Иванович вара Белалаца «собеседовани» еш.

«Математикин тIеэцаран экзаменехь коьрта болх бинчул тIаьхьа, хьехархочун дуккха а хаттарш хуьлура, – дуьйцура Б.Демельхановс. – Цо, уьш барта схьа а ца олуш, дIаяздора. Цо яздина хилла хьалхара хаттар жоп доцуш дисира сан. Веа-пхеа абитуриентана роггIана тIе а воьдуш, болх беш волчу цо, суна тIекхаьчча шолгIа хаттар яздира. Цунна жоп яздира ас. Иштта, ворхI хаттар дира цо соьга».

Хьехархочо яздинчу тIаьххьарчу хаттарна жоп дIаяздинчул тIаьхьа хьалхарчу хаттарна а жоп хиира Белалана. Контрольни болх массарел хьалха бина велира иза. Хьехархочо, «Аналитикин ойлаяр чIогIа дика ду хьан» аьлла, «Отлично» дIахIоттийра цунна.

Оцу экзамене чувоьдучу хенахь, университетан уьйтIарчу М.В.Ломоносовна хIоттийначу хIолламна хьалха дIа а хIоьттина: «ТIаьххьара гуш хила мегаш бу-кх хьо суна», аьлла чувахана вара иза.

Араваьллачул тIаьхьа, юха а цунна тIе а вахана, «ХIан-хIа тIаьххьара гуш ца хилла хьо суна. Вай кхин дукхазза а гур ду» аьлла хилар а ду цунна дагахь лаьтташ.

Цо хаьржинчу факультетан 25 меттиг къовсуш хиллачу 96 абитуриентах тIеэцаран экзаменех чекхваьлларг берхIитта студент бен вацара. Царна юкъахь вара вайн махкахо а.

Б.Демельхановс дийцарехь, университетера дешар хала хилла. Книги тIера Iама а йина вахача уггаре а лахара оценка йоккхуш хилла, ойла яр муха ду хьожуш хьехархоша дукха контрхаттарш деш хиларна. Цундела библиотекашкахь дукха хан яккха езаш хилла. Кхаьънаш ийдар доцуш, дика говзанчаш кхиош меттиг хилла иза.

ХIора шеран аьхка Смоленске белхаш бан юьгучу студентийн гIишлошъяран цхьана отрядан декъашхо хилла иза. ШолгIачу шарахь дуьйна, дешаран тIаьххьара шо чекхдаллалц, гIишлошъяран отрядан командир а лаьттина.

Университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа (1982 шо), масийтта баттахь кехаташ а теллина, Москва гIалин радион зIенан Iилманан-талламан институтехь лахара Iилманан белхахо хIоттийра хIара. Космосца йоьзна хиларна къевлина заведени яра иза. Оцу балхара дIаваьлча пхийтта шо даллалц республикел аравала йиш а йоцуш…

Белалан да хIара доьшуш волуш кхелхира. Масех шо даьлча нана лазаро лаьцна аьлла хезча цIа веара иза. Больницехь, цунна юххехь дIаелира иза. Иштта да ваьхна ков-керт яссаелира. ХIетахь нийят дира цо кхин цкъа а да ваьхна хIусам еса ца латтийта.

1984-чу шарахь балхара дIа а ваьлла, Москвара выписка а йина, дерриге хIума охьа а тесна, доьзал балош цIа веара иза. Дика белхахо санна билгалваьлла волу балхара дIа ца волуьйтуш, хьаькамаша дуьхьало еш хиллехь а, шен сацам тIера ца ваьлла иза.

Дай баьхна латта сийлахь хетар гойтуш, цIа веанчул тIаьхьа кхаа-беа баттахь Шуьйтарчу №1 йолчу юккъерчу школехь алгебра и геометри а хьоьхуш болх бира Б.Демельхановс.

КIоштан агропромышленни цхьаьнакхетараллин председатела Хаджимурадов Вахас, кхайкхина дIа а вигна, кIоштан агропромышленни цхьаьнакхетараллехь коьрта говзанча хIоттийра. Шарахь сов болх бира цо.

1985-чу шеран аьхка Шуьйтан кIоштан партин комитетан хьалхарчу секретара Дзейтова Лидия Джабраиловнас Шуьйтарчу «ЗIенан узеле» хьаькам хIоттийра. Массо хенахь зIе стратегин объект лоруш хиларна бархI баттахь теллира цара цуьнан кехаташ.

1993-гIа шо тIекхаччалц шен куьйга кIелахь почтан, телеграфан, и.дI. кх. бIе сов белхахо а волуш, куьйгалхо лаьттира. Оццу шеран оханан (апрель) баттахь Baltic Communication генеральни директор Батанов Сергей вовзар бахьана долуш, Соьлжа-ГIалахь «Кавказ связь» ООО сотови зIенан бизнес-туш (переговораш еш йолу меттиг) схьаелларна тIехь къахьийгира. Амма вайн республикехь тIом балар бахьана долуш, юкъах дисира и гIуллакх.

1995-чу шарахь Черкесске дIа а вахана, деа шарахь Бахаман дакъошна юкъара Iилманан-техникин а, дешаран-производственни а «Iилма» фирма а йолуш къахьийгира.

2001-чу шеран бекарг (март) баттахь Связь-инвестана юкъайогIучу ЮТК-н (Южная телекомуникационная компания) коммерчески директоран балха хIоттийра.

2010-чу шарахь Ставрополехь йолчу филиалах дIатуьйхира иза. Иза дукха гена хеташ, Ставрополе дехьавала аьлла дехар дича, реза а ца хуьлуш, цIавеара.

2012-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь Вайнах Телекоме балха кхайкхина, шина шарахь гергга ВТК-н коммерчески директоран болх бина.

2014-чу шеран аьхка Москварчу лаккхарчу технологийн системийн интегратор йолчу «Энтайпо» Соьлжа-ГIалахь шен филиал схьайиллира. Цуьнан директор хIоттийра Б.Демельханов.

Коммуникационни зIенан декъехь меттигерчу зIенийн операторийн болх кхиарна гIо-накъосталла хир долуш яра иза. Вайн пачхьалкхехь хIоьттина кризис бахьана долуш, Москварчу коьртачу офисо регионашкахь йолу шайн филиалаш дIакъовлуш цу юкъа яхара Соьлжа-ГIалахь хилларг а.

Б.Демельхановн дIадолорца, МГУ-хь дешначу вайн махкахойн цхьаьнакхетарш дIадахьаран гIуллакх ламаст хилла дIахIоьттина. Царах цхьаъ хилира 2016-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Москва гIалахь, нохчийн шовзткъа гергга выпускник цхьаьна а кхетта.

Студентийн хенахь шаьш гездинчу некъашкахула буьйлалучу хенахь церан дуккха а дара дагалаца. Тайп-тайпанчу шерашкахь оцу ВУЗ-хь дешначаьрца доттагIаллин уьйраш лело лаарна дIадолийна гIуллакх ду иза.

Цу тайппана дIахьош долу цхьаьнакхетарш цхьа дика тIаьхье йоцуш ца дуьсу. Масала, иштта дIахьош долчу цхьана цхьаьнакхетарехь барт хилира церан «Кавказ» цIе а йолуш МГУ-хь дешначеран Ассоциаци кхолла – цхьаьнакхетарш дIадахьарна а, тIекхуьуш болу къона студенташ а, тIаьхьарчу шерашкахь МГУ-хь дешнарш а юкъараллин дахарна юкъаозорна аьтто бийр болуш.

Оцу цхьаьнакхетарийн дика тIаьхье хиларан тоьшалла ду Б.Демельхановс хаамийн технологийн «АйТиСи» ООО схьаеллар. Цуьнан генеральни директор ву Белал. Иза схьайоьллуш хуьлуш йолу ерриге а харжаш шена тIе а лаьцна, къахьоьгуш ву Б.Демельханов. ЗIенан гIирсаш беш, уьш оьшучу дIакхачош, царна монтаж еш, болх барна кечйо цара.

Шена цу тIехь гIо-накъосталла динчу МГУ-хь дешначу Гишларкаев Вахин а, кехаташца долу гIуллакх чекхдоккхуш гIо динчу Ибрагимова Зараан а цIерш яха лиира цунна. Вайн республикерчу лакхарчу классашкара дешархой ОГЭ-на а, ЕГЭ-на а, вузашка деша баха а кечбийр бу цигахь.

80-чу шерашкахь вайн республикера Москвара пачхьалкхан университет чекхъяьхнарш вайн кегийрхой кхетош-кхиоран декъана юкъаозо ойла ю цуьнан.

И гIуллакх шайна ма-хетта дика дIадодахь, дика дешарца къаьстина болу кегийрхой МГУ экскурсе буьгур бу.

Университетехь хуьлучу «Йиллинчу неIарийн де» гIуллакхехь дакъалоцур ду цара. Цигахь университетан ректора доцца дуьйцу МГУ-н историх лаьцна, бовзуьйту факультетийн деканаш. Кегийрхойн кхолладеллачу хаттаршна жоьпаш ло, концерт вовшахтуху. Лаккхара дешар карадерзо лаам болчу вайн кегийчу нахана а, мехкаршна а доккха накъосталла хир ду цунах.

МГУ-хь дешначарех цхьаъ йолчу Хажгериева Луизас иштта элира: «Москварчу пачхьалкхан университетехь дешнарш цхьаьнакхеттачу гуламехь вевзина суна Демельханов Белал. Тхо доьшуш хиллачу университетехь а дара «Землячество» олуш цхьаьнакхетарш. Амма тхойшиъ цхьана хенахь доьшуш цахиларна цигахь вовзар ца хилла сан иза. Масех шо хьалха МГУ-хь дешначеран Ассоциаци схьаелларехь а, иштта, тхо, цигахь дешнарш цхьаьнатохарехь а дукха къахьоьгуш ву Белал.

Оцу декъехь шегара вовшахтохархочун лаккхара говзалла а гайтина цо. Уггаре а хьалха билгалъяккха лаьа суна Белалан шен махкахошца уьйраш езаран а, уьш чIагIъяран а шатайпа, башха амал. И уьйраш вайнахана пайдехь хила лаьа цунна. Цу тIехь цо, къар ца луш, къа а хьоьгу. Собаре хиларца иза шен Iалашоне а кхочу».

«Айхьа долийна гIуллакх чекх ца доккхуш, цкъа а юха ма вала!», бохучу кхайкхамца схьавогIучу Белалан амалца догIуш ду лакхахь вай далийна Луизин дешнаш.

Ала деза, Б.Демельхановна эскарехь гIуллакх деш волчу хенахь «За отличие в службе» хьалхарчу а, шолгIачу а даржан орденашца а, 2006-чу шарахь «ЮТК» ОАО-н генеральни директоран омрица «Россин къилбан хьакъволу зIенча» цIе яларца, совгIаташ дина хилар.

Таханлерчу дийнахь шен доьзалца цхьаьна Пхьамтахь Iаш ву Белал. Кхо бер Москвахь Iаш ду, дикачу белхашкахь а долуш. Нохчийчохь долу диъ шайн доьзалш болуш дехаш ду. Уьш берриге а лаккхара дешар дешна бу. Белалан кхобуш даьхни а, дуьйш-дерзош лаьттан дакъа а ду. Хьаналчу къинхьегамца даьккхинчух хене бовлуш, бертахь бехаш бу ДемельхановгIеран Белалан а, Таисин а доьзал.

Л.ИБРАГИМОВА

Авторан суьрташ тIехь: Б.Демельханов а, МГУ-хь дешнарш а пачхьалкхан коьртачу вузехь

№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 25-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: